Ставрополан крайн Георгиевск гIалахь дIаяьхьира греко-римски кепара охьатохархлатарехула кегийрхошлахь регионашна юкъара турнир. Цигахь дакъалоцуш вара СКФО-н, ЮФО-н субъекташкара 180 спортсмен. Кхаа дийнахь къийсадаларш дIадаьхьначул тIаьхьа вайн махкахошлахь шайн-шайн йозаллин категорешкахь хьалхара меттигаш ехира Закриев Эрзус (27 кг) – №17 йолу ДЮСШ, Магомадов Ислама (29 кг) – №7 йолу ДЮСШ, Муцаев Ахьмада (50 кг) – Ленински районера ДЮСШ, Юсупов Байсангура (54 кг) –Ленински районера ДЮСШ. ШолгIа меттиг яьккхира Дакаев Ислама (24 кг) – №7 йолу ДЮСШ. КхоалгIа меттиг – Дадаев Адама (58 кг) – РДЮСШ, Абиев Асхьаба (60 кг) – Ленински районера ДЮСШ.
Оцу кхиамашка вайн спортсменаш кхачийнарш бу церан тренерш: И.Исраилов, А.Хамзаев, Б.Тулаев, А.Вазаров, М.Бециев.
Толамхой билгалбехира мидалшца, кубкашца, Сийлаллин грамоташца.
З.ШИШХАНОВА
№6, еара, кхолламан (январь) беттан 21-гIа де, 2016 шо