Нохчийчохь адамийн бакъонаш ларъяран векалан кхайкхам

Кху шеран 11-чу январехь Нохчийчоьнан Парламентехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана къамел динчул тIаьхьа ас сайн белхан а, граждански а декхар лерира, махкахой, шуьга хIара кхайкхам бар. Цо билгалдаьккхина ма-хиллара, тIекхаьчна вайн республикехь машар, барт чIагIбарна новкъарло еш мел дерг а, иза бен-башха ца хетарг а хIокху некъа тIехь шайн синош дIаделлачеран ямартхой санна тIеэца беза хан. Нагахь санна вайх хIора а, ша юкъараллехь дIалаьцначу меттиге хьаьжна доцуш, нохчийн юкъараллехь, лаамца я лаамза вайна хийра йолу ойланаш, идеологи яржо гIертачарна дуьхьал ца валахь, нагахь санна вайх хIора а вай кегарийна, тIамна, вайн нанойн бIаьрхиш Iенорна юкъаозо гIертачарна дуьхьал къийсам дIабахьа гIоттуш вацахь, иза вайн паргIатонехьа, машарехьа къуьйсуш эгначу иттаннаш, бIеннаш эзарнаш ямарт хилар хилла ца Iаш, вешан дайшна а ямарт хилар ду. ТIекхаьчна вай Веза а, Сийлахь а Волчо вайна деллачу мах боцчу ниIмате – вешан кхетаме, эхь-бехке ладогIа деза хан.Nukhazhiev_N.S.2_w1200_h800

     Кадыров Рамзанан къамеле леррина ладоьгIна ца Iаш, кIорггера маьIна дира оха. Ткъа цуьнан къамелан коьрта маьIна дара – ислам а, нохчалла а. Уьш хила а хилла, ян а ю, хир йолуш а ю вайн Везачу АллахIа вайна елла уггаре а сийлахь, еза мехаллаш. Уьш вай лар а йина, ларйийр а ю, хIуъа хилла латтарх.

Республикин Куьйгалхочо дийцира дIадаханчух, хIинца долчух, хиндолчух лаьцна. Дийцира дог лазарца, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъа тIехь къийсам дIабахьа ондда сацам хиларца. Цуьнан къамел, ойланаш, хьежамаш Кадыров Ахьмад-Хьаьжинчух тера дара. Ткъа цо вайга бохура вайн (проблемийн) чолхаллийн, халонийн бахьанаш ваьшгахь лахар, кхойкхура къома юкъахь барт баре. Кадыров Рамзан чIогIа нийса а, бакълуьйш а ву вайн къам дуккха а бохамех ларделла хир дара нагахь санна вайх дукхах болчара шайн цхьа а ойла, дан дезарг хIун ду ца хуучу нахана тIаьхьа ца хIиттинехь, нохчийн халкъ хIун ю ца хуучу, и халкъ муьлхачу хьолехь кхуьур ду ца хуучу адамашна тIаьхьа ца хIиттинехь, церан гIо ца лаьцнехь аьлча. Вайн дукхах долчу гIуллакхаша  вай цадезачарна бахьана доккху вай кегарийна, тIамна юкъаозо, халкъан кхолламца ловза бохура Ахьмад-Хьаьжин Рамзана. Цо дийцира вайн дукха хьолахь жоьпалла тIелаца Граждански доьналла тоьаш ца хиларх лаьцна, вайн дукхах болчу махкахойн, шеко йоццуш, и доьналла шайца доллушехь. Цо дийцира вайн къоман тхьамданаш кхиош, церан гIолоцуш Iедал цахиларх лаьцна а. Ткъа оцо тIедаладора халчу сохьтехь вайн халкъана тIебогIу бала дIататта хьуьнар долу тхьамда воцуш вай дисарна. Вай хIинца мукъане а Iама деза, Кадыров Рамзана ма-аллара, харц тхьамданаш бовза. Вайна лиъча церан харцо атта гучуяккхалур ю вайга. Баккъал а, вай маьIна деш хила деза вайн историн, ца дахь вай юха а цхьана бохамна кIел кхуьйсур ду.

Шеко йоццуш, Нохчийн Республикин Парламентехь динчу къамелехь Ахьмад-Хьаьжин Рамзана дийцира нохчалла лардарехь хила дезачу коьртачу хIуманех лаьцна. Дийцира бIешерийн дохаллехь вайн къам шен амалх ца долуьйтуш, шен башхаллех ца духуьйтуш латтийначух лаьцна. Нохчаллех воьхнарг нохчи лара йиш яц, иза нохчи ву ала бакъо а яц боху цо. Иза иштта хилар  вай къобалдан а деза. Миччахь хиларх вай нохчий хилла диса деза. ТIаккха вайн цхьа а чолхалла хир яц. Цул сов, дуьненан муьлххачу маьIIехь дезаш тIе а оьцур ду вай. Вай хIуъа деш, лелош делахь а нохчалла ларъеш хила деза. ТIаккхий бен вай лелош дерг къеггина а, кхетташ а маьIна долуш хир дац.

Дагадаийта лаьа Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран институто 2006-чу шарахь шен къилба билгалдаьккхина хилар: нохчаллин гурашкахь стеган а, тобанан а бакъонаш ларъяр. Оха инкарло йо, тхуна хийра ду малхбузенан кепара адамийн бакъонаш ларъяр бохург. ХIунда аьлча, цигахь эхь-бехк, оьздангалла боху кхетамаш бац.

Кадыров Рамзана шен къамелехь хьахийра вайн Делах тешаран цIеналла а, чIагIалла а. Цо билгалдаьккхира  дIадолийначу гIуллакхаш тIехь вайн кхиам хилар дуьххьал дIа вайн ийманан чIагIаллех доьзна хирг хилар. Баккъал а, бусалба ву аларх тоьаш дац. Баккъал а Делах тешаш волчо, цхьамма а тIетеIош а воцуш, шен хьекъалца, кхетамца, даго хьехарца шена дуккха а декхарш тIелоцу, цу юкъахь хуьлу оьздангалла а, эхь-бехк а. Нагахь санна Веза а, Сийлахь а волчу АллахIа вайх Шен боккха къинхетам бина хилар вайна хаахь, вайна кхане кхиаме, дика хир ю.

Вайна юкъахь барт, марзо хилар вайн дахар маьрша а, синтеме а, зовкхе а хирг хиларан закъалт хилар билгалдаьккхира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо. Малхбузехь Iаш болчу нохчийн халкъан гIиллакхаш, мотт, Iадаташ лардарца доьзна ойланаш яр дац. Цхьа кIеззиг адамаш ду шайна саяккхархьама чекх ца даьндерг лело гIерташ. Кадыров Рамзана ма-аллара, ислам а, нохчалла а ду нохчийн халкъ цхьаьнатуху дерг, кхин хIумма а дац.

ХIаъ, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо шога, юьхь ягош хIуманаш дийцира. Амма вай, даггара а, цIена а лелаш делахь, даре дан деза, цо дуьйцуш дерг, къаьхьа делахь а, цIена бакъдерг хилар. Деккъа цхьа бакъдерг ду-кх дахкарлахь болчу вайн кхетамна дарба ден дерг. Бакъдолчуьнца дарбалелор хала а, чолхе а гIуллакх ду. Делахь а вайна тIехь ду цунах чекхдовлар.

Лараме махкахой, вежарий! Вайна хьалха лаьтта чолхечу муьрах чекхдовлар. Берриге а махкаца цхьаьна вайн республика а ю цунах чекхъяла езаш. И санна болчу муьрашкахь вайн мостагIий, вай цадезарш вайн юкъараллехь вайна хийра йолу ойланаш яржо гIерта. Къаьсттинчу Iалашоне лоцу тIекхуьу къона тIаьхье. Цундела вайн малдала бакъо яц. Вайна зулам довза хаа деза. Иза хIаллакдан, юкъара дIадаккха деза орамаш таса кхиале.

Лараме республикин бахархой! Вайн декхар ду вайна гуонаха хуьлуш долчуьнга бен башха ца хеташ ма хьежа бохуш Кадыров Рамзана беш болчу кхайкхаман гIолацар. Сацаве харцо лелош верг, кхетаве харц новкъа волуш верг. Нагахь санна вай дикачу агIор хийцалахь, вайна гур ду вайна гуонахара дуьне а дикачу агIор хийцалуш хилар.

Н.С.Нухажиев,

Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран векал

 

№5, шинара, кхолламан (январь) беттан 19-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: