«Баьццара деши»

    «Баьццара деши» автономни коммерчески йоцчу организацис дIакхайкхийна гуонахарчу Iаламан (экологин) хьокъехь тоьлла статья язъяран конкурс. Цуьнан тема ю: «Нохчийн юкъараллин экологин культура а, иза кхиоран принципаш а». Конкурсан Iалашо ю Нохчийн Республикин бахархошна юкъахь экологин культура кхиор даржор а, гуонахара Iалам Iалашдарехь а, экологин кхерамазалла хилийтарехь а хаамийн-экологин керла хьаьрма кхоллар а.

    Конкурсехь дакъалаца аьтто бу ткъа шарал тIехваьллачу муьлххачу а стеган. Дакъалоцучеран материалаш зорбатухур ю организацин сайтан официальни агIонаш тIехь. Ткъа толамхойн материалаш юкъайохуьйтур ю «Эко-культурин юкъаралла» гуларна. Конкурсе хьовсош йолчу материалашка болу коьрта а  лехам: мехалла, маьIна, говзалла, яздаран башха хатI. ДIаоьцу хьалха цхьанхьа а зорбатоьхна хилла йоцу материалаш. Конкурсе йоуьйтучу материалехь дийца тарло экологин культурех, Нохчийчоьнан бахархойн экологин кхерамазаллех хьакхалуш долчу муьлххачу а гIуллакхах лаьцна.

«Экологин культура кхиоран а, Iаламан тIаьхьалонех эвсараллица пайдаэцаран а гIуллакхана адамаш алссам юкъа мел озий а дика хир ду. Ткъа эвсаралла лакхара хилийта юкъараллина хеташ дерг, лууш дерг хаа деза. Мехала ду адамийн гуонахарчу Iаламца йолу юкъаметтиг йовзар, гуонахара Iалам лардарехь адамашка хIун далур ду хаар. ХIора конкурсантан аьтто бу экологин хьал тодаран декъехь дича дика хир ду аьлла долу шена хетарг довзийта», – боху конкурс вовшахтоьхна йолчу «Баьццара деши» автономни коммерчески йоцчу организацин куьйгалхочо Мацаева Маринас.

Билгалдаккха деза хIара конкурс Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаменто, жимачу бизнесан Ассоциацис, юкъараллин кхечу организацеша хаамашца гIолацарца дIахьош хилар.

Конкурсе белхаш дIабахьийта беза электронни почтин хIокху адресца: zzlakt @ bk.ru. Конкурсан жамIаш дийр ду кху шеран апрелехь. Толамхошна ахчанца совгIаташ дийр ду.

Конкурсан хьокъехь буьззина хаамаш беша аьтто бу хIокху сайта тIехь: http: //anozelenoezoloto.blogspot.ru

№4, шот, кхолламан (январь) беттан 16-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: