Республикехь инвестицешна бегIийла хьелаш кхолларан Iалашонца 2015-чу шарахь Нохчийн Республикин Правительствос чIагIйина хьалхарчу рогIехь кхочушъян езаш йолу 54 инвестпроект.
2015-чу шарахь бюджетан инвестицеш кхочушъян Нохчийн Республикин бюджетера къастийна 10758656917 сом ахча. Инвесторшна гIо дархьама кеч а йина, чIагIйина республико пачхьалкхан тешам баларан 916141600 соьман барамехь йолу программа.
Цунах лаьцна хаам бира Нохчийн Республикин финансийн министра Рассуханов Iусмана. Цо дийцарехь, кредитни организацешкара юкъаузучу кредиташкахь лучу проценташна республикин бюджетера субсидеш делла 423955400 сом. Цул совнаха, жимачу а, юккъерчу а предпринимательствон гIолоцу 344826439 соьмана. Цунна юкъайоьлху гранташ, кегий займаш ялар, кредиташкахула юкъара хилар (тешамаш балар).
«Нохчийн Республикин финансийн министерствос кхул тIаьхьа а дан тарлуш дерг дерриге а дийр ду республикехь болх беш болчу инвесторшна гIо дарехь», – билгалдаьккхира министра.
С.МАМАЕВ
№5, шинара, кхолламан (январь) беттан 19-гIа де, 2016 шо