Нохчийн махкарчу химин Iилманехь цхьаъ бен йоцу зуда, Іилманийн доктор Хасбулатова Зина, муьлхха а Iилманан стаг санна, шен Iилманах лаьцна дуьйцуш хазахеташ ю. Ткъа химига безам дукха жималлехь кхоллабелла цуьнан. «7-чу классехь дуьххьара школехь хими Iамаян йолаелчхьана а иза цхьа инзаре исбаьхьа Iилма хилар гучуделира суна, – дагалоьцу Зинас, – тхан химин хьехархо Таменова Зайпыш Юнусовна а яра иштта тамашийна стаг. Цуьнан урокехь болх бан безаш хуьлура тайп-тайпанчу коьчалшца, пробиркашца, цIарца. Кхечу урокашкахь «дика бер» хилла IадIан дезахь, химин урокехь иза аьттехьа а дацара. Къахьоьгуш верг къаставора хьехархочо, цунна кхин а алсам декхарш тIедохкура. Нагахь хьо химина «5» дезаш велахь, массо а тема юьххьера дуьйна дIайийца езара. Къахьега цалуург а нислора, амма урокана кечам база веанарг наггахь а ца хуьлура. Ткъа сан чIогIа самукъадолура химин урокехь. Бераллехь дуьйна тхо 8 доьзалхо халонах бIокъажо ца Iамийнера дас-нанас, къахьегаро стаг хазво, цуьнгахь доьналла алсамдолу, цуьнан нахалахь дош лела, бохуш кхиийнера. Цундела массо а лаккхара дешар дешна ду тхо».
Хьалха-Марта районерчу Шалажера схьаваьллачу Хасбулатов Сайдин доьзал тIаьхьо бен ца бирзира Казахстанера цIа. Бераша дешар чекхдаккхалц а, эскаре бахнарш цIа берзаллац а Алма-Атахь бехира уьш. 1979-чу шарахь Зинас чекхъяьккхира Казахски пачхьалкхан университет. Цигахь доьшуш а химин Iилманехь керланиг довза, сахьташкахь лаборатори чохь болх беш сакъералуш хуьлура йоI. Дешар дIадирзинчул тIаьхьа, масех шарахь Талды-Курганан областехь химин, биологин хьехархочун болх бира цо. Ткъа 1982-чу шарахь Нохчийн пачхьалкхан университетехь биоорганически химин кафедрехь ассистентан болх бан йолаелира.
Цо ма-баххара, химин Iилма дезаро ялийра иза Москварчу химико-технологин институтан аспирантуре. «Дийнахь 14–18 сохьтехь лабораторехь болх бан карахдолура сан, – дагалоьцу Зинас, – хууш ма-хиллара, химин Iилманехь керланиг хIоранна а шен-шен ду, цхьаммо а ца теллинарг, цхьаммо а цадинарг каро атта дац». Оцу атта боцчу белхан жамI дара 1995-чу шарахь нохчийн йоI химин Iилманийн кандидат хилар. Ткъа 2011-чу шарахь ГIебарта-Балкхаройн пачхьалкхан университетехь докторан диссертаци а чIагIйира цо.
1991-чу шарахь Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтерчу биоорганически химин кафедрин лаккхарчу хьехархочун даржера химин кафедрин куьйгалхочунна тIекхаччалц кхиъна Зинин белхан корматалла.
Ала деза, Iилманах мукъа хан ян а ца еана цунна. Цунна тоьшалла ду З.Хасбулатова автор йолуш 130 сов зорбанера арабевлла Iилманан белхаш а, ши монографи а, дешаран пособеш а хилар.
Хьехархойн институтан химин кафедра иза дешаран-Iилманан пхьалгIа ларало. Кхузахь къахьоьгуш 3 химин Iилманийн доктор а, 6 химин Iилманийн кандидат а ву. Царна юккъехь ю Зинин йоккхахйолу йиша Алихаджиева Баянт а.
ТIеман шерашкахь хIаллакьхилла лаборатореш меттахIиттоза ю институтан, амма цунах бехказло яр доцуш, мехкадаьттан университетан лабораторешкахь къахьоьгу кафедрин къоначу хьехархоша. Ткъа шайн Iилманан-талламан белхан жамIаш тIечIагIдо Москварчу пачхьалкхан хьехархойн институтехь а, Дагестанан пачхьалкхан хьехархойн университетехь а, ГIебарта-Балкхаройн пачхьалкхан университетехь а.
Химин Iилма кхиорехь З.Хасбулатовас ондда дакъалацар билгалдаьккхира 2010-чу шарахь Р.Кадыровн указца «Нохчийн Республикин Iилманийн хьакъйолу гIуллакххо» аьлла сийлаллин цIе цунна яларо а, Къилбаседа Кавказехь дIаяьхьначу «Адамаш а, хиламаш а 2011» цIе йолчу конкурсехь «Шеран Iилманан белхахо» номинацин лауреат иза хиларо а, 2012-чу шарахь «Дато бухIа» совгIат цунна даларо а, Къоман юкъараллин «2012-чу шеран адам» преми цунна магаяро а.
Хууш ма-хиллара, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтан «хими-биологи» корматаллина Iемаш дукхахберш мехкарий бу. Республикин школашкахь оцу предметийн урокаш луш берш а уьш бу. Гуш ду, Нохчийчохь «хими» Iилма зударийн карахь хилар. Царна тIехь ду оцу Iилманан сий айдар а, керлачун анайисташ карор а. Схьахетарехь, Хасбулатова Зинас урхаллин юьхь лаьцначу Нохчийчоьнан химин Iилманан хиндерг кIезиг дац.
Россин Iилманан денца Зинин цIарца вайн зударий-Iилманчаш декъалбан лаьа тхуна. Дала аьтто бойла церан нохчийн къоман юьхь Iилманан некъа тIехь ларъян а, айан а!
Т.САРАЛИЕВА
Суьрта тIехь: З.Хасбулатова, дуьххьарлера нохчийн зуда химин Iилманийн доктор
