Ерригроссин дешархойн Олимпиада – 2016

ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу №12 йолчу гимназехь схьайиллина Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос хIора шарахь дIахьош йолу Ерригроссин дешархойн олимпиада – 2016.олимпиада

Билгалдаккха деза Олимпиадин дакъалацархой хIора шарахь алсамбовлуш хилар. Цо гойту дешаран дикаллин а, дешархойн хаарийн а тIегIанаш лакхадовлуш хилар.

Дагадаийта лаьа Олимпиада 18 предметехула дIахьош хилар. ХIокху шарахь цигахь дакъалаца шайн лаам хилар хаийтина 9, 10, 11-чуй классашкарчу  557 дешархочо.

Толамхой а, совгIатан меттигаш яьхнарш а дипломашца билгалбохур бу. Ткъа Олимпиадин толамхой кечбинчу нохчийн а, оьрсийн а меттанийн, литературин, математикин, физикин, информатикин хьехархошна 50 эзар сом лур ду; химин, биологин, географин, кхечу къаьмнийн, историн, обществознанин, бакъонан, астрономин, физически культурин хьехархошна – 30 эзар сом.

Вовшахтохараллин комитето Олимпиадин жамIаш довзуьйтур ду 10-гIа февраль тIекхачале.

 

Л.ДАУТОВА

Авторан сурт

 №6, еара, кхолламан (январь) беттан 21-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: