«Грозный» клубан толам

«Олимпийск» спорткомплексехь божарийн командийн Лаккхарчу «А» лигин 2015–2016-чу шерийн Россин волейболах ловзаран чемпионатан цхьаьнакхетар хилира Соьлжа-ГIаларчу «Грозный» а, Казанерчу (ГIезалойчоьнан пачхье) «Академия Казань» а командашна юкъахь.волейбол

   Хьешаша хьалхарчу сетехь жамI 20:25 долуш эшийра хIусамдай. Амма цул тIаьхьа хиллачу  кхаа а сетехь жамI 25:16, 25:17, 25:19 долуш «Грозный» клубо таламаш бехира. Хьовсархошна, церан жигаралле хьаьжча, ловзар тайначух тера дара.

Оцу ловзарехь толам баккхар бахьана долуш «Грозный» клубо рогIера а кхо очко яьккхира. Цул хьалха 29 очко а йолуш турниран таблицехь 5-гIа меттиг дIалоцуш яра вайн клуб.

И.ХАСАХАНОВ

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: