Р.Кадыров: «Наркотикашка вайн кегийрхой хIаллакбайта йиш яц»

Стага деш долу диканиг, иза милла велахь а, ган а деза, къобалдан а деза вай, цуьнан гIолаца а деза. Вайн республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Iаламат дукха гIуллакхаш до вайн кегийрхой наркотикех ларбархьама, уьш нийсачу новкъа бахархьама. Хаддаза уьш кхетош, царна диканиг хьоьхуш, марздан гIерташ къахьоьгуш ву иза.600_default

Иштта, масех де хьалха цуьнан къамел хилира наркотикаш юхкуш, узуш, царах пайдаоьцуш болчу кегийрхошца. Жимма а яхь йолуш, эхь-бехк долуш волчо, Кадыров Рамзанан и къамел, и хьехар хезначул тIаьхьа наркотикех пайда-м муххале а оьцур бац, уьш йохка а, нахана юкъахь яржо а ара а вер вац.

Дас шен доьзалхочунна санна, эхь хоьтуьйтуш, церан дагах, сих кхетар долчу кепара хьехар дира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо наркотикаш юхкуш болчу, наркотикаш тухуш, узуш, молуш болчу кегийрхошна. «Вай даима а дуьйцуш ду наркотикаш а, терроризм а дуьненна уггаре а чIогIа кхераме хиларх лаьцна. Вайн наркотикашка кегийрхой хIаллакбайта, уьш кханенах хадабайта йиш яц. Шух хIораннан а доьзалш бу. ЦIахь шуьга хьоьжуш шун гергарнаш бу: да, нана, йиша, ваша, бераш. Церан ойла мукъане а хIунда ца йо аш? Шаьш хIаллакьхилла ца Iаш, шайн доьзалш хIаллак ма бо аш. Къа дац церан», – бохура Кадыров Рамзана.

Кортош охкийна, хетарехь, юьхьIаьржа хIиттина лаьттара кегийрхой. Цаьрга, шаьш лелочун ойла а яй, хьанал къахьоьгучу шайн нийсархойн могIаршка дIахIитта, шайна а, шайн доьзалшна а, халкъана а, махкана а пайде  хила хьовса бохуш хьехар дора регионан Куьйгалхочо. «Шух цхьа а кхоччуш кхеташ вац шаьш юьхьарлаьцначу харц некъан тIаьхье мел ирча, мел къаьхьа хуьлу бохучух. Шун тIаьхьа ницкъ кхочур бац и гIуллакх дIатаса. Дакъаза девр ду шу. Хьовсийша, шу дерриге а хаза а, товш а, ницкъ болуш а ду. Шу дерриге а хаза даха дезаш ма ду, кхиберш санна», – элира Р.Кадыровс.

Цул тIаьхьа дийцира наркотикаша корта бахийнарш террористийн идеологашна, вербовщикашна Iехо, шайна тIеберзо атта хуьлуш хиларх лаьцна. «Шу саннарш лоьхуш арабевлла лелаш ма бу уьш. Наркотик ца хилча ца мегачу хьоле ваьлларг, шена  и дIовш делчахьана террористаша боххург дан реза хуьлу, цо муьлхха а зулам  а до. Цундела дита наркотиках пайдаэцар а, уьш йохкар а, эцар а. Ма довла дакъаза. ЮьхьIаьржа ма хIиттабе шайн гергарнаш, тайпа, тукхам. Шаьш а ма хила юьхьIаьржа. Кхана тIаьхьа хир ду. Тахана дуьйна могашчу дахаре юхадерза. Ши бIаьрг схьабелла…», – хьехар дира Кадыров Рамзана.

Теша цуьнан къамел а, хьехар а церан кхетаме, дегнашка дIакхаьчна хирг хиларх.

 

Д.АНАДЕВ

№5, шинара, кхолламан (январь) беттан 19-гIа де, 2016 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: