Шегахь цхьа похIма доцуш бер наггахь хуьлуш дац. Дахаран бакъдерг ду иза. Цхьаъ сурт дилларе шовкъ йолуш хуьлу, важа дика аз долуш, кхозлагIниг спортехь кхиамашка кхача хьуьнаре, иштта кхин а, кхин а. ЧIогIа мехала ду шен хеннахь беран кхоллараллин таронаш гучуяха а, кхион а хьелаш хилар. Юкъардешаран школашца цхьаьна и хьелаш кхолларехь маьIне бу кхитIе а дешаран учрежденийн болх. Ишттачарех цхьаъ ю Аргун гIалара Берийн кхоллараллин туш.
1980-чу шарахь схьайиллина кхитIе а дешаран хIара учреждени. ХIетахь цIе а кхин яра: Пионерийн а, дешархойн а цIа. Цул тIаьхьа дукха хийцамаш хилла дахарехь а, дешаран декъехь а (системехь). Бакъду, учрежденин коьрта Iалашо хийца ца луш йисина – берийн кхоллараллин таронаш кхиор.
Эзарнаш бераш чекхдевлла кхузарчу кружокашкахь а, кхоллараллин тобанашкахь а дахарна Iемаш. Иштта алар гал дац, хIунда аьлча дукха берашна шайн дахаран некъ карийна. Берийн кхоллараллин туьшан хьехархой бахьана долуш: сцени тIехь, суьрташдахкарехь, культурин, дешаран хьаьрмашкахь.
– Тахана кхитIе а дешаран хIокху учрежденехь кхиамца болх беш ю тайп-тайпана кхоллараллин тобанаш, кружокаш, секцеш, студеш (суьрташдахкаран «Палитра» студи, «Кхоллараллин пхьалгIа», литературин-мохкбовзаран, халкъан ламастийн кружокаш, «Ассорти» театран студи, «ЖовхIар» вокальни студи, хор, иштта кхин а). Ерриге а уьш 19 ю. «Амма тIейогIучу хенахь уьш кхин а алсам йовла тарло, – дуьйцу Берийн кхоллараллин туьшан директора Сулейманова Светланас. – Тхан хIора кружок, студи, кхоллараллин тоба берийн а, церан дай-нанойн а шега хьашт долуш хила езаш ю, иштта ца хилча тхуна дешархой хир бац. Кхуза догIуш долу хIора бер шен я дай-нанойн лаамца догIуш ду. Оцу хьоло тхо декхар до мелла а дика болх бан. Дукха хан йоццуш нашидийн суьйре дIаяьхьира оха. ЛадогIархошна а, дакъалацархошна а чIогIа тайра и гIуллакх. Берийн а, церан дай-нанойн а дехарца хIинца оха вовшахтухуш ю «Ан-Нур» тоба, куьйгалхо Эсамбаев Iийса а волуш. Иштта нисло-кха тхан балхахь – эшалле хаьжжина, керла тоба вовшахтохар хуьлу, шега хьашт доцург дIайоккхуш хуьлу. Коьрта Iалашо хьалха а, хIинца а цхьаъ ю – берийн кхоллараллин таронаш кхиор. Вуьшта аьлча, берашкахь Дала царна делларг гучудаккхар, и кхиор. Цуьнца цхьаьна хуьлу школехь делла хаарш кIаргдар, юкъараллин дахарехь дакъалацаран зеделларг IаIор, берашна вовшийн довзар, къоман ламасталлин культура, истори, мохк, къоман турпалхой бовзийтарца уьш ийманехь, шайн мехкан, къоман патриоташ болуш кхиор. И дерриге а берашна дахарехь оьшун дерг ду».
Карарчу хенахь ЦДТ-хь доьшуш ду 1920 бер. Оцу терахьо гойту Аргунерчу дешархошлахь кхитIе а дешаран хIара туш билггал сий-лараме хилар. Ткъа белхан дикаллех аьлча, цунна кхин бакъдерш далор вай.
2010–2015-чуй шерашкахь Туьшан дешархоша шаьш дакъалаьцначу республикин, Ерригроссин, дуьненаюкъарчу фестивалашкахь, конкурсашкахь 45 хьалхара, 36 шолгIа, 12 кхоалгIа меттигаш яьхна. Иштта, 2010-чу шарахь дIаяьхьначу «Сан хьоме гIала» республикин фестивалехь хьалхара меттиг яьккхира ЦДТ-с. Оццу шарахь «Седарчий» конкурсан толамхо хилира Ельбазова Тамила. 2012-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьначу патриотически эшарийн фестивалехь-конкурсехь шолгIачу метте елира Абуева Хьава. 2013-чу шарахь «Нохчийн къоман шатайпаналла» республикин конкурсехь а хьалха яра Аргунерчу ЦДТ-н коллектив. 2014-чу шарахь «Дуьне берийн бIаьргашца» республикин конкурсехь хьалхара меттигаш ехира Геримсултанов Мохьмада, Солтамурадов ИбрахIима. Оццу шарахь Берийн кхолллараллин «Дахарна бакъо» конкурсехь толаман меттиг яьккхира Дидиева Имана. Иштта беркате хилира 2015-гIа шо а. Ставрополехь дIаяьхьначу «Деган кхайкхам» Ерригроссин а, Соьлжа-ГIалахь хиллачу «Седарчий» республикин а конкурсашкахь хьалхара меттигаш ехира Берийн кхоллараллин Аргунерчу туьшан векалша. Хьехархоша хаарца, мало йоцуш, шаьш лелориг дош а хеташ, доггах бечу белхан беркате тIаьхье ю иза.
Берийн хIокху учрежденехь болх беш кхитIе а дешаран 29 хьехархо ву. «Царах хIора а шен белхан дика говзанча ву, – дуьйцу Светланас. – Масала, «Палитра» изостудин куьйгалхо Гериханов Абубакар, Россин Художникийн союзан декъашхо а, говза суьрташдахкархо а ву. Цо ша а кхиамца дакъалоцу тайп-тайпанчу гайтамашкахь а, конкурсашкахь а. Республикехь дика евзаш йишлакхархо ю Нохчийн Республикин хьакъйолу артистка, «ЖовхIар» цIе йолчу вокальни студин куьйгалхо Абуева Хадижат. Кавказан къаьмнийн музыкальни искусство кхиорехь кхиамашка кхачарна «Дашо микрофонца» совгIат дина а ю иза. 2009-чу шарахь «Йиллина Европа» («Открытая Европа») дуьненаюкъарчу фестиваль-конкурсан Гран-при совгIатан лауреат ю Бейтельгареева Хадижат. КхитIе дешаран учрежденийн белхахойн конкурсан толамхо ю Вагапова Седа. Шайн дешархойн кхиамашца билгалбевлла хьехархой: Товдарханов Iарби, Вагапова Жарадат, Эсамбаев Iийса, Хасханова Индира, Мусаева Луиза, дуккха а кхиберш. Цара куьйгаладечу кхоллараллин тобанаша дакъа ца лоцуш ца доьрзу Аргун гIалахь хуьлуш долу мехала цхьа а гIуллакх. Баркаллица билгалдаккха догIу тхан кхиамашкахь №1, 4, 5 йолчу юккъерчу школийн, №13 йолчу гимназин, Аргун гIалин Культурин ЦIийнан куьйгалхойн дакъа а хилар. Тхайн чоьнаш тоьаш цахиларна а, дешархойн аьттонна а цхьацца кхоллараллин тобанийн, кружокийн болх ягарйинчу учрежденешкахь дIахьо оха. Доцца аьлча, хIара болх оьшуш хеташ а, кхунах самукъадолуш а, ницкъ ма-кхоччу, хьалха лаьттачу декхаршца ларо гIерташ а къахьоьгуш ю тхан коллектив. Цхьана берана а дахаран нийсачу новкъа дала оха лелочу бахьанех гIуллакх хилахь, тхаьш лелориг эрна доцуш санна а хета».
Тахана кхузахь сурт дилла, илли ала, хелха довла, дуьне, Iалам довза Iемачу берех кхана керла ЗахаровгIар, МагомаевгIар, ЭсамбаевгIар кхиа ма тарло. Оцу ойланца хьаьвсича оьшуш ю Аргун гIаларниг санна йолу Берийн кхоллараллин туьшаш.
Хь.АБОЛХАНОВ
№6, еара, кхолламан (январь) беттан 21-гIа де, 2016 шо