Юкъйихкина, дахаран новкъа ваьллачу жимхе, я муьлххачу а дена шен кIанте ала луур долчух
Хьо стаг ву. Пхийттара ваьлчахьана дуьйна даккхий декхарш эга хьуна тIе. Кхин хIумма а ца хилча, Дала хьо цунах ларвойла, чIир йогIу хьуна тIе. Шайн цIенна тIедеъначу муьлххачу диканан а, вуонан а дакъа кхочу. Вуьшта аьлча, хIинца дуьйна дIа хIора айхьа боккхучу когаца, олучу дашца, лелочуьнца хьайн а, хьайн цIийнан а сий ойбу ахь, я сий дойъу.
Хьайн дахаран бIаьстенан гIа-патар тасаран мур, юьхьарлаьцна вогIу хьо, жима ву. Оцу муьрехь хала ду, мацца а цкъа къоьжа Iа догIур ду бохучух теша. Амма догIур ду хьуна. Цундела диц ма де Малхбалерчу хьекъалчас Рудакис аьлларг:
ХIара дуьне хIорд ма бу,
Я йист а, я бух а боцуш,
Даима и ловзуш бу,
Хиндерг хаа йиш йоцуш,
Цу тIехула вала дагахь
Хьо новкъа ваьллехь, –
Хьайн кема оьздаллех делахь,
Кеман бух – стогаллех белахь!
(М.Сулаевн гочдар)
Вай бусалбанаш ду. Бусалба хилар, уггаре а хьалха, АллахI Дела (С.Т.) цхьаъ веш, Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) бакъ веш, тоьшалла дар ду. Цул тIаьхьа, Дала тIедехкина фарзаш: ламаз дар, марха кхабар, закт, хьаьждар (ницкъ кхачахь) кхочушдар а. Пхийттара ваьлчахьана, хьуна тIехь ду Дала тIедехкина фарзаш кхочушдар. Дийнахь-буса фарз долчу пхеа ламазал сов, хьуна хаа деза: рузба дан, жамаIатехь ламаз дан, Iийдан ламаз дан, докъа ламаз дан, суннатех дерг, терхь дан. Уьш ца хаахь, Далла хьалха хотIе а, нахана хьалха юьхьIаьржа а хир ву хьо. Кханенаш йохку хIуманаш дац хьуна уьш, кхане хьан хир ю-яц ца хаьа, цхьанна а, Дела воцчунна. Цундела, ца хуург хатта а хоттуш, ламаз-мархица дерг кхоччуш дика Iамо деза. Маьждиге воьдуш а, рузба деш а хила веза, кхин а дика ду Къуръан Iамо хьан кархдалахь. Тахана ахь баккхийчаьрга хоьтту, кхана хьо воккханиг волуш а хир ма ду, ламазна хьалха а воккхур ву хьо, валар-висар хиллачохь дан дезарг а хоттур ду хьоьга. ТIаккха оьшур ду хьуна тахана Iамийнарг.
Дала тIедехкина фарзаш кхочушдарца цхьаьна нахаца лело гIиллакх хила деза хьоьгахь – нохчийн къоман гIиллакх. «ГIиллакх – ийманан ах» – олуш ду. «ГIиллакх ялсаманичуьра ду» – олуш а ду. «ГIиллакхо лех эла во, гIиллакх дацаро, элах лай во», – олуш кица а ду. Бакъ хIуманаш ду уьш. Хийла хаттар хIутту стагана хьалха, оцу я кхечу хьоле нисвелча, хIун дан деза бохуш. Эхь-бехк долуш, наха шена эр долчух ларвала лууш волчунна-м муххале а.
Вайн Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадис ду хьуна: «Хьайна хила лууш долу хIума нахана а хила лаа…, цуьнга терра, зен-зулам а, хьайна цадезарг нахана а ма де» («Пайхамаран (I.с.в.с.) хьадисаш» жайни тIера). Оцу маьIнехь нохчийн кица а ду: «Хьайца схьалело цалуург, нахаца дIа а ма леладе». Кхечу къаьмнийн а ду, оцу кепара кицанаш. Ма доккха маьIна доллу лакхарчу хьадисехь а, кицанехь а. Вайн дахарехь, леларехь, тIенислучу даккхийчу, кегийчу гIуллакхашкахь, вай оцу хьекъалечу дешнашка ладоьгIча, ма дукха весаш, халахетарш, дегабаамаш кIелбуьсур бара.
Хьайна ямарт хила луур дуй хьуна? Хьайна тешнабехк бан луур дуй хьуна? Хьайца харцо лело луур дуй хьуна? Ма дац. ТIаккха диц ма де: «Хьайца схьалело цалуург нахаца дIа а ма леладе». И дешнаш дагахь латтадахь, хуур ду хьуна, нахаца лело догIург.
Тахана хьо цхьаьннан кIант ву, кхана цхьаьннан да хир ву, тIаккха – деда а. Ийманан а, гIиллакхан а хьоста хилла лаьтта доьзал. Доьзалехь коьртаниг да ларар, цуьнан дош лардар ду хьуна. Шен доьзалхочух жоп далалуш воцу да а, шен дас аьлларг деш воцу кIант а, ший а дош ца хета нахана. Юха боху вай, шена и товш делахь а, дацахь а, шен ден дош кхочушдеш хила везаш ву кIант. Ша кIант велахь. Доллучунна тIехь а дех дагаволуш хуьлу иза. Нохчийн яздархочо Бексултанов Мусас шен цхьана дийцар тIехь яздо: «Суна дага а ца догIу, со цунна (дена – А.Хь.) хьалха хиъна Iийна я айса цунна хьалхахь хIума йиъна а. Дена ца дезара и тайпа хIума». Иштта хилла хьуна нохчийн доьзалехь, иштта хила дезаш а ду хьуна. Берашца цхьаьна шуьне хуьйшуш, уьш гехь-марахь лелош, вижар-гIаттар цаьрца хуьлуш, царна хьалха-тIаьхьа вуьйлуш, доьзалца эвхьаза ца вуьйлу да. Лаа олуш дац нохчийн кхечу цхьана кицанахь: «Дега ма ала, нана юкъа лелае». Гена хан ялале доьзалан да хила везачу хьуна хаа дезарг ду хьуна хIара.
Нохчийн гIиллакх-оьздангаллин коьртачу мехаллашна юкъахь, ша къаьсттина меттиг дIалоцу воккханиг лараро. Цхьа де бен вацахь а шел воккханиг лоруш ду вайн. Воккханиг тIевеъча, бухарниг хьалагIотту, охьахаа баьрччера, паргIат меттиг а цунна кхачайо, дешан хьалхе а воккхачуьнгахь юьту, тхьамдаллина хьалха а воккханиг воккху.
Жимачунна тIехь ду доьзалехь, тайпа-тукхамехь воккхачух дагаволуш хилар. ЦIа-цIе, машен, кхин мехала хIума эцарца, нахаца Iоттаделла хIума листарца, балха, деша вахарца, ялорца-йитарца, гена дIасавахарца доьзна гIуллакхаш лелош, шен цIийнан воккхачух (веших, дех, девеших…) дагавала декхар ду къонах. «Воккхачо аьлларг динарг дохко ца ваьлла», – олуш ду вайн. Кхин а ду олуш: «Тахана хьо воккхачунна жимха вацахь, кхана хьуна жимха а хир вац».
Нохчийн дикачу гIиллакхех ду эшначохь вовшашна гIо-накъосталла дар. Шен диканах чекхвалалуш вац стаг. Дахарехь хийла нисло гIо оьшуш меттиг: велларг дIаверзош, зуда ялийна я кхин дика дIадерзош, цIа хьалахIоттош, мангал-асар деш. Йиша-вешин, лулахойн, юьртахойн дика-вуонехь хьо хуьлуш вацахь, кхано хьайна гIо-орца эшча, хьуо вуьсур ву-кха хьо. Оцу хьокъехь маьIне кицанаш ду: «Нехан дикане цахьийзинарг, шен вуонехь ша висна», «Ваша ваша ву эшначу меттехь хьалхахIуттуш велахь».
Стагах стаг вечех я стогаллех вуохочех ду хьуна шен дош лардар я цалардар. «Шина балдех арадаллалц хьан лай ду дош, арадели – хьо цуьнан лай ву», – аьлла. Ма дош ца хета-кха нахана шен дош дош доцу стаг. Цундела, ларамаза а хьайн багара даьллачу дашах жоп дала а, и лардан а деза. ВогIур ву аьллехь, шен хеннахь ван веза, дуьтур ду аьлларг дитина хила деза, иштта кхин а, кхин а дукха ду уьш. Стаг атта хеташ, и сийсазвеш дош ала мегар дац. «Туьран чевнна муо бина, меттан чевнна муо бина бац», – кица дитина вайна вайн дайша. Оьздачу стага шен мотт ларбийр бу гIийбатах а, мотт барх а.
Дашо – хазво.
Дашо – вазво.
Сий цо оьцу,
Сий цо дойу, – яздина дашах лаьцна нохчийн поэта Кибиев Мусбека. Ахь дагахь латтаде, жимма а ша дош хеташ волчу стага, шен дош лардан дезар. И кIезиг хIума дац хьуна.
Хьо жима ву, ахь кIоргера ойла ца йина хила а мега, делахь а цхьана хIуманан тидам бина хир бу ахь: мел генахь велларг а, цIа валавой, юьртарчу кешнашка дIавуллуш ду вайн. Нохчичун шен цIийца, сица хуьлуш ду Даймохк безар. Цунах цхьа шира хабар ду вайн халкъалахь дуьйцуш.
Юрт ягийна, луьстачу хьуьна йисте кхаьчначу наьрто дийнаташка, сагалматашка мохь тоьхна, аьлла боху:
– Дадалург дада, тIема дала ницкъ берг тIема дала! Со кху хьуьнах сийна цIе лато доллу.
Кхин хьем ца хуьлуьйтуш, ша ма-аллара, хьуьнан цхьана маьIIера дуьйна цIе тесна наьрто. КIелхьаравала ницкъ кхаьчнарг кIелхьараволуш, цIеран гIовгIа бен йоцуш, тийналла хIоьттина хьуьнхахь.
Яьгна яьлла хьун. Хилларг хIун ду те аьлла, хьун чухула доладелла наьрт. Хьуьнан цхьана маьIIехь, алу тIехь бетталуш Iаш текхарг гина наьртана.
– Дакъаза ма бала хьо текхарг, хIара цIе йиллале ас тоьхна мохь ца хезира те хьуна? ХIунда Iий те хьо кху цIера юккъехь? – хаьттина наьрто гуш долчу суьртах цецдаьлла.
– Хаза-м дера хезира суна, наьрт, ахь аьлларг, ца хезира ала бакъо яц сан. Бакъду, наьрт, кху хьуьнхахь бина а, кху лаьттахь кхиъна а бара со. Ахь бохург дина, бовзазчу, хийрачу махка а бахана, кхечарна несалахь хуьлучул, кху сайн махкахь балар нийса хийтира суна. ХIокху лаьттан экъан тIехь суна массо а хIума дара гергара, хIара бара сан дайх бисина кхерч. Кхузахь, сайн лаамехь, Iожалла тIеэцар нийса хета суна, – аьлла бала бетталучу текхарго, цец а даьлла, шега хьоьжучу наьрте.
МаьIне хабар ду хьуна хIара. Текхаргана а иштта хеташ хилча, мел хьоме хила беза Даймохк адамашна. Хьуна цхьа даккхий дешнаш а ма хетийла, амма Даймохк ларбар, къоман сий айъар, цхьа хаьржинчу къонахийн дакъа хилла ца Iаш, ша стаг хетачу хIораннан а декхар ду хьуна. Мехкан а, халкъан а дуьхьа вахар ду хьуна, шен ницкъе а, хьуьнаре а хьаьжжина, ша волчохь хьанал къахьегар, ийманехь доьзал кхиор, цхьа дитт доьгIна а, лаьтта тIехь шен диканан лар йитар.
Яхь а, юьхь а ларъеш, дахарх чекхвала луучо лардан дезарш дукха ду. «Бехке стаг» олуш цхьа кхетам бу вайн. Къонахчунна бехке ву шен цIийнан воккханиг, ненахо, стунцхо. Бехкечу стагаца цхьана шуьне ца хуьйшу, синкъерамехь ца Iа, цунна цигаьрка узуш, маларх кхеташ ца гойту, цуьнан дош ца хададо. ГIиллакхе лоруш дац бехкечу стагана доьхург цадалар, цо дита аьлларг цадитар. Хьалха юрт хиллачу меттехула, говран юьхь лаьцна, вогIуш хилла цхьа къонах бохуш, дуьйцу. «Хьо гIаш ма вогIу?», – аьлла, шега хаьттича, цо жоп делла боху: «Мацах цкъа сан ненахой баьхна юрт ю хIара».
Нийса хир дац духарх дерг ца хьахийча а. БIешерийн дохалла шен духарш кхоьллина нохчийн къомо. Делахь а, тахана эхь дац вета болчу кучан меттана Европехь я Азехь йина, нуьйдарчий ерг юхарх. Эхь ду нахана юкъахь некхаваз даржийна я ахверзина лелча. Юкъараллин меттигашкахь я чу стаг веъча, спортивни духарца я чухаларчу духарца хилахь, бехк билла догIу. Хийрачу нахана юкъа а, невцалха а, баккхийнаш болчу а воьдуш товш ду коьртахь хIума а, пхьош долу коч а юьйхина хилар, ткъа тезета-м иштта бен гIойла а дац. Духаран оьздангаллин коьртачу лехамех лара догIу бедарш, ламазана мегаш, цIена хилар. Нохчийн дастаме лоруш ду духарца нахал къеста гIертар а, цунах куралла яр а.
Къамел дукха гена дахлуш хиларна, цхьацца ахь само ян луурш, кицанашца хьахийна дуьтур вай.
«Хьаша ца вогIучу, беркат ца догIу». Хьаша бехке ву, цуьнан хьашт кхочуш цадар цIенна а, юьртана а эхье лоруш ду.
«Хьайн цIахь а, хьошалгIахь санна яа хIума». Ойла ечу стагана кхузахь ца кхета хIумма а дац. ТIех хIума яар-м хьехо ца оьшура, вуззалц яар а, чемаш хержар а оьзда лоруш ца хилла вайн.
«СагIа доьхучул, нехан жаIу хилар тоьлу». Рицкъа Делера дуй хууш, шен хьацарца даьккхинчуьнца ваха веза бохург ду хьуна иза, нахера а, Iедалера а шена цадогIучуьнга са а ца туьйсуш. Бакъду, сагIа далар деза ду, и дехна луш дац, гIо оьшучунна хьанна а луш ду.
«Цхьана тIулгах гIала хир яц, цхьана тIемалочух эскар хир дац». Ма маьIна доллу оцу кицанехь а. Тахана хьо мел ницкъ болуш, хьолаца тарвелла хиларх, кхана хиндерг хууш дац хьуна, цундела гергарлонан уьйраш евзаш а, уьш гIуллакхца чIагIъеш а хила. Хьайн ницкъ верасаш хиларехь буй хаа. Кхин цхьаъ а ду хьуна. Тахана ахь хьайн хьалхарчу дайн цIерш санна, ворхIалгIачу тIаьхьене кхаччалц хьан цIе а йохур ю хьуна диканца я наьIалтаца.
«Къегина малх хьаьжначу дийнахь а, стогар латабай бен, ма де захало». Захало дийцаран оьзда некъаш ду вайн, уьш довза а деза, уггаре а хьалха хьо ларвала веза цхьа-ши хIума хьахор вай.
Уллехь накъост воцуш, ша йогIучу йоIе захало ца хьехадо хьуна, цунна вошалла оьший хьожу. Зуда ядор а, ядо гIертачеран гIо лацар а дага ма даийталахь. Осала хIума ду иза.
«Сихалло са даьккхина, собаро лам баьккхина». Харц а, бакъ а цхьатерра лан деза бохург дац иза. Хьайна тIедеанарг, собар а дина, ла а доьгIна, Делера ял а, нахера баркалла а, хьайна юьхькIам а хир болчу агIор дIадерзо хаа деза, бохург ду. Цхьа хало тIехIоьттича стогаллех воьхна товш вац стаг.
Гена новкъа волучу жимхе цхьана воккхачу стага аьллера боху: «Деллахьа кIант, генахь вара алий, айхьа лелориг гур а дац, хезар а дац алий, хьайн дена-нанна а, юьртахошна гича а, хезча а мега доцург ма далийталахь хьайгара».
Иштта ду-кха хьуна, жима къонах. Сан хабар дахдели. Хьо мел жима велахь а, кхин генара ойла ян къоналлин паналло ца витахь а, цхьаммо «Стаг вац» аьлча-м, чов хир ю хьан дагна, ерзалур йоцу чов. Стаг хилий, кху дуьненах чекхвала нийят хилийтахьа, тIаккха некъ карор бу хьуна. Вайн дайша аьллер-кха «Дика кIант – гIала, вуон кIант – бала». Хьайх хьайн дена-нанна а, йиша-вешина а, юьртана а, махкана а бала ца хуьлу агIо мукъана а лахахьа. ВаллахIи, Дала деккъа юург яий, йиънарг нахарехьа яккхий кхоьллина-м дац хьуна вай. Цо-м вай диканна кхоьллиний, вай динчу диканна доккхачу диканца бекхам а бан.
Дала некъ нисбойла хьан!
Хь.АБОЛХАНОВ
Дийцинарг тIечIагIдеш, вайн бевзаш болчу поэтийн байташ йохку оха шун кхиэле.
Мамакаев Iарби
Сайн кIанте
Хьайн мехкан, хьайн халкъан
Ирс дебна аьлла,
Догдика хиллачу
Сирлачу дийнахь,
Дуьненах воккхавеш,
Самалха даьлла
Хьо велахь, къонахчун
Дог ду хьан кийрахь!
Варий кIант! Нахаца
Тешам берг товш ву.
Хьоме мохк безалахь,
Нанна бер санна,
Стаг волчо вон-дика
Цхьабосса ловш ду,
Оьзда гIилкх ларделахь,
Вайн дайша санна!
Вайн нехан хьал-де ахь
Хийра гIулкх ларахь,
Хьо къонах воцийла
Хаалда хьуна.
Вуьззина нохчийн кIант
Сайн воI ву алахь,
Ирсан да суо хеташ,
Там хир бу суна!
Арсанукаев Шайхи
Весет
Къоьжачу вайн лаьмнийн
Догкура баххьаш,
Вайн тогIеш, шовданаш,
БIешерийн хьаннаш –
ДIаэца тахана
Хьайн дола ахь уьш –
Дас, весет деш, хьайна
Йитина хазнаш.
ДIаэца ахь хIинца
Дайша шайн цIийца
Заманийн йохаллехь
Лардина латта.
Даймохк хьайн дIаэца.
РагI хьан ю хIинца,
Ден весет кхочушдан
Юкъ ехкий, гIатта.
Ларбе Мохк, хазбе и,
Ца еш мало,
ТIаккха, хьайн весет деш,
КIанте дIало.
БIешерийн къийсамехь,
Са санна, лардеш,
Тахненга кхачийна
Вайнехан гIиллакх.
ДоттагIий хилла вай
Вежарех тарбеш,
Орцанна кхайкхаза
Кхочуш вай хилла.
Нохчийчохь даима
Дина сий Ненан,
Воккханиг лийрина,
Жимчо деш гIуллакх.
РагI хьоьгахь ю тахна,
Вас ца еш дена,
ДIаэца цуьнгара
Дайн оьзда гIиллакх.
Ларде и, хазде и,
Ца еш мало,
ТIаккха, хьайн весет деш,
КIанте дIало.
Хазнашлахь Хазна ю
Ненан Мотт къоман.
Ненан Мотт мел беха
Къам дуьсу даха.
Ткъа нагахь Мотт шен лахь,
Къам, лей, дIадолу,
Ненан Мотт бицбинарг
Сийсазво наха.
Нохчийн Мотт – и къоман
Синхазнийн хьоста –
Ларбина къийсамехь
Массо а ханна.
РагI хIинца хьоьгахь ю,
ДIаэций, хьаста,
Ден весет кхочушде,
Къонахчо санна.
Ларбе Мотт, хазбе и,
Ца еш мало,
ТIаккха, хьайн весет деш,
КIанте дIало.
Сулаев Мохьмад
КIанте
Ма хилалахь нахаца, цкъа а вуочех:
Чам боккхий, дIакхуссу тIех муьста хьач.
Ткъа эшац хила а тIех эсал, коча:
Хьаъа а схьалоцу эсалчун кач.
Хаълахь, тIех эсалниг осала хета,
Ткъа эсалниг, мел дика хиларх а и,
Ца лору цхьаммо а! Цунах кхетий,
Шен хоршшахь дIахьолахь къонахчун сий.
Собар а дуй хаълахь оьздаллин гIортор,
Делахь а товш хилац цхьаверг гуш
Кхечеран хьаштана деш собар шорта,
Шен долчу хьаштана и ца тоьуш.
Iамалахь, кхечарна гIалаташ гечдеш,
Хьайчеран ца хила дог къера лай.
Цкъа а ма хилалахь цхьанна а кечбеш
Тешнабехк – кIиллочун ямартан тIай.
Накъостца хилалахь даима хьанал,
Делахь а, лаарна доттагIех иэн,
Ма сихло цаьргара гIалатниг Iамо,
Ледарниг ахь цкъа а ма дита тIе!
№5, шинара, кхолламан (январь) беттан 19-гIа де, 2016 шо