Дарбалелоран учрежденешна керла гIирсаш белла

    Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун А-Хь.Кадыровн цIарахчу регионан юкъараллин фондо Нохчийн Республикин дарбалелоран учрежденешна пехашна мох кхетийтаран тоьллачех болу гIирсаш белла.426e24f3697cb5510ff6869cb9406ac1

Регионан юкъараллин фондан президентан Кадырова Айманин а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а тIедилларца  дарбалелоран гIирсаш больницашка дIакхачийра Нохчийн Республикин могашалла Iалашъяран министра Ахмадов Мусас а, юкъараллин фондан векалша а.

ХIинцца дина бераш дахар кIелхьарадахарна а, уьш больницин хьелашкахь (могашалла чIагIъяллалц) лелорна а оьшуш болу пехашна мох кхетийтаран (садеIийтаран) гIирсаш Республикин берийн клинически больницин а, Кадырова Айманин цIарах йолчу ненан а, беран а могашалла ларъяран республикин клинически туьшан а реанимацин отделенешна белла. Цул сов, фондан чоьтах, оцу гIирсашца лело оьшуш йолу дуккха а материалаш а эцна, уьш а елла больницашна.

«Республикин куьйгалло дарбалелоран учрежденешна дуьххьара деш гIо дац хIара. Керла гIирсаш бахьанехь хIинцца дина бераш кхалхар хаъал лахлур ду вайн республикехь. Берриге а медбелхахойн цIарах доккха баркалла олу ас Кадырова Айманина а, Кадыров Рамзанна а могашалла Iалашъяран учрежденешна гуттар а терго ярна», – элира министра М.Ахмадовс, ша больницашна гIирсаш дIалучу хенахь.

А.ХАСБУЛАТОВА

№5, шинара, кхолламан (январь) беттан 19-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: