Билгалдехира карарчу шеран декхарш

Кху шеран шен дуьххьарлера кхеташо дIаяьхьира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин структурийн дакъойн куьйгалхошца. ДIадаьллачу шарахь бина беркате болх билгал а баьккхина, Кадыров Рамзана леррина тидам тIебахийтарца дийцира регионан Iедална 2016-чу шарахь хьалхалаьттачу даккхийчу а, жоьпаллечу а декхарех лаьцна. Цо дийцарехь, бан безарг вуно боккха болх бу. Иза тIехьажийна хир бу Нохчийчоьнан социально-экономикин хьал тодарна, бахархойн Iер-дахар токхе дарна. Цундела регионан Куьйгалхочо Администрацин белхахошка дийхира бахархошца беш болу болх алсамбаккхар, къаьсттина церан дехаршна, аьрзнашна, лаамашна тидам тIебахийтар.

«Делахь а шун тидам тIебахийта лаьа суна цхьаболчу наха шайн аьрзнашкахь, леткъамашкахь бакъдоцург, харцдерг дуьйцуш меттигаш хуьлуш хиларна. Царна юкъахь нисло синкхетам лартIехь боцу нах а. Делахь-хIета хIора а дехаран, орзан леррина таллам бан беза, харцо чекхъялийта ца еза. Тидамза вита мегар дац баккъал а гIо-накъосталла оьшуш верг», – бохура Кадыров Рамзана.

Цо иштта Администрацин белхахошна тIедиллира шайн корматалла кхиор, шайн белхан декхарш хьанала кхочушдар, кест-кеста республикерчу бахархошца къамелаш дар. «Даккхий декхарш а, доккха жоьпалла а ду ас шуна тIедуьллуш. Уьш дуьззина кхочушдархьама Iаьвшшина, ша-шен ца кхоош, доггаха къахьега дезар ду. ТIаккхий бен кхачалур дац вай билгалйинчу Iалашоне», – дерзийра шен къамел Р.Кадыровс.

Кхеташо ерзош, Нохчийчоьнан Куьйгалхочо йинчу денца декъалйира республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун заместитель Дулаева Хадижат, цунна зезагийн курс а елира.

 

С.ХАМЗАТОВ

 №4, шот, кхолламан (январь) беттан 16-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: