Кадыров Рамзан – Шелковски районехь

Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан кху деношкахь Шелковски районерчу Кхара-Кхаьлларчу Культурин цIийнехь цхьаьнакхийтира школийн директоршца. Цигахь дакъалоцуш бара: Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Кадыров Ислам, Нохчийн Республикин Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министр Байханов ИсмаьIил, кхиберш. Цигахь дийцаре дира вайн республикерчу школашкахь пачхьалкхан юкъарчу экзаменна (ЕГЭ) кечамаш баран гIуллакх.IMG_4069 (55)

    Кадыров Рамзана билгалдаьккхира вайн регионехь ЕГЭ къеггинчу тидамца дIахьош хилар а, дешархойн хаарш дика хилийта кхидIа а иштта хила дезар а.

– Цара дешар Iаморе хьаьжжина бен оценка хIоттон ца еза дешархошна. Церан дай-наношна а, иштта оцу дешархошна шайна а хаа деза пачхьалкхан юкъара экзамен дIаяларан догIа – хаарш бен цахилар. Экзамен дIаяла ца хууш, хаарш ледара дерш чекхбуьйлуьйтуш, харцо лелош хилахь – иза а гучудер ду, цхьа а харцо а лелайойтур яц, – бохура цо – ерриге а школийн хьехархоша, экзаменаш шайгга дIаялалур йолчу хьолехь Iамо беза дешархой. Цу тIехь жоьпалле бу директорш а. Дешар лаккхарчу тIегIанехь хилийтарехьа вай дуккха а къахьегна школашкахь оьшуш долу хьелаш кхуллуш. Делахь а, хьелаш дика а долуш, дешарна тIехь ледарлонаш йолуш ю цхьайолу школаш. Иза школин директор шен балхаца бала болуш цахиларан билгало ю.

Цул тIаьхьа Кадыров Рамзанан цхьаьнакхетар а, район кхиорехь дан дезачу гIуллакхийн хьокъехь мехала къамел а хилира меттигерчу администрацин векалшца, тайп-тайпанчу предприятийн, организацийн белхахошца.

И цхьаьнакхетар чекхдаьлча, регионан Куьйгалхо а, цуьнца цхьаьна хилла накъостий а ахархойн-фермерийн «Жайна» бахамехь хилира. Цигахь кхиош ялх эзар уьстагI, ах эзар гергга бежана, бIе гергга говр ткъа иштта эзарнаш зIакардаьхни ду.

И.МАТАГОВ

 

№4, шот, кхолламан (январь) беттан 16-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: