чIагIдира республикин Парламентан Председатела М.Даудовс
Нохчийн Республикин Парламентан спикер Даудов Мохьмад масех де хьалха цхьаьнакхийтира Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университетан белхахошца а, студенташца а.
Даудов Мохьмада билгалдаккхарехь, студенташца цхьаьнакхетар дIадахьаран Iалашо яра: студенташкахь хIун хьал ду, церан сагатдеш муьлха проблемаш, г1уллакхаш ду хьажар.
– Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) некъаца схьадогIуш ду вай. Цунах бахьана даьлла, Делан пурбанца вайн халкъо шен мохк кхиорехь боккха болх бина: гIишлошъярехь, экономикехь, спортехь, могашалла 1алашъярехь, дешарехь, иштта кхечу дакъошкахь а. Ойла йича, баккхий кхиамаш бу баьхнарш. Вай хьахийна болу кхиамаш т1ебуза лаам белахь, вайн тIекхуьучу чкъоро дешарна алссам тидам тIебахийта беза. Амма цул сов, балхах къехкаш а боцуш, бусалбан дино бохург а деш, нохчийн къоман Iадаташ а, ламасташ а, мехкан законаш а лардеш хила беза кегийрхой, – элира М.Даудовс.
Иштта шен къамелехь цо кегийрхошка дехар дира харц тобанийн векалшка шаьш Iеха ма дайтахьара аьлла. Цунна хетарехь, оцу харц тобанийн коьрта Iалашо ю Нохчийчуьра хьал карзахдаккхарца Россин Федераци гIелъян а, йохо а г1ортар.
Цул тIаьхьа вузан 1-чу корпусан актови зала чохь болчу студентийн аьтто белира шайна хетарг довзийта а, хатта а. Студенташа дуккха а мехала хаттарш дира М.Даудовга. Масала, Нохчийн Республикин мехкадаьттан промышленность кхиарх, «Терек» ФК-н хьолах, кегийрхойн юкъараллаша бечу балхах, нохчийн къоман Iадаташ а, ламасташ а лардарх а, даржорах а, иштта кхечунах а лаьцна.
Цхьаьнакхетар дерзош, республикин Парламентан спикера тIекхуьучу говзанчийн тIаьхье беркате а хуьлийла шена лууш хилар д1а а хоуьйтуш,, шайн къоман дуьхьа къахьега элира цаьрга.
И. ХАСАХАНОВ
№5, шинара, кхолламан (январь) беттан 19-гIа де, 2016 шо