ДIадаханчу шерашкахь дешна бевллачара ЕГЭ билгалйинчу хенал хьалха дIалур ю 2016-чу шарахь. Экзамен дIаялар бIаьста, 21-чу мартера 23-гIа апрель кхаччалц хир ду.
Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос ерриге а районийн, гIаланийн дешаран урхаллийн куьйгалхошка хаам бина ЕГЭ дIаяларан хьокъехь долчух. Иштта, оцу дешаран урхаллийн куьйгалхошна т1едиллина ерриге а школашкахь хаамийн-кхеторан болх дIабахьар а, и гIуллакх тидамехь латтор а.
Министерствон юкъарчу дешаран отделан хьаькама Хататаева Марета дийцарехь, ЕГЭ дIаяларехь кхушарахь керла юкъабалийна хийцамаш хир бац. «Дешна бевллачара ЕГЭ дIаяларан хьесапаш, къепе йовзийтина, уьш дог-ойланца экзамен дIаяла кийча хилар а, цунна кечам бина хилар а ду коьртаниг», – элира М.Хататаевас.
Цундела, ЕГЭ дIаяла лаам болчара 1- ра февраль тIекхачале районийн а, гIаланийн дешаран урхаллашка (шаьш бехачу меттиге хьаьжжина) хьалххе дехар дан деза.
«ЕГЭ-2016» проектан низам Рособрнадзоран сайта тIехь зорба тоьхна ду.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№5, шинара, кхолламан (январь) беттан 19-гIа де, 2016 шо