кхуллуш бу нохчийн охьатохархлатархойн рогIера толамаш
Тюменехь чекхъяьлла Поддубный Иванан цIарах йолу греко-римски кепара охьатохархлатархойн дуьненаюкъара турнир. Россин тоьллачу охьатохархлатархошца цхьаьна цигахь дакъалецира кхечу мехкашкарчу а спортсменаша. Верриге а 200 сов стаг вара турнирехь дакъалаьцнарг. Карара шо Олимпиадин ловзарийн шо хиларе терра, спортсменашна дукха мехала ду хIора турнирехь толаман меттиг яккхар. Ма-дарра аьлча, дIадоьдуш ду Олимпиаде бохуьйтур болу спортсменаш къастор. Цунна дара И.Поддубныйн цIарахчу турнирехь толаман меттигаш къуьйсуш таханлерчу денна Россехь уггаре а тоьлла охьатохархлатархой хилла хилар, шайна юкъахь Олимпиадин, дуьненан, Европин чемпионаш а болуш.
Россин греко-римски кепара охьатохархлатархоша командашна юкъахь хьалхара меттиг а йоккхуш, йирзира турнир. Ерриге а 7 дашо мидал яра россихоша яьккхинарг. Вайна кхоэ дерг царах кхоъ нохчийн охьатохархлатархоша яьккхина хилар ду. Ша аьлча, И.Поддубныйн цIарахчу турнирехь хьалхара меттигаш яьхна Лабазанов ИбрахIима, Альбиев Ислам-Бека, Лабазанов Чингиза. Вайн спортсменаша Олимпиаде боьдучу новкъахь яьккхина мехала гIулч ю иза, цуьнца цхьаьна кестта хир йолчу Европин чемпионате баха бакъо а яьккхина цара.
Хь.АБАЕВ
№5, шинара, кхолламан (январь) беттан 19-гIа де, 2016 шо