БIаьрга дуьхьал – марха

Мичара даьржа вайна юкъехь тайп-тайпана эладитанаш? Мичахь бу церан орам? Мел чIогIа халахеташ делахь а, вайна юкъахь бу уьш, шайх дукхах берш вайца гергга уьйраш а латтош. Церан лергана ца хезаш ца дуьсу шимма цхьаьна хIуманна реза воцуш вовшашка цхьацца латкъамаш беш  дечу къамелах масех дош а. Царна оьшуш бац дийнна къамелан чулацам, дуьйцуш дерг стенах лаьцна дара бохург. Коьртаниг хIума десто, доцург, хила йиш йоцург кхолла бахьана даьлла. ТIаккха кар-кара а оьцуш, эладита хуьлий даьржа иза. ТIаьххьарчу чоьтехь  мичара схьадаьлла а ца хаьа, цхьана хенахь динчу къамелана юккъера ийзош дешнаш-м муххале а. Цуьнан юьхь йолийнарг шен коьртачу  Iалашоне кхаьчна – адамийн дегнашкахь шеко кхоьллина.965672_-spletni-

    Иза эладитанаш кхолладаларан а, даржаран а цхьа агIо бен яц. Йолуш ю цуьнан кхин  агIо а. ХIокху могIанийн автор кIезиг ца лаьттина адамийн хьашташ кхочушдарна лерина кхоьллинчу социальни учрежденешкахь гIуллакх къасто шен рагI тIекхачаре хьоьжуш. Меллаша тIекхочуш йолчу оцу рогIехь, шайн лазам дIабаккхаре сатуьйсуш, со санна, баьхкинчаьргара дуккха а хIуманаш хеза, дукха хьолехь шайн цхьа а тайпа бух боцуш уьш делахь а.

Хан дIаяхарца рагI меллаша яцлуш хиларна резавацар хоуьйту цуьнан чаккхенехь лаьтташ болчарна юкъахь цхьамма. Цуьнца реза хуьлу юххерниг, кхоалгIаниг, кхидIа а. Цхьана декъана-м царна бехк буьллийла дац, хIунда аьлча, уьш тIеоьцуш, церан хьашташ кхочушдеш берш тIех паргIат, партала хиларна. ТIевеанчо шена оьшург дуьйцучу юкъана хьашташка ладугIуш йолчунна (волчунна, тIаьххьарчу хенахь зударшца, зудаберашца цхьаьна адамийн хьашташ кхочушдарна юкъабалийна кегий нах а) хьалха Iуьллуш йолу телефон ека. Бехк цабиллар дехар-м хьеха а стенна дора, тIевеанарг (еанарг) шен дел-ненал а воккха велахь а, царна хьалха гIиллакхана мукъана а эхь-бехк ца лоцуш, дагара дийца йолало иза шеца зIенехь волчуьнца. Белхан декхарш кхочушдарца доьзна доцу къамел хаъал дахло.

Я ахьа къа-бала балхош лаьтташехь, хьала а гIоттий, шен гIуллакхе йоьду (воьду) белхахо. Цу юкъа дикка хан йолахь а, къамел чекхдалаза верг бехк баккха ца хIутту цуьнга – дуккха а долчунна цунах доьзна ма-ду хьаштахочо тIедеана гIуллакх. Цундела адамаш шайх озалойла а хууш, шайн лааме хьаьжжина  лелайо цара адамашца йолу юкъаметтигаш: кIоршаме бистхила а тарло, шайна тIедеана гIуллакх кхочушдарна, цхьа бахьана а хIоттийна, дуьхьало яр а царах доьзна ду.

ТIаккха, тIеттIа алсамбовлу резабоцурш, шайна юкъахь эладита кхолла, даржо кийча берш а болуш. Шен карахь, олуш ма-хиллара, туьха дехккал а хIума доцуш волчу уггаре а лахарчу тIегIанан цхьана белхахочо хьакъ ма-дду шен декхарш кхочушдеш цахиларна дерригенна бехке лара доладо Iедал. Коьрта бехк хьанна тIехь бу гайта гIерташ санна,   тIехула хьала пIелг хьежо болабо – «деца-хьуна, цигара схьадолуш ду бала хьегар. Уьш халкъехь долчу хьолан бала болуш бац, шайн гIуллакх нисделчхьана». Иштта дIайолало адамашна юкъахь цатешаран хьал кхолла гIерташ даржош долчу эладитийн юьхь.

И эладитанаш бакъдерг хеташ тIеоьцуш болчара ойла ца йо шайн хьашташ дан ма-дезза кхочушдеш воцчу клеркана (ма-дарра аьлча, хьадалчина) тIехь шен хьаькам хиларан, жоп уггаре а хьалха цуьнга деха дезаш хиларан хьокъехь. Ткъа цо могуьйту шен куьйгаллина кIел болчара лелош дерг. Иза кхета ца туьгу эладитанаш кхолларна, даржорна ондда бух буьллуш берш шех тешийначу учрежденера хиларх.

Шега аьллачух бер санна теша нохчийн халкъ. Цунах шуьйра пайдаоьцу зуламан дайша. ХIораннан а лерехь дека адамийн дахарехь нислуш йолу галморзахаллаш республикин куьйгаллин бехкенна хиларх уьш тешо гIертар. Масала, цхьана хIуманна тIехь стеган аьтто ца нисбеллехь, уггаре а хьалха бехк оцу куьйгаллин бу, базарахь мехаш тIекхеттехь, тIаккха а цо халкъана ницкъ бан Iалашо хIоттийна, хIусамашка догIуш долу  довха хи сациний – куьйгалле жоп дехар хьалха хIоттадо. Кхин а масане ду уьш, оцу хIора декъах жоп луш билггал адамаш дуйла шайна хуъушехь, Iедалан коча туьйсуш дерш!

Оцу тайпана дийнахь а, буса а къайлах-къулах цхьана метте етташ йолчу зIакаро шен «тIаьхьенаш» ло: кар-кара оьцуш даржа долало «элирий-бохурий».  Ойла ян меттиг ца юьту шена тIедиллина декхар хIораммо а  хьакъ ма-дду  кхочушдича юкъара галморзахаллаш дIаевриг хиларан хьокъехь. БIаьрга дуьхьал еана марха санна, гIаларташ бен кхин хIума ца го лерехь шайга дуьйцучух теша кийча болчарна. Ткъа лерехь хаддаза дека – Iедал адамийн хьашташка ладугIуш дац, дахаран хьал тодарна тIехьажийна деш дерг Iаламат кIезиг ду, болх бан меттиг яц. Дуккха а ду уьш, бух боцуш кхуллуш дерш!

Iехабеллачаьрга, аз лахдина дуьйцучух теша кийча болчаьрга мохь тоьххана кхайкха лаьа, «самадовла, дIасахьовса гонаха, тидаме эца хIора дийнахь республикин дахарехь хуьлуш болу бIаьрла хийцамаш. Уьш-х бIаьрзечунна а гуш бу!». Кхин хIума ца хилча а, дуьххьалдIа овкъарш юккъера гIаьттина йолу Соьлжа-ГIала масална ялийча а тоьар ду уьш самабовла, эладитанчаша лелош дерг зулам даржо Iалашо йолуш лелош хилар гайта. Говзанчаша чIагIдора хIетахь, гIала меттахIотто иттаннаш шераш оьшур ду. Амма Кадыров Рамзан Нохчийн Республикина коьрте хIоьттина итт шо а дац. ДIахьовса дуьххьалдIа цуьнан куьйгаллица динчу гIуллакхашка, кхузахь хиллачу хийцамашка, йоццачу хенахь меттахIоттийна ца Iаш, Къилбаседа Кавказехь а уггаре хазачарах  хилла дIахIоьттинчу  вайн коьртачу шахьаре, кхечу  гIаланашка, ярташка. Иза дац-ткъа адамийн гIайгIабар, дахаран хьал тодарна тIехьажийна деш долу гIуллакхаш?

Амма, бакъду, цкъачунна буьззинчу барамехь дIаяккха ницкъ ца кхаьчна белхазалла. Оццу хенахь цунах байракх йинчарна дустарш дан ца лаьа, кхин гена ца кхийдаш, пхи шо хьалха а, тахана долуш долчу а хьолан. Уьш царна ца оьшу бакъдерг ма-дарра гучудериг хиларна. Буьрсачу  шина тIеман шерашкахь йохийна   хиллачу республикехь  йоццачу хенахь оцу кепара Iаламат баккхий хийцамаш хиларе кхача даккхий хьуьнарш оьшура. Кхин цхьаъ хьакъ  ду билгалдаккха – тахана регионехь белхазалла Россин юкъарчу барамел лакхара цахилар.И гIуллакх регионан куьйгалхочо шен хIора дийнан тергонехь латтош хиларан башха тIаьхье ю иза.

Я хьовса тахана экономикехь билггал долуш долчу хьоле. Бакъонца хIора дийнахь чIагIлуш, кхуьуш ю иза. Шен ондда дош ала йолаелла республикин промышленность, хьакъ боллу мах хадош тIеоьцу цуьнан продукци. Балхана юкъаялайо тIеттIа керла производствош.ХIора шарахь хьалхахьа яккхий гIулчаш йоху вайн юьртан бахамо. ТIеттIа керлачу дозанашка кхийда Нохчийчоьнан латталелорхой. Р.Кадыровн а, цуьнан гIоьнчийн а дахаран коьрта гIуллакх хилла дIахIоьттина социальни декъехь долу хьал. Цунна къеггина тоьшалла ду еш йолу больницаш, школаш, спортан комплексаш, адамийн дахар тодарна тIехьажийна деш долу кхин гIуллакхаш.Амма и дерриге а хьесапе эца доьналла ца тоьа эладитанчийн, царна хьаам ца бо дахарехь хуьлучу оцу хийцамаша. ХIунда аьлча, Iалашо кхин ю: массарна а дицделла бух боцу ширделларг карладаккхар, шеконан зирх тасар, цIена дерг, сирла дерг бехдан гIертар.

КIезиг дац республикехь юкъараллин хьал тодарна тIехьажийна дан лерина гIуллакхаш нийсса бIостанехьа гайта, иза шеконе дилла гIертар а. Схьалоцур вай масална дIадаханчу аьхка Гуьмсехь хилла некъан бохам. Дуккха а болчарна тахана а бицбалаза бу иза. И тайпа хиламаш алсамбовларца доьзна хIетахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо хьокъала йоллучу органашна тIедиллира регионехь  некъан боламна тIехь латтош болу таллам чIагIбар, некъан боламан бакъенаш талхош болчарна хьакъдолу  таIзарш дар. Иза сихха хааделира некъашкахь: алсамъевлира посташ, некъан боламан дакъалацархошка цара беш болу лехамаш. Шашаха кхеташ ду, мелла а тодала доладелира некъашкахь долу хьал а.

Амма вай буьйцуш болчу эладитанчашна кхин гира адамийн кхерамазалла чIагIъярна тIехьажийна некъашкахь хуьлуш йолу авареш лахъян а, некъан бохамашкахь адамийн даларш лахдан а Iалашо йолуш, церан барам алсам а боккхуш, некъан инспекторийн болх чIагIбарца доьзна динчу тIедахкаршкахь.  Кар-кара а оьцуш, вай долчохь хьовха, дуьненахь а даьржира  республикин дозанашкахь Шемахь цуьнан халкъана дуьхьал тIом бинарш баьржина хилар. Уьш мичахь, хьанна гина бохург юкъадогIуш а дацара. Коьртаниг – «лерехь бина хаам» бакъбина тIеийцира теша кийча болчара. Цара хьесапе ца оьцура, я эца а ца лаьара, Кадыров Рамзана иштта эладита даржарца доьзна дина дIахьедар: нагахь буьйцуш болу и тIемалой билггал цигахь хиллехь, некъашкахь латтош болу таллам чIагIбаран меттана уьш сихха хIаллакбарна тIехьажийна билггал  гIуллакхаш дина хир дара.

Мел хIуъа дийцича а, тIе ца лацало «бакъонна» тIегIерташ болчаьрга республикехь хуьлуш болу башха хийцамаш. Уьш шеконе дилла гIерта бюджетан ахчанах нийса харжаш йо бохург, иза билггалчу Iалашонна хьажош хилар. Шайна юкъахь спортан объекташ а йолуш, регионехь тахана оьшуш йоцу дукха объекташ йо аьлла хета царна. Бакъду иза,  махкахь а гIараяьлла республика шен гIишлошъяран индустри сихачу боларшца кхиарца, шуьйрачу барамашкахь еш йолчу тайп-тайпанчу Iалашонан гIишлошца, алсамболуш болчу чохьIачу хIусамийн барамца, спортана лерина еш йолчу объекташца.

Ткъа спортах шех аьлча, махкахь а гIараяьлла ю вайн регион  спорт кхиорца, цунна кегийрхой юкъаозорца, стадионаш, спортан кхийолу майданаш ярца. Тахана республикехь цхьа а юрт карор яц спортан зал, стадион йоцуш. Цкъа а гур яц уьш яьсса лаьтташ.  Цигахь  бIеннаша кхиазхоша, кегийрхоша лакхайоккху шайн корматалла, кест-кеста дIахьош долчу къийсадаларшкахь  дакъалаца кечамбо. Могаш, доьналла долу къона чкъор кхиор регионан Куьйгалхочо шен хаддазчу тергонехь латторан башха тIаьхье ю иза. Аьлча а, билггалчу гIуллакхашца буьззинчу барамехь кхочушъеш ю кхузахь  къона тIаьхье кхиоран леррина йолу программа. Жимма а кхетам болуш волчунна цу тIехь вониг ган хIума ду аьлла ца хета суна.

Иштта бакъдерш тахана вайн Нохчийчохь ког мел баьккхинчохь гуш ду. Уьш ган, хьакъ боллу мах хадо оьшург цIена ойла ю. Цара сацам боллуш  хадабо «диканиг луучара» кхуллуш долчу эладитанийн бух. Къеггина гойту адамийн дахар кхидIа а тодарна тIехьажийна регионан куьйгалло дина а, деш долу а  гIуллакхаш. Цуьнан кара белла халкъо шен кхоллам, шен кхане кхин а сирла хирг хиларх даггара тешна а долуш. Цундела эрна ду  «халкъана дика болх хуьлийла лууш болчара къахьегар», чекхъевр яц цара лелош йолу ямартлонаш. ТIаьхьа доццучуьра царна гIолехь дерг, шайн бIаьргаш дуьхьал еана марха  дIа а яьккхина, юкъараллина пайдехь хьакъ боллу декъашхой хилла дIахIиттар ду. Тахана лелош долчун чаккхе цара толам боккхуш йоьрзург цахилар хьесапе эцча-м муххале а.

Л.МАГОМАЕВ

№5, шинара, кхолламан (январь) беттан 19-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: