Еарин дийнахь, 6-чу февралехь, Соьлжа-ГIала еара Хонкарарчу Iедалан, бизнесан векалийн делегаци. «Грозный» аэропорте хьешашна дуьхьал веара Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран хьалхара заместитель Абдулмуслимов Сайд-Селим, республикин промышленностан а, энергетикан а министран заместитель Бисаев Iийса, цхьамогIа кхин официальни нах.
Хонкарарчу делегацин декъашхошка салам-маршалла хаьттинчул тIаьхьа, уьш берриге а цхьаьна вайн коьртачу шахьаре схьабаьхкира. Кхузахь хиллачу къамелехь туркоша дийцира шайн Iалашонех лаьцна. Цара чIагIдарехь, уьш лууш бу Нохчийчоьнан эономика кхиоран гIуллакхехь дакъалаца, шайн инвестицеш вайн республикина юкъаяхка.
Селхана, (7-чу февралехь) делегаци а, Нохчийчоьнан цхьамогIа министерствийн векалш а Соьлжа-ГIаларчу цхьайолчу промышленни предприятешкахь хилира. Хьаьвсира цигахь арахоьцучу продукцига а, къинхьегаман хьелашка а. Хонкара хьешашна дика хийтира «Электроприбор» заводехь къинхьегаман процесс дIахIотторан гIуллакх.
Цунах а, хьешийн хиллачу кхечу цхьаьнакхетарех а, церан Нохчийчоьнах кхоллаеллачу ойланех а лаьцна оха дуьйцур ду рогIерчу номерехь.
С.ЦАДАЕВ
