Вайн дикалла оьшу царна

Аргун гIалахь кхиамца болх беш ю берийн-заьIапхойн могашалла меттахIотторан республикин туш

     Могашалла цахилар йоккха гIелалла ю. Иштта гIийлачу берийн дог хьастар ерриге а  юкъараллин а декхар ду. Шайна доьхна хетачу дуьнене шовкъ айъа вайн дикалла оьшу царна. Цхьана-шина стеган дикалла а йоцуш, юкъараллин, ерриге а пачхьалкхан дикалла. Вуьшта аьлча, могашалла дика йоцу бераш а, церан дай-наной а тешна хила беза шайн гIайгIа-балица шаьш Iедало а цхьалха дуьтург цахиларх.P1190722

      И иштта хилар чIагIдар шайн декхар долчу пачхьалкхан учрежденех цхьаъ ю берашна-заьIапхошна лерина Аргунера реабилитационни туш. Иза схьайиллина 2003-чу шеран 5-чу мартехь. Таханлера сурт дацара хIетахь: дIа ког баькх-баьккхинчохь гуш яра йохийначу гIишлойн саьлнаш, нехийн оьланаш. Оцу юккъехула, хаза тойина, хIара туш схьаелларх боккха кхаъ хилира хIетахь Аргун гIалин а, республикин а бахархошна. Тахана а бIаьрг белош ду цуьнан арахула а, чухула а гар: алссам соьналла а, садаIа, ловза меттигаш а йолуш, йоккха ков-керт, деши санна, цIена палаташ, массо а чохь палсаш, аьхна йийбар, оьшучу гIирсашца кечйина тренажерийн зал, компьютерийн класс, физиотерапин, логопедин, музыкин чоьнаш,   йоккха ловзаран чоь, хIума юу чоь…

Цхьанаметта 90 беран могашалла тоян таро ю  кхузахь. Цхьа курс 40 денна лерина ю. 2015-чу шарахь кхузахь шайн могашалла тойина 1083 стага бераша а, кхиазхоша). Царах 459 заьIап бер ду, 597 бер хала бохкучу доьзалшкара ду, 27 буобер ду. Шаьш берашца бечу балхах лаьцна дуьйцу туьшан директора Удаев Ризвана.

– Лазийна я цхьа цамгар текхна, сакхт дисина бер, ша эшна хеташ, тийна-таьIна, делхан бен дог ца догIуш хуьлу. Царах доглозуш, гIийла хуьлу церан дай-наной а. Иштта, бераш ма-хуьллу сиха шайгарчу хьолах долийтар, жигарчу дахарна юкъаозор, вуьшта аьлча, церан дахаре шовкъ айар ю-кх тхан коьрта Iалашо. Аьр вай, ког я куьг доцуш дисина бер. Дерриге  дуьне а орцахдаларх а, йоцу меже меттахIотталур яц, амма оцу шега хIоьттинчу хьолаца, ша цхьаннел оьшуш а ца хеташ, даха Iамалур ду. Цхьа шогачу масалца аьлча, иштта кхето мегар ду аьлла хета суна  реабилитаци  боху дош.P1200099

Айса лакхахь билгалъяьккхинчу Iалашоне кхачархьама хIун белхаш бо оха? Хьалхарчу меттехь ду могашалла меттахIотторна тIехь болх бар. Оцу Iалашонца пайдаоьцу физиотерапих, дарбанан физкультурех, массажаш ярх. Цунна оьшу хьелаш тхан долуш ду. Мел самукъадолу берийн тайп-тайпанчу тренажераш тIехь ловзуш. Коьртаниг и болх, юкъ-кара  доцуш, цхьана къепехь, шен хен-хенахь дIахьош хилар ду. Юкъарчу могашаллинтIехь терго а латтайо, оьшуш меттиг хилча, кхечу лоьрашка орца ала йиш ю.

МаьIне хета тхуна, берашна дийша-гIовтта а, садаIа а, самукъадаккха а хьелаш хилар. Цаьргара синIаткъаме хьал лахдарна тIехь болх беш синIаткъаман говзанчаш бу (психологаш). Мел лаарх, цIахь юучун раж ларъяр а ма ца хуьлу. Кхузахь шен рогIехь пхоьазза юург ло. Могашаллина дика тIеIаткъам беш гIуллакх ду иза а.

Бераш, шайн хенашка хьаьжжина тобанашка доькъуш ду, хIора тобанна тIечIагIйина кхетош-кхиорхо а йолуш. Дийнахь-буса шайн тобанашкарчу берашна тIехь Iуналла дар, церан хьашташка хьажар, цаьрца леррина хIиттийначу планашца кхетош-кхиоран болх вовшахтохар – иштта ду кхетош-кхиоран белхан декхарш. Царна тIедиллина ду и берриге болх ненан маттахь а, нохчийн гIиллакх-оьздангаллин бух тIехь а дIабахьар. Оха билгал ца доккхуш ца дуьсу цхьа а дезде: Керла шо, Зударийн де, ЗаьIапхойн де, Нохчийн меттан де, Хаарийн де… Ламасте дирзина дикаешархойн, суьрташдахкархойн, спортан къийсадаларш дIадахьар.

Мехала хета туьше далийначу берийн дешар юкъах цадисар а. Дешаран программашца нийса а догIуш, Iаморан процесс вовшахтуху тхан хьехархоша. Iамор говзанчаш боцчарех тешош а дац.

Иштта, шаьш санначу берашца цхьаьна дешаро а, ловзаро а, тайп-тайпанчу гIуллакхашкахь дакъалацаро а, молха-дарба лелоро а берашна – заьIапхошна мелла а гIо до жигарчу дахаре юхаберза. И гIо, ницкъ ма-кхоччу, эвсаралле хилийтарна тIехь оха къа а хьоьгу.

Шайн белхан жамIех дуьйцуш, Р.Удаевс билгалдаьккхира коьрта тидам белхахойн говзалла лакхаяккхарна тIехьажийна хилар. ТIаьхьарчу шерашкахь Владикавказерчу лоьрийн академехь, Соьлжа-Г1аларчу лоьрийн колледжехь, Пятигорскерчу, Кисловодскерчу реабилитационни туьшашкахь, Махачкаларчу хьехархойн университетехь шайн говзалла лакхаяьккхира массажисташа, лагопедаша, лор-йижарша, дарбанан физкультурин методисташа, кхечу говзанчаша. И болх саццаза дIахьош а бу.

Цкъа далийна бераш юх-юха далош меттигаш дукха нисло кхузахь. Цо а гойту хIокху берийн учрежденин болх берашна а, церан дай-наношна а тайна хилар. Иза иштта хиларна тоьшалла дора «Предложенийн а, лаамийн а книги» тIехь долчу иттаннаш баркаллин йозанаша.

Массанхьа санна, ледарлонаш, кхачамбацарш а ду туьшан балхахь а. Царах а дуьйцура цуьнан куьйгалхоша а, белхахоша а. Цкъа тахана тхуна коьрта хеттарг хIара туш хилар дара. Берашна, къасттина берашна-заьIапхошна, лерина вай деш долу гIуллакхаш, и вайн декхар делахь а, дика а, меле а гIуллакхаш ду. Оцу кхетамца болх бан йолчу ойланца дIадолийна кхузахь Керла шо.

 

Хь.ЭНГИНОЕВ

 

№5, шинара, кхолламан (январь) беттан 19-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: