Говрахь цхьана юьрта ваха ваьлла жима стаг, шен говран урх хецна, парггIат вогIучу къаночунна тIаьхьакхиъна. Хьал-де хаьттинчул тIаьхьа, вовшашка цхьацца дуьйцуш вогIуш хилла и шиъ. Къаночо жимачу стаге аьлла:
– Жима къонах, говраш хахкий вайшимма?
– ХIан-хIа. Ма хахка. Сан говран шозза некъ бан безар бу, хьан говро цхьа некъ бечу хенахь, – аьлла кIанта.
Шен дагахь: «Цхьаъ дуьйцу хир ду-кх ахь» – аьлла, кхин цунах дерг ца хьахош дикка некъ бина цу шимма. ТIаккха, кIа хьоькхучу нахана тIекхаьчча, жимачу стага къаночуьнга хаьттина:
– И кIа диъна я дааза хьокхуш ду те цара?
– Ахь хIун дуьйцу, – цецваьлла воккха стаг, – диъна кIа муха хьокхур ду? Дааза хьокхуш ду-кх! Ца го хьуна?
Цул тIаьхьа а дикка некъ бича, цхьана юьрта йисте кхаьчна и шиъ. Юьрта йисттерчу кешнашка дIавуллуш стаг гина цу шинна. Жимачу стага юха а хаьттина:
– И стаг велла я валаза дIавуллуш ву-те?
– Ва, веллавала со делаI, – гуттар чIогIа цецваьлла къано. – Валаза дIавуллуш хуьлу стаг? Велла дIавуллуш ву-кх.
Дукха хан ялале воккха стаг вехачу хIусаме дIакхаьчна и шиъ. Жима стаг ша волчу хIусаме кхайкхина цо. Цуьнга, «хIан-хIа» ала бегIийла ца хеташ, кетIахь сацавелла иза, дIаваха дагахь. Оццу хенахь, цу шинна тIекхаьчна юьртан молла. Цуьнга хьал-де а хаьттина, пурба а дехна, Iодика а йина, дIаволавелла жима стаг. ТIаккха моллас воккхачу стаге бехк баьккхина:
– Къона велахь а, хьаша ма вара иза, чу ца воьхуш дIа ма вахийта ахь, – аьлла.
– Витахь, шена дина хьошалла хуур доцуш, сонта стаг вара иза-м.
– ХIунда боху ахь?
Тхойшиъ новкъа схьавогIуш, хьалхаяла говраш хахкий вайшимма, элира ас. Цо ша ца хохку, хьан говро цхьа некъ беш, шен говран ши некъ бан безар бу элира.
– Э-э, сан хьаша, иза сонта хилар дац, хьикмате хилар ду. Шен говран ши некъ бан безар бу бохург, хьол хьалха ца вала, хьо воккха хиларна, хьоьца гIиллакх лелош, шен говр дIасахьийзо езар ю бохург хилла.
– Цул тIаьхьа ялта хьокхуш болчу нахана тIекхечира тхойшиъ. Цаьрга а хьаьжна, кIанта соьга хаьттира: «КIа диъна я дааза хьокхуш ду-те?».
– Иза а дац сонта къамел. ЧIогIа хьекъале къамел ду. Ялта диъна я дааза хьокхуш ду бохург, нахера декхарна даьккхина хьокхуш ду я шайн ялта чуоьцуш бу бохург хилла.
– Тамашийна кхин хIун хааделира хьуна оцу кIантехь? – хаьттира воккхачу стаге моллас.
– Тхойшиъ вайн кешнашна герга кхаьчча, стаг дIавуллуш гира цунна а, суна а. «И стаг велла я валаза дIавуллуш ву-те?» – аьлла хаьттира цо соьга, со цец а воккхуш.
– Хьекъале хаттар ду иза а. Нагахь санна стаг ерриге а юьрто лоруш, сийдеш, дика цIе яха юьсуш велла велахь, иза валаза дIавуллуш ву…
Ахь дIавахийтина и жима стаг хьекъале, хьикмате хилла. Ца хиллехь цо иштта хаттарш дийр дацара. Схьало хьайн говр, цуьнгара беркат ца оьцуш, дIавахийта бакъо яц вайн иза, – аьлла сихонца говра а хиъна, иза хьешана тIаьхьахаьхкира цо.
С.ХУСЕЙНОВ
№5, шинара, кхолламан (январь) беттан 19-гIа де, 2016 шо