Арахецна хьалхара «Лада Гранта» машен

Аргунерчу «Чеченавто» предприятехь дIадолийна «Лада Гранта» машенаш арахецар. ХIокху деношкахь кхузахь и марка йолу автомобилаш промышленни арахецар гайтира. Цунах лаьцна хаам бира Нохчийн Республикин промышленностан, энергетикин министра Таймасханов ГIаласа.

«Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, вайн стратегически партнер йолчу «АВТОВАЗ» ОАО-с а боккха тидам бар а, гIолацар а бахьана долуш, «Чеченавто» ОАО кхиаран керлачу тIегIане яьлла, цо кхачойо предприятина пайда тIебар кхиарна.

«Тахана «Чеченавто» ОАО-хь дIадаьхьна «Лада Гранта» машен промышленни арахецар гайтар. Нохчийн Республикехь арахоьцучу машенийн модель карлаяккхар регионан промышленни дакъа кхиорна юкъайиллина йоккха хазна ю», – элира министра.

Хьалхарчу муьрехь машенийн «Лада Гранта» модель дийнахь-бусий юккъерчу хьесапехь арахецаран барам 30 гергга машен хир бу. КхидIа билгалдеш ду оцу моделан машенаш арахецаран барам сменехь 50-на тIекхаччалц алсамбаккхар. Арахоьцуш йолчу продукцига долу хьашт алсамдаларе хьаьжжина, оьшуш хилахь, билгалдеш ду шина сменехь болх бар юкъадалоран хьокъехь долчу гIуллакхе хьовсар.

Керла машенаш арахецар дIадолорна 2015-чу шеран йоьалгIачу чийрикехь предприятин 90 сов белхахо «АВТОВАЗ» ОАО-хь йолчу кадрийн корматалла лакхаяккхаран курсашкахь дешарх чекхвелира.

Министра билгалдаьккхина ма-хиллара, кхидIа предприяти кхиаро таро хуьлуьйтур ю Нохчийн Республикехь йоккха регионан автомабилийн комплекс йилла.

С.ЛАЛАЕВ

 

№4, шот, кхолламан (январь) беттан 16-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: