Россин берийн хоро

дакъалецира Пачхьалкхан Кремлан цIийнехь дIаяьхьначу концертехь

Россин федерацин ерриге а субъекташкара вовшахтоьхна, уггаре а похIме эзар бер ду Россин берийн хорана юкъахь.  Иза вовшахтоьхна Ерригроссин хоран юкъаралло Россин Федерацин Правительствон, Россин Федерацин культурин министерствон гIоьнца.IMG_20151225_160659

      Хор вовшахкхета пачхьалкхан а, дуьненан а тIегIанехь вайн махкахь дIахьочу г1уллакхашкахь. Гиннесан  рекордийн книги юкъаяха хьакъйолчу Россин берийн хорана юкъахь эшарш локхуш вайн  пачхьалкхехь дехачу кхузткъа къомах бер ду.

Хоро рогIера цхьаьнакхетар дIадаьхьира Пачхьалкхан Кремлан цIийнехь оьрсийн вевзаш волчу композиторан С.С.Прокофьевн 125 шо кхачарна леринчу мероприятийн юьхь йолош (тIейогIучу хенахь уьш кхин а хир ю) «Славься, наш могучий край!» концертехь.

Мариински театран Гергиев Валерийс куьйгалла дечу симфонически оркестраца шина дийнахь репетицеш дIаяьхьначул тIаьхьа эзар бер цхьаьна Кремлан йоккхачу сцени тIеделира. Россин Федерацин Президента В.Путина сцени тIехь динчу къамелехь билгалдаьккхира кегийрхой кхетош-кхиорехь Хоро доккха дакъалоцуш хилар. ТIейогIучу хенахь берийн кхоллараллин кхиамаш хила лаар а, иштта вайн махкахь кхидIа а хуьлучу пачхьалкхан, культурин  мероприятешкахь Хоро дакъалоцург хилар а билгалдаьккхира цо. Нохчийн Республикера цигахь дакъалоцуш итт бер дара. Церан цIерш яха луур дара: Умаров Илес, Умарова Амина, Байсултанова Ламара, Дидиева Карина, Мусаева Бано, Макалова Селима, Джамбулатова Седа, Толтаева Раяна, Сулейманова ПетIамат, Хачукаева Раяна. Москва дахале хьалха хормейстерца М.В.Сергееваца цхьаьна шина баттахь цIахь репетицеш дIаяьхьнера цара.IMG_20151225_200139

Шайн-шайн къоман духар дуьйхина, эзар берах лаьттачу  хоро карахь кегий байракхаш дIаса а лестош, «Широка страна моя родная» йиш локхучу хенахь, ерриге а зал тIаьхьара лакха йолаелира, дехха тIараш а детташ.

Цигахь даьккхинчу масех дийнахь вайн берашна дуккха а музыканташ а, дирижераш а бевзира. Иштта хазахеттера берашна композиторца Пахмутова Александрица цхьаьнакхетча.

Оцу тайпана мероприятешкахь дакъалацар вайн берашна чIогIа пайдехь а, оьшуш а гIуллакх ду. Музыкальни искусствехь кхидIа а къахьега а, кхиамаш баха а, дуккха а къаьмнийн а, бертахьчу а, йоккхачу а пачхьалкхан декъашхой шаьш хиларх а дозалла а до цара.

 

Л.ДАУТОВА

Авторан суьрташ

 №5, шинара, кхолламан (январь) беттан 19-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: