Вай дебаш ду

Цхьана шарахь 24800 стагана

алсамбаьлла республикерчу

бахархойн барам

   Россин Федерацин пачхьалкхан статистикин федеральни гIуллакхан Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин куьйгалхочун заместитела Магомадова Раисас бинчу хаамца 2015-чу шеран 1-чу ноябрана долчу хьолаца республикин бахархойн барам 1 миллион 391 эзар стаге кхочу.

   ХХ-чу бIешеран чаккхенехь тIеман хиламаш бахьанехь дикка лахбеллера республикин бахархойн барам. Оцу муьрехь дукха адам кхечу регионашка а, мехкашка а дIа а дахара. Иштта, ХХI-чу бIешеран юьххьехь Нохчийчохь бехачу бахархойн барам 1 миллионе а ца кхочура.

   2014-чу шеран ноябрь баттаца дуьстича, 2015-чу шеран ноябрехь тIекхеттарг 24800 стаг ву. Р.Магомадовас дийцарехь, бахархойн барам алсамбалар, коьртачу декъана, доьзна ду дуьнен чу довлуш долу бераш дуьненара дIакхелхинчарел дикка алсам хиларца. 2015-чу шеран январь-ноябрь беттанашкахь дуьнена даьлла 29498 бер. Хазахеташ ду кегийчу берийн кхалхаран («младенческая смертность») коэффициент лахъелла хилар. 2015-чу шарахь и гайтам 11,8 процент бара, 2014-чу шарахь 15,4 процент хилла. Оццу хенахь (2015-чу шеран январь-ноябрь) тайп-тайпана цамгарш бахьанехь кхелхина 6059 стаг. 2014-чу шеран оццу муьраца дуьстича кхелхинчийн барам а лахбелла (2014-чу шеран январехь-ноябрехь кхелхинарг 6123 стаг вара).

   Керла доьзалш кхоллабаларх аьлча (цхьана декъана, дуьнен чу довлучу берийн барам цуьнца боьзна ма бай), 2015-чу шарахь керла доьзалш кхоьллира 7275 стагий, зудчой, ткъа дIасакъастаран хьокъехь дIахьедарш дина 959 хIусамдассий, хIусамнанассий. 2014-чу шарахь и терахьаш 7563 а, 1068 а хилла.

   ХIокху терахьийн жамIаш деш, кхаъ хиларца билгалдаккха догIу республикехь бехачу бахархойн барам шо шаре даларца алсамболуш а, и, коьртачу декъана, дуьнен чу довлучу берийн барам лакхара хиларца доьзна а хилар.

Дала дебадойла вай!

Хь.ДОВКАЕВ

 

№5, шинара, кхолламан (январь) беттан 19-гIа де, 2016 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: