ХIора шеран 23-чу февралехь Россехь а, СССР-на юкъахь хиллачу пачхьалкхашкахь а даздо Даймохк ларбархочун де. Къона тIаьхье патриотически ойланехь кхетош-кхиоран декъехь цул мехала деза дан а дац, Толаман де доцург. Цундела оха тахана зорбатоха йолайо Даймохк ларбархочун денна лерина материалаш.
Даймехкан Сийлахь-боккхачу тIамехь толам баккхарехьа къуьйсуш СССР-хь дехаш хиллачу къаьмнийн дуккха а векалш кхелхина. Иштта Нохч-ГIалгIайчуьра эзарнашкахь бIаьхой хилла цу тIамехь дакъалоцуш. Нохчийн доьзалехь мел къона велахь а, боьрша стаг даима а хилла шен Даймахкана тIе бала беъча, цунна дуьхьало ян кийча. Дуккха а нохчийн кIенташа, шайн синош ца кхоош, майралла, къонахалла гойтуш, дакъалаьцна Даймехкан Сийлахь-боккхачу тIамехь. Халахеташ делахь а, карарчу хенахь Нохчийн Республикехь дукха ца бисина цу тIеман дакъалацархой. Цундела тхуна кхаъ хилира Октябрьски районехь Х.Нурадиловн цIарахчу урамехь «Кхузахь Iаш ву Даймехкан Сийлахь-боккхачу тIеман ветеран Гакаев Ваха», аьлла кевнна хьалха дIатоьхна билгало гича. Кху деношкахь Вахин хIусамехь хилира тхо.
Нохчийн Республикин ветеранийн Советан председатель волу Гакаев Ваха вина 1922-чу шарахь Хьалха-МартантIехь. ГакаевгIеран доьзалехь 3 йиша а, виъ ваша а хилла. 1928-чу шарахь церан доьзал Соьлжа-ГIаларчу В.И.Ленинан цIарахчу ураме схьакхелхина. Цу шарахь Соьлжа-ГIаларчу № 15 йолчу школе хьалхарчу классе деша вахана Ваха. 1935-чу шарахь, цуьнан 13 шо долчу хенахь кулакаш бу аьлла, шен гергарчаьрца махках баьккхина Узбекистанерчу, Оккургански районе дIакхалхийра церан доьзал. Цигахь Шелара а, АтагIара а дуккха а нохчий хилла. Вахина уьш а шайн цIершца дагабогIу: АтагIара Акаев Идик-Хьаьжа, цуьнан кIант Ахьмад, Пашаев Яхья, Iалхан-Юьртара молла Мохьмад-Бешар-Хьаьжа, Чехкиев Iусман, ЦицкиевгIар, иштта кхин дуккха а. Узбекистанехь Болтабаевн цIарахчу совхозерчу 10-чу отделенехь бамба боккхуш 3 шарахь болх бина кIанта. Цу совхозехь Вахий, АтагIара ТIатий бен кхин цхьа а нохчи ца хилла. Цхьаьна дийнахь цу итте а отделенехь бамба дукха хьан боккху хьожуш хиллачу къийсадаларшкахь Вахас ша хьалхара меттиг яьккхира боху. Веларца дагалоьцу цо цигахь шена совгIатана елла газа. Хийрачу махкахь кхо шо а даьккхина, ведда цIавеана хилла Ваха. Цул тIаьхьа, Соьлжа-ГIаларчу НКВД-н набахти чохь валлийна иза. Цигара ара а ваьккхина, шалон тIе а хаийна, юха а махках ваьккхина. Шен бераллин хенахь дуккха а халонаш лайна цо. Эххар а, 1938-чу шеран 6-чу ноябрехь, шен гергарчаьрца цхьаьна Соьлжа-ГIала цIабирзира кхеран доьзал. Схьадаьхкича шайн хIусамехь Iаш кхин нохчий карийра царна. Цара шайн йистера цхьа чоь а елла, цу чохь дIатарбелла хилла ГакаевгIар.
Цу шарахь Соьлжа-ГIаларчу «Грознефтан» коьртачу гараже грузчикан болх бан вахана Ваха, ткъа суьйранна шоферан курсашка деша лелаш хилла. 1939-чу шарахь шоферан дешар чекх а даьккхина, шоферан балха хIоьттина иза, цигахь мехкадаьтта лелон лерина машен елира цуьнга. Цигахь шина шарахь болх бира Вахас. 1941-чу шарахь Даймехкан Сийлахь-боккха тIом болабелча, гаражехь болх бечу Вахина 3 де мукъа делира. Иза цIавахара. Ленинан урамехь гулделла адамаш гира цунна. Эскаре баха кечбеш божарий бара. ТIе а вахана кIанта хаьттина, тIаме ваха ша хьаьнга, хIун ала деза, балхара 3 де мукъа а делла цIавеана ву ша аьлла. ХIара майор Малышевна тIехьажийна. Цо кхуллуш хилла дошлойн 114 дивизи, шена юкъахь кхо полк а йолуш, цхьаъ Заводской районехь, шиъ Октябрьски районехь. Ваха Заводской районехь йолчу 3-чу полке хьажаво. Цигахь машен а елла цуьнга. Цуьнца тIеюха хIума, цхьацца сурсаташ, герз дIасахьош хилла цо.
Ваха волчу дивизи юккъера цхьа полк тIаме хьажош яра, амма цу юккъехь Ваха вацара. Цуьнгахь йолу машен яра цара дIаюьгуш. ТIаккха ша дIаязвина воццушехь иза а вахара цаьрца.
Краснодарехь севцца, цигахь цхьацца кечамаш бина, цигара Сталинграде яхара полк. ХIорш машенахь дIабоьлхуш, кеманаша бомбанаш тIеетта йолийна. Берриге а машенаш чуьра охьалилхина. Вахас дийцарехь, цу дийнахь чов йина 12 стаг кIелхьарваьккхира цо. Иштта цо дагалоьцу, 6-чу ноябрехь, буьйсанна Садовое олучу меттехь хилла луьра тIом а, иза сахилале шаьш схьаяккхар а. ТIом дIабаьллачул тIаьхьа Ярославле хьажийна Ваха. Цигахь «Росснаббытехь» болх бина.
ТIеман хенахь Вахин доьзал Москвахь, К.Марксан урамехь Iаш хилла, ткъа Ваха Ярославлехь волуш, цуьнга цIакхойкхуш кехат деана. ЦIавоьдучу новкъахь, цIерпошта тIера охьавоьссина схьавогIуш, хIинца ша мича ваха веза техьа бохуш, ойланаш еш хилла. Дикка гена ваьлча ловзуш бераш гина цунна, цаьрга К.Марксан урам мичахь бу хоттур ду-кх ша, аьлла тIеволавелча, корехь шен ненах бIаьрг кхетта хилла Вахин. Шайн цIенна хьалха сецца хилла иза.
З.САГАЕВА
Авторан сурт
№5, шинара, кхолламан (январь) беттан 19-гIа де, 2016 шо