Мискачу доьзална гIо дина

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца халачу хьелашкахь Iаш болчу Грозненски районан Нагорни юьртарчу ДужуевгIеран доьзална гIо дина.Pomosh_starim

   Шайн доьзалехь нисделла долу хала хьал социальни сеташкахь республикин Куьйгалхочуьнга яздинчу кехатехь довзийтира ДужуевгIара. Ден-ненан а, доьзалерчу цхьана кIентан а могашалла ледара хиларх лаьцна дийцира цара.

Нохчийн Республикин Парламентан депутат Ахмадов Хьасан коьртехь  а волуш, комисси яхийтира республикин Куьйгалхочо шега яздинчу кехата тIехь дуьйцург талла. Оцу доьзалехь диъ бер ду, кхоъ жима а долуш. Да а, нана а, жимах волу кIант а чIогIа хала цамгарш йолуш, сихонца дарба дан дезаш карийна. Иштта, доьзал чохь Iаш болу хIусам  вуно ледара хьелаш долуш  хилар а гучуделира.

ДужуевгIара дийцира гергарчу наха, шайн ницкъ кхочучу барамехь, гIо до шайна, аьлла. Делахь а, иза ца тоьа. Берриге а доьзална тIехь Iуналла дар воккхах волчу кIантана Лоьмина тIедоьжна, ткъа цуьнан 19 шо бен дац.

Кадыров Рамзанан тIедилларца, оцу доьзалан нана, ПетIамат, Соьлжа-ГIалин № 9 йолчу больнице охьайижийна. ХIусамдена Муслимна республикин онкодиспансерехь дарба дан долийна. Иштта, ДужуевгIарна совгIатна машен а елла, герггарчу хенахь тодийр ду церан хIусамера хьелаш а.

Кханалерчу Къематдийнахь адамашна уггаре а чIогIа карор долчу гIуллакхех ду дуьнен чохь  даьккхина сагIа. Баккъал а Делера йоккха ял йолуш гIуллакх ду иза. Мискачу доьзална гIо дар къаьсттина деза  ду.

 А.ВАХАЕВА

№4, шот, кхолламан (январь) беттан 16-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: