Цхьа-ши дош…

Джакартехь (Индонези) тIекIал масех теракт йина. Цигахь лаххара а 17 стаг кхелхина, чевнаш хилларш кхин а дукха бу. И зуламаш динчу террористех виъ хIаллаквина.

***

«Иблисан пачхьалкхан» гIеранашна юкъарчу террориста машен эккхийтина Хонкарахь. Оцу бохамехь ялх стаг кхелхина, шовзткъа стагана чевнаш йина.

***

Чинерчу пиротехника ечу фабрикехь, кхерамазаллин бакъенаш ца ларъяр бахьана долуш, эккхар хилла. Цигахь итт стаг кхелхина, лазийнарш а, багийнарш а бу.

***

США-с Россица цхьаьна дIахьош ду Шемахь болчу террористийн цIерш дIаязъяр, уьш муьлхачу пачхьалкхашкара бу къастор.

***

Иранна дуьхьал йина санкцеш 28-чу январехь дIайохург хиларан хьокъехь хаам бина Евросоюзан куьйгалло.

***

Мисаран Iедал 32 миллион долларан барамехь харжаш ян лерина ду мехкан курорташкахь кхерамазалла хилийтарна.

***

Iаьрбийн а, Африкин а мехкашкара Европе схьаоьхуш болчу мигранташца доьзна гIуллакхаш цхьалхадаха гIерташ Евросоюзо лелош долчун жамIаш синтем беш дац.

***

Африкерчу пачхьалкхашна Эбола цамгарна дуьхьал долчу молханашца-вакциница кхачоян кийча ю Росси. ХIора баттахь лаххара а 10 эзар вакцина арахеца таро ю фармацевтийн.

***

Львовски областера (Украина) шахтераш хIокху деношкахь забастовка еш бара. Цара Iедале доьху масийтта баттахь далаза долу белхан алапа схьадалар.

***

Россин Федерацин Президентан В.Путинан телефонехула къамел хилира Иорданин паччахьца. Цара дийцаре дира Шемахь долу хьал.

***

Узбекистанан куьйгалло схьахаийтина шайн ахархой Россина керлачу хасстоьмашца кхачоян кийча хилар.

***

Мах лахбеллехь а, Россера мехкадаьттанхой мехкадаьтта даккхар а, дозанал арахьа дIадохкар а хIокху шарахь лахдан дагахь бац. Иза дохкар мелла а алсамдала тарлуш ду.

***

«Автовазан» машенаш йохкар 2015-чу шарахь 30 процентана лахделла.

***

«Газпромо» дозанал арахьа газ йохкар дIадаханчу шарахьчул дикка алсамдоккхур ду. Иштта дIахьедар дина цхьаьнакхетараллин куьйгалло.

 

№4, шот, кхолламан (январь) беттан 16-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: