ХIокху беттан хьалхарчу деношкахь дуьйна Нохчийн Республикехь дIадолийна некъан боламан бохамашкахь таксисташка сихачу гIоьнан службашна (экстренным службам) гIодайтарна тIехьовсийна гIуллакхаш.
Нохчийн Республикехь «Кавказ безопасности» проектаца нийса а догIуш, 2016-гIа шо чекхдаллалц Соьлжа-ГIалара таксопаркашкара водительш Iамор бу некъан боламан бохамашкахь лазийначарна гIо дан.
Iаморан хьалхара де дIадаьхьира «Желтое такси» фирман таксопаркан кертахь. И гIуллакх дIадаьхьнера, Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу коьртачу Урхаллин хьаькама Яхьяев Руслана тIедилларца.
Водительш Iаморан болх дIахьош бара, корматаллин кIелхьарабахархой а, МЧС-н медикаш а. Уггаре а хьалха царна Iамийра реанимационни белхашца доьзна дерг. ЦIий сацоран болх а, йохийначу машенчура лазийнарг схьаваккхаран кеп а, цIе яьллачу меттехь, цIейойъург нийса лелоран хьал а довзуьйтуш.
МЧС-н пресс-службин хьаькама Тайсумов Тимура ма-аллара, вайн республикера таксисташ ларамаза Iамош бац цу гIуллакхана. ХIунда аьлча, таксисташ гуттар а бохург санна, некъаца хуьлу. Дукха хьолахь некъан бохамна хьалха тIенислуш берш уьш бу.
– Оцу гIуллакхехь дакъалоцуш волчу хIораннан а аьтто белира больнице кхачоле хьалха гIодаран некъ бовза: хIорамма а, оцу балхана кечвина адамийн суьртехь йолу робот «ден а йира» цхьаболчара лазийна кеп а хIоттош, кхечара уьш кIелхьара бохура. Иштта, водительшна гайтира стаг кIелхьара ваккха мегар долуш, машена чохь муьлха гIирсаш бу. Масала, жгутан меттана лело мегар ду доьхка, – билгалдаьккхира Тайсумов Тимура.
ХIора а «Желтое такси» машена чохь хир йолуш ю аптечка а, цIейойъург а, иштта Россин МЧС-н говзанчаша шена тIехь болх бина йолу буклет а. Цу буклета тIехь дуьйцу муьлххачу а некъан боламан бохамехь больнице вигале хьалха стагана муьлха-хIун гIодан деза. Уьш дIасайийкъира берриге а таксисташна. Цул сов, нохчийн матте яьккхинчу, суьрташ тIехь долчу буклетах пайдаэца йиш хир ю водителийн а, иштта пассажирийн а.
Билгалдаккха догIу, кху шарахь Нохчийн Республикехь шайн лаамехь кхоьллина таксистийн тоба хир ю, сихачу гIоьнан службашна гIо-накъосталла деш.
М.КАНТАЕВ
Авторан сурт
№6, еара, кхолламан (январь) беттан 21-гIа де, 2016 шо