«Орга» – 11–12

    Чекхдаьлла 2015-гIа шо, Литературин шо аьлла, дIакхайкхийна дара. Цуьнца доьзна дуккха а гIуллакхаш вовшахдиттира вайн республикехь а. Декабрь беттан 8-чу дийнахь М.Ю.Лермонтовн цIарахчу оьрсийн драматически театрехь дIадаьхьира Литературин шеран жамIаш дар а, цуьнца цхьаьна Нохчийчоьнан Яздархойн союз кхоллаелла 85 шо кхачар а даздаран хьолехь билгалдаккхар. Оцу хиламах болчу хаамца схьайоьллуш ю «Орга» журналан рогIера цхьаьнатоьхна номер. Ткъа номер ерзайо Саралиева Табаракан «Мамакаев Мохьмад –  ма, махкахо, яздархо» статьяца.

«2015-чу шеран 16-чу декабрехь 105 шо кхочу нохчийн сийлахь-воккхачу яздархочун Мамакаев Мохьмадан. Оцу денца цуьнан говзарш езаш йоьшурш декъал а беш, ала лаьа: «Дала дебадойла шу! Шеко яц, цуьнан дахар а, кхолларалла а вайн къоман тIаьхьенашна дуккха а бIеннаш шерашкахь дикаллин масал хилла лаьттарг хилар», – яздо автора шен статьян хьалхарчу декъан чаккхенехь. Къаьсттина мехала хета статьян шолгIа дакъа. Кхузахь М.Мамакаев вовзуьйту шен йоьIан Зараан дагалецамашкахь.

Дийнна схьаэцча, чулацаме нисъелла номер. Прозин декъехь вайна довзуьйту Бексултанов Мусан «И оьзда нах», «Парпесарна ца хаьара», Алиев Мохьмадан «СовгIат», Арсанукаев Мусан «Сан са лаьмнашкахь ду», Зуцаева Хадижатан «Цхьа Iуьйре», Расумов Вахин «Деша веана студент» дийцарш. «Драматурги» рубрикехь зорбане яьхна Ахмадов Мусан, Исс ТIаузан пьесаш.

Поэзиезархойн таро хир ю Дакаев СаьIидбекан стихийн йоккха цикл йовза. Цу юкъара цхьа байт газетдешархойн тидаме юьллу оха:

Дахаро шен муьрехь

Ойланаш йойту:

Цадевзарш довзуьйту,

Цагинарш гойту,

Цалезнарш лозуьйту,

Даге ов детташ,

Цахезнарш хозуьйту,

Лере мохь бетташ.

Ма-луъу, ма-хетта

Ловзавой, тIаккха,

Эххара кIордавой,

Гучуьра воккху…

Оццу рубрикехь зорбане яьхна Абубакарова ПетIаматан а, Тагаев Сайд-Хьасанан а стихаш.

 

Хь.АБАЕВ

№6, еара, кхолламан (январь) беттан 21-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: