Буркина-Фасон пачхьенехь Уагадагухь террористаша шина хьешацIенна тIелатар а дина 27 стаг вийна, 30 стагана чевнаш йина. Зуламхойх виъ стаг вийна полицис. Оцу зуламах долу жоьпалла тIелаьцна «Аль-Каидо».
***
Шемарчу Дэйр-эр-Зор шахьарара маьрша 400 стаг амалтана дIалаьцна «Иблисан пачхьалкхан» гIеранаша. ТIом болабелчахьана дуьйна а террористаша гуо лаьцна латтош ю и шахьар.
***
ТIаьхьарчу бIе дийнахь, Россин тIеман кеманаша гIо а деш, Шеман Iедалан эскарша «Иблисан пачхьалкхан» гIеранашкара схьаяьккхина 271 юрт а, гIала а.
***
ОвгIанан малхбалехь террориста, ша-шен а оьккхуьйтуш, зулам дина. Цигахь 13 стаг кхелхина, 11 стагана чевнаш йина.
***
Мисарехь боккха некъан-транспортан бохам хилла. Оцу бохамехь 8 стаг кхелхина, 13 стаг лазийна.
***
США-с а, Евросоюзо а дIаяьхна Иранна дуьхьал йина хилла политикин а, экономикин а санкцеш. Бакъду, США-с цхьайолу коьрта санкцеш дIа ца йохуш йитина.
***
Иранан куьйгалла, санкцеш дIаяхарх пайда а эцна, герггарчу хенахь кхечу пачхьалкхашна мехкадаьтта дохкар шозза алсамдаккха дагахь ду. Оцо кхин а охьабоккхур бу мехкадаьттан мах.
***
Желтойчоьнан пачхьенехь Афинехь йоккха митинг дIаяьхьира бахархоша. Урамашка бевллачара дIахьедира правительствос дIахьош йолчу пенсионни реформина шаьш реза цахилар.
***
Германерчу Дюссельдорфехь полицин белхахоша Къилбаседа Африкера баьхкинчу мигранташна юккъера 40 стаг схьалаьцна. Уьш бехке беш бу къоланаш дарна.
***
Чехин Президента М.Земана дIахьедина бусалба пачхьалкхашкара мигранташ шайн пачхьалкхехь тIеэцарна ша дуьхьал хилар.
***
Доккха ло диллар бахьана долуш Болгарера 450 эзар стаг электросерло йоцуш висина.
***
Украинехь «свиной» гриппан (АНIN) ун даьржина. Цигахь оцу цамгарх иттех стаг кхелхина. И цамгар яржа йолаелла Краснодарски крайхь а. Больнице охьавиллина 30 сов стаг, 4 стаг кхелхина.
***
Диъ миллион сом ахча а эцна къайлаваьлла Казанера инкассатор. Цунах хилларг хууш дац. ДIахьош ду цуьнан лар лахар.
№5, шинара, кхолламан (январь) беттан 19-гIа де, 2016 шо