Мамакаева Зараъ, нохчийн халкъан яздархочун Мамакаев Мохьмадан йоI, Дишни-Веданара яхархо, 1966-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн хьехархойн институтан историко-филологин факультет чекхъяьккхинчул тIаьхьа, Веданан районан Дишни-Веданарчу юкъардешаран школехь дуккха а шерашкахь историн хьехархочун а, кхузарчу берийн бешан куьйгалхочун а, меттигерчу №8 йолчу школа-интернатан директоран а белхаш бина ю. Дишниведанхочун Дунаев Денилбекан хIусамнана а, цуьнан бертахьчу доьзалан – шина йоьIан Хедин, Мадинин, кIентан Рашидан нана а, церан берийн Энисин, Асланбекан, Гебин, Бэлин ненанана а, Денин, Хьаван, Хедин денана а, тахана шен кIентан доьзалца цхьаьна ехаш ю, кху нохчийн ширачу юьртахь. КIайн чкъор долуш, чIурам санна юткъа, юккъерчу дегIахь йолчу Зараан сибатехь хала дац цуьнан ден, вайн махкахочун, нохчийн къоман бакъволчу кIентан Мамакаев Мохьмадан аматаш карон. Цундела а, вуьшта къамелаца, елаяларца, адамашка йолчу цIеначу ойланца, дахаре болчу безамца, дуьненан юкъара хьал дIахIоттаран, вайн мохк кхиаран, цуьнан кханенан бала болуш хиларца а, шена тIе ойла йохуьйтучу Зараан бераллин а, къоначу хенан а, ша деца-ненаца яьккхинчу хенан дагалецамашка ладоьгIуш Iен де а ца тоьира…
‑ ХIун Iалашо йолуш а, муха нисделира а дага ца догIу суна, схьахетарехь, со адамийн юкъаметтигийн ойла ян йоьлча, хилла хир ду иза, – генарчу дагалецамаша хьоьстучу елакъажарца долийра Зараа, – ас цкъа хаьттира нене, муха девзира шуьшиъ, аьлла…
1932-чу шеран аьхка, вуьрхIийттара яьлла Умаханова (Шамхалова) Хьава, (ненан ненахоша ЧермоевгIара Кийса олура цунах), дуьххьара Соьлжа-ГIалахь шен ненан ненайишин хIусамехь, дIабоьдучу синкъерамера арайолуш гира шен доттагIашца, накъосташца цига вогIучу Мохьмадна. Дуьхь-духьал кхетта кегийрхой, цхьана юкъанна неIарехь севцира арабовлурш – чохь, чоьхьабовлурш – арахь. Кийсел хьалхайогIуш йоккхо стаг хиларна, уьш ара ца бевлча, Мохьмад а, цуьнан накъостий а чоьхьа ца бевлира. Оцу минотехь вовшийн бIаьра хьажа ларабеллачу къоначарна юккъехь кхолладелира вовшийн довза болу лаам.
Ала деза, гоьллец кхочуш боьмаша кIажарш йолуш, лекхочу дегIахь йолчу Кийсин дахарехь неIарехь дуьхьалкхеттарг рогIера жима стаг хиллехь, 22 шо долчу Мохьмадан ерриге а ойла дIалаьцнера cирла-боьмаша бIаьргаш чуьра жимма а елакъежча, малхан зIаьнарш Iеначу Кийсас. Цу хенахь Москвахь Малхбален къинхьегамхойн коммунистически университет чекхъяьккхина, цIавеана Мохьмад Хьалха-Мартан районан партин окружкоман секретаран даржехь болх бина а, Соьлжа-ГIаларчу Нохчийн меттан, литературин, историн Iилманийн-талламан институтан директор а, къоман литературин гуонехь вевзаш поэт а вара.
Дукха хан ялале йоI кхиийначу, кхаьбначу ненанене, вевзачу Чермойн Орцин йоIе Айзнате ТIехьа-МартантIерчу Iамин Мамакхин кIантана Мохьмадна захало дохьуш баьхкира гергарнаш.
Вайн къоман Iадатехь догIуш ма-хиллара, кIант-йоI вовшашна реза делахь, ша дуьхьал яц элира Айзната. Амма, шен йоьIан йоI хиларна ша езаш кхиорах, йоьIан дай хилар а, цаьрга дIахаийта дезаш хилар а элира цо.
Мохьмадан тайпанан цIийнах воккхах волу Хаьмби-Ирзера Вахаев Хаси хьалха а волуш, цу хенахь Хьалха-Мартан районан райкоман секретарь волу Кибиев Мохьмад а, Веданан районерчу Шемал-КIотарарчу Мамакаевн доттагI а, Итон-Кхаьллан районан райкоман секретарь Шамилев МаIас а, гергарчу баккхийчу нахаца цхьаьна, Дагестанехь бехачу Кийсин дехошка йоI еха бахара. ЙоьIан дедас аьллера, нагахь Айзната шуна некъ беллехь, шен ала хIумма а дац, гергара нах хир ду-кх вайх.
1932-чу шеран гурахь вовшахкхийтира Мохьмад, Кийса. Бакъдерг аьлча, деха цхьаьна даха а, безамца доьзал кхио а доьгIна ца хиллера цу шинна…
Цу хенахь СССР-н ерриге а республикашкахь санна, чолхе хьал дара Нохчийчохь а. Шен пачхьалкхалла тIечIагIдан муьлхха а харцонаш лелош, империн амалш йолчу СССР-н а, цуьнан политикин хьадалчин НКВД-н а къизаллина кIелахь долчу халкъо дукха халонаш, харцонаш ловр. Иза девзаш, шайн болчу ницкъаца, шаьш дол-долчу балха тIехь, халкъан аьттонехьа къуьйсу Мохьмад а, цуьнан могIара къоман интеллигенцин кегийрхой а халкъан мостагIий бина, 1937-чу шеран октябрехь лецира. Цу хенахь, Мохьмад нохчийн маттахь арадолучу «Ленинан некъ» («Даймохк») газетан коьрта редактор вара. Иза бехке вора СССР-н Конституци нохчийн матте гочъеш гIалаташ довлийтарна. Цхьа чорда бехк иза хилар гуш дара массарна а, амма куьпчичо шена луъучу латабо тIам баьхначунна а дайна, дан гIо дацара. Цу хенахь 22 шо долчу Кийсин карахь висира 1933-чу шеран 20-чу майхь дуьнен чу ваьлла 4 шо долу кIант Мурик а, 1936-чу шеран мартехь вина, цхьа шо ши бутт кхаьчна шолгIа кIант Тура а. Мохьмад набахтехь волуш, 1938-чу шеран чаккхенехь (декабрехь) я 1939-чу шеран юьххьехь (январехь) дуьнен чу елира йоI Виолетта а.
– И цIе папас тиллина хилар хаьа суна, – дагалоьцу Зараа, – тхан нанас дуьйцура, ден-ненан дика кIезиг эцна волу Мохьмад чIогIа тIера вара шен доьзална а, хьеннан делахь а, берашна а, олий. Цхьа дагахь йоцу цIерш а тохкура цо. Бакъдерг аьлча, цуьнан ойланехь, иэсехь, цхьацца хиламех, адамех йоьзна хилла хир ю уьш.
1940-чу шеран 19-чу майхь Нохч-ГIалгIайн АССР-н Лакхарчу Суьдехь дов хаьттира Мохьмадан, цуьнца цхьаьна Авторханов Iабдурохьманан, Мациев Ахьмадан, Сальмурзаев Мохьмадан, Мальсагов Дошлакъин, Кибиев Мохьмадан, Садулаев БойсагIаран, Шамилев МаIасан, Яндаров Хьамидан, Льянов Мустафан, Висаитов Ахьмадан, Ведзижев ГIазмохьмадан. Царах 11 стаг (цхьа Авторханов Iабдурохьман воцург), шайн бехк тIелаьцна вара. Цхьа а шеко йоцуш, царна тоьпаш тоха кхиэл кхайкхориг хиларх тешна бара гергарнаш а, уьш шаьш а. Амма дагахь доцучу агIор, карчам хилира суьдехь. Прокуроро хIорш бехкехилар а, хьерадевллачу жIаьлешна санна, кхарна тоьпаш тохар хьакъ хилар а дIакхайкхийнчул тIаьхьа, хIорамма а шега деллачу дашехь, адаме ца лалун Iазап, къизалла набахтехь шайга хIотторна, шаьш боцу бехк тIелаьцна хилар довзийтира. Цул тIаьхьа, МациевгIаьргахь хиллачу цхьаьнакхетарехь Авторханов Iабдурохьмана дийцинера, ша суьдехь йинчу кийтарлонашна Мохьмада дуьхьало ярх: «Нохчийчохь нарком волчу Ивановс чекистан дош деллера суна, шаьш суна тIеязбинчу бехкана ас куьг яздахь, кхин соьга Iазап ца хьоьгуьйтуш, тоьпаш тухур ю аьлла. Адаме ца лалун ницкъ барна, кхин детта са цахиларна, со реза хилира, сайна къайлах тоьпаш тухур йолчу кхиэлана. Амма, гражданин прокурор, Ивановс шен дош ца лардарна, шун болх аттачу баккха гIуллакх долуш вац со. Тахана сайн гергарчарна хьалха боцу бехк тIелаьцна, сайн цIе ца йожош, кхана баккхий хилча, сайн доьзалшна тIехтоха, шун да кIилло хилла боху, сийсаза дош ца дита, вала а реза ву со. Ас дуьхьало йо айса яздинчу куьйгана. Советан Iедална а, халкъана а цхьа мисхал хьарамло йина вац со. Цхьана а хIуманна бехке вац со».
Зала чохь тийналла хIоьттира, адам Iадийнера, цецдаьллера. Циггахь саметта веанчу Авторхановс: «Да здравствует советское правосудие!», – аьлла мохь тоьхна, «Интернационал» йир йолийра. Зала чохь мел верг хьалагIаьттина, йир айъеш, тIаьхьара элира. Минот хьалха суьде тоьпаш тохар дехначу прокурорна а кхин хIумма а ца дисира, массаьрца цхьана «Интернационал» алар бен. Суьдан зала чохь паргIатбаьхна къоман кIентий, адамийн куьйгаша айбина, арабехира…
1940-чу шеран 19-чу майхь бакъо туьйлира, амма маццалц хир ю и паргIато, хууш стаг вацара. Оцу дийнах лаьцна ненан Кийсин дагалецамаш бийцира Зараа:
– Дагахь доцург хилла, советан Iедал баккъал а бакъ Iедал хиларх ойла кхоллаелла адамаш, синкъераме дара. Сихха стол кечъян оьшург эца дагахь, хьаьдда базара йоьдучу суна дуьхьал елира цхьа цигонан зуда: «Барышня, пал тасийтахьа, со цигон яц хьуна, сербиянка ю, хилларг а, хиндерг а го суна», – некъ лецира цо. «ХIан-хIа, ца оьшу, со сиха ю!», – аьлла дIахьаддачу суна тIаьхьа дийкира: «Тахана тIемаш девлла хьуна, хьоме хIусамда цIавирзина, амма деха хир дац шуьшиннан ирс, иза юха а чувуллур ву, шуьшиъ гуттаренна а къаьстар ду!».
Цу дийнахь и дешнаш хаза а, церан ойла ян а хан яцара сан. Амма замано гайтира, пал-пал белахь а, тхойшиннан ирс деха цахилар…
ХIора а маьрша де кхачам боллуш къахьоьгуш доккхуш вара Мохьмад. Цхьа кIеззигчу хенахь цо арахийцира стихийн гулар, нохчийн матте яьккхира Н.Островскийн «Муха дахчало болат» роман.
Дукха хан ялале, 1940-чу шеран 1-чу сентябрехь, юха а лецира Мамакаев.
1941-чу шарахь хиллачу суьдо политикин тутмакх вой, 5 шо хан тухий, лерринчу набахтехь хан яккха дIавохуьйту иза.
– Папа шолгIа чувоьллина, суд хилале хьалха, дуьнен чу яьлла итт де долу со а эцна, шен хIусамда ган набахте яхана тхан нана, – дуьйцу Зараа, – цхьа бехке, эсала велакъежна: «Мила ву юргIана юкъахь верг?», – хаьттинера дас.
Нанас йоI ю аьлча: «ЦIе хIун ю?», – юха а хаьттинера цо.
–Хьуна тилла йитина ас йоьIан цIе, – жоп деллера нанас.
– Хьайн доттагIчун Неллин безамна, цуьнан цIе тиллахьа йоIана, – аьллера папас, – иза санна хаза а, тешаме а хилийта. Амма и цIе сан нанас а тIехь ца йоккхура. Цул тIаьхьа «халкъан мостагIчун доьзал» аьлла, цIе кхоьллина тхо хьийзорах довдийна ненан ненахоша Ведана далийра, цигара ненан дехой болчу Дагестанерчу ГIагIатлахь къайладехира. Тхо дуьнен чу довларан тоьшаллаш дагийна, ден цIарах фамили а елла – МагомадовгIар хилира тхох. Муриках – Iумар, Турех – Абубакар, Виолеттех – Хьалимат, сох – Зараъ аьлла цIерш а хийцира. Дукха жима йолуш хийцарна, сан цIе Зараъ йисира, вукхеранаш-м хенан йохалла метта а хIиттийра.
Зама зама йолчу хенахь паччахьан эскаран полковник хиллачу, шайн воккхах волчу вешин Умаханан цхьаъ бен йоцу йоI а, цуьнан диъ бер а хIумма а ца оьшуьйтуш Iалашдора ШамхаловгIара (бакъдерг аьлча и фамили ца лелайора цара, паччахьна муьтIахь хилларг, цунна гIуллакх динарг мостагI лоручу советан Iедалх ларлуш исс вешин доьзалша шайн дайн цIерех кхоллина фамилеш лелайора). Доьналла, яхь, хьуьнар долуш ворхI деваша вара Кийсин (кхуьнан да Умахан а, цуьнан ваша Сайпулла а Iедало хIаллаквинера). Берашна тIехь-когахь а дара, уьш меца-хьогах а дацара, амма шайн цIахь а, шайн махкахь а, шайн къомана юкъахь а дацара. И бахьана хилира, 1949-чу шарахь, дикка ондадевлла бераш а далош, Кийса шен девешица ХанIалица Ведана яран а, цхьа кIеззигчу заманчохь бевзачу нахехь Шемал-КIотарахь уьш совцаран а.
– ТIом дIабирзина зама яра иза, – дагалоьцу Зараа, – дIахьаьжжинчохь тIеман духаршца божарий бара, ткъа ненан девешин ХанIалин берриге а некхаваз дуьззина орденш-мидалш хилла а дагадогIу суна. Цхьа оьзда зуда яра цуьнан хIусамнана Месидун, амма бер дацара церан, цундела тхо, дукхадезаш, Iалашдора цу шимма. Нохчий махкахбахарна, Веданан кIоштахь вевза-везарг ца висинера. 1945-чу шарахь, пхи шо набахтехь даьккхина, паргIатваьлла папа а, 1949-чу шеран июнехь юха а лаьцна, валлалц хан тоьхна, шийлачу Красноярски крайрчу Игарке дIахьажийна хиллера. Схьахетарехь, папех юха а тутмакх винарг, цо Iедале яздина кехаташ хилла хир ду-кх, цунах лаьцна дийцар ца дезара цунна. Амма тхайн дех дерг тхуна ца хаьара, тхох дерг цунна санна. Дуьххьара лаьцна, тIаьххьара мукъа ваьлла хан лерича, Сталинан набахтешкахь, лагершкахь 19 шо даьккхина папас…
Дукха хан ялале ХанIали Веданан эвлаюккъехь шен вешин Умаханан хиллачу доттагIчунна тIеIоттало. Могаш-паргIат хаьттинчул тIаьхьа, цо хотту, Умаханан доьзалх лаьцна. ХанIалис дIадуьйцу кхолладелла хьал. Цхьа кIира далале Кийсина Веданан столови чохь поваран болх карабо, Шемал-КIотарара Ведана эвлаюккъе шен доьзалца схьайогIу иза. Бераш школе деша дахийтина, ша балха хIоьттина, шен доьзалца цхьаьна, нохчий боцучу нохчийн махкахь яха хуу Кийса.
– Тхан доьзалехь цкъа а дуьйцуш дацара папех дерг, – дагалоьцу Зараа, – суна хаа а ца хаьара, да хила веза я ца веза. Нанас болх бечу столовина уллехь яра башха дитташ долуш, садаIа а, ловза меттиг йолу парк. Школера яьлча, цигахь со санначу берашца ловзуш, ненан бIаьра Iуналлехь хуьлура со. Хьийзина можа месаш йолчу сан мосуьйттазза а тидам бира цхьа тIемалочун духар дуьйхинчу стага: «Хьенан-мила ю хIара башха месаш йолу йоI? ЦIе хIун ю хьан? Папа мила ву хьан?», – хаттарш дира цо.
– Сан цIе Зараъ ю. Папа мила ву ца хаьа суна, – жоп делира ас.
Сарахь нене дIадийцича, цо дихкира суна ден хьокъехь хийрачуьнца къамеле ялар, цул сов, шун да вац, кхелхина, элира цо.
Цу дийнахь дуьйна йолаелира со дена сагатдан. Суна чIогIа лаьара иза вовза, мила ву хаа, лаьара цуьнан аз довза, дас караэцча, муха хуьлу хаа. Суна мегар вара иза, когаш-куьйгаш доцуш, заьIап хилча а, вистхила, мотт бийца иза хилчахьана. Амма цуьнан цIе а ца йоккхура нанас. Цунах лаьцна цхьа дош а ца олура, хьаха а ца вора. Цул сов, тхаьш нохчий хилар а ца хаьара, доьзалехь а, арахь а буьйцург оьрсийн мотт бара, ткъа Дагестанехь кхиарна, тхуна шерра церан мотт а хаьара.
Даима а чохь дерг деш йоккхахйолу йиша хиларна, сан мукъа хан алсам хуьлура, цундела гуонахарчу дерриге а берашца гергарлонаш дIатеснера ас, дай болчарах гуттар а хьоьгуш, уьш къайлаха тергалбеш хуьлура со…
Схьахетарехь, цхьа а мукъа де доцуш, 10–12 шарахь болх бира Кийсас Веданан районан столовин «шеф-повар» йолуш. 60-чу шерашкахь могашалла галъяла йолаелира ненан. Цул тIаьхьа, жимма мукъа хан хуьлура цуьнан, амма 40 сов шарахь цхьана меттехь болх бира Кийсас. Цуьнан къинхьегам билгалбаьккхинера «Къинхьегаман ЦIечу орденца» а, алссамчу совгIаташца а, амма уггаре а доккха совгIат дара Кийсина кху районехь хIара евзачара цIе ца йоккхуш, «мамаша» алар. Башха цIийнана а, (цо санна чам болуш юург а кечйийр яцара, иштта хаза стол а кечйийр яцара, олура иза евзачара), амма цунна хиънарг дIасадер доцуш, тешаме стаг а яра иза.
– Цкъа а цо нахана цхьа вон дош аьлла, я цхьанна иза лийна, я цхьанна цо халахетар дина дага ца догIу суна, – дагалоьцу Зараа, – иштта тоьшалла дира цунна веданхоша а 1990-чу шарахь иза кхелхича…
Школа чекхъяьккхина ваьлла Мурик эскаре вигар а, цул тIаьхьа 1953-чу шарахь, цомгаш хилла 13–14 шо долу йоI Виолетта кхалхар а хала лайра тхан нанас. Амма дахар чекх ца делира, я хада а ца хедира. Дуьххьара Латвехь гIуллакх деш вара ваша. Цул тIаьхьа Москва схьавалийра иза. Ткъа иза цIа варе сатуьйсуш Iаш долчу тхуна хиира, ша Даймехкан патриот хиларе терра, Кустанайски областе байн латтанаш карадерзо иза вахана хилар.
– Сан дагахь гуттаренна а дисина цкъа мамин кхо деваша тхоьга вар, – юха а дагалецамашка йолу Зараъ, – цара кхайкхина сов цIа чу йигира нана. ЧIогIачу озаца къамел дечу царах шекьяьллачу ас, неIарехь ладуьйгIира. Цара дийцарехь, со кхийтира, кхеран цхьа ваша, Iаьрбийн йоза-дешар хууш волчу Хьабибуллина Бухара ваханчохь тхан да дийна хилар хаар а, мегарг 26 шо кхачаза йолу кхеран вешин йоI цуьнан бераш кхиош Iаш йоллушехь, иза цIаверза а, шен берашна тIеван а сиха цахилар а. Иштта гIуллакх шайн нуц шайца гIиллакхах вохар тидира цара. Мамин гIийла аз а хезира суна: «Шен лаамехь хир вац иза, Iедало ца магадо хир ду цунна, вуьшта, дийна хилчахьана, шен берашна тIе ца вогIуш Iийр вац иза…».
Кийрахь цхьа хIума хаьдча санна, вуон хилира суна. Хорам хилла, метта ян а ца туьгура со. Цул тIаьхьа дIаделира сан дега сатийсар. Коьрта мукъа воллушехь, оццул цуьнга сатуьйсучу тхуна тIекхача сиха воцу иза, оьшуш а вац аьлла, чIагIъелира сан ойла. И къаьхьа «кхаъ» сайна хазар, нене хьаха а ца дира ас. Шен девежарийн дегабаам цо а ца бийцира тхоьга. Цунах хIун, мел бакъ дара хаа цкъа а ца гIоьртира со, я хаа а ца лиира суна…
1956-гIа шо долалуш, Кустанайхь волчу Мурикера кехат кхечира тхьоьга, шена папа дийна хилар а, набахтера мукъа валар а хиъна, иза тхо долчу цIа вогIур волуш ву, аьлла. Тура чIогIа сакъераделла вара, амма суна бен ца хетара.
1956-чу шеран бIаьстенан юьххьехь делахь а, я Iаьнан чаккхенехь делахь а, ло Iуллуш а, шийла хилла хилар дагадогIу суна. Папа Шелахь тхоьга хьожуш ву аьлла, хаам кхечира. Цунна тIе гIур яц аьлла дуьхьала яьллачу соьга, шина дийнахь корта лебира тхан нанас: «Ас хьайга вуониг эр доцийла хаьий хьуна? Хьуо йоккха хилча, таханлера де дагадеъча, эхь хетар ду хьуна. Ас тоьшалла до хьуна, шу дукхадезаш, шул сов амал доцуш ма вара шун да. Iедална дуьхьал вала ницкъ ца тоьъна цуьнан, шен ницкъ боллучул цунна дуьхьал а лаьттина иза. Вайн махкахь куьйга бакъо цахилар хIун ду хаа жима ю хьо, йоккха хилча хуур ду хьуна. Ас шуьга ша вуочу агIор вийцина моьттур ду шун дена а, со юьхьIаьржа ма хIоттае…».
Эххар а: «ВаллахIи, хьайн аьллар тIера цаяларна, тера-м ю хьо хьайн дех», – аьлла, йилхира иза. ТIаккха кIадъелла со, Турица цхьаьна Шела яхара.
ХIинц-хIинццалц а гIалара Шелахула Ведана вогIучу новкъахь Бас хин тIех ма веллина аьтту агIор лаьтташ дара дехуо цIенош. Хийла безамца оцу цIеношка хьаьжна со. Оцу цIенош чохь дуьххьара девзина папий, сой …
Билгалйинчу метте хIара шиъ дIакхаьчча, неIарехь гулбелла лаьттачу наха сацийра. Синкъерамечу шабарца сацам беш бара уьш, берех муьлхарниг хьалха чоьхьа далийтича, бакъхьа хир ду, бохуш. Цхьамма элира: «Тура вевзар ву Мохьмадна, ткъа Зараъ цунна гина а яц, иза хьалха чоьхьаялийта».
Цхьа а гIар-гIовгIа йоцуш еллаелира неI. ЙоI чоьхьа елира. Баьрччехь йогучу пешана уллохь лаьтташ хийра ши зуда а, йогучу пешан гIовгIа хазар бен, йоккхачу чохь, вистхуьлуш стаг воцуш, стоьла гонаха Iаш 5–6 стаг а вара.
Царах хIоранна а тIехь бIаьрг сацон кхиира Зараъ.
Стенна делахь а, шен да царах уггаре а гIолехь верг хуьлийла лиира цунна. ТIапа куй тиллина, къовламе кечвелла, цхьа зоьрталчу дегIахь верг, шен да хир ву аьлла, къастийра цо.
Пешан неI йиллина, цу чу дечиг таса дагахь хьалатаьIначу зудчун бIаьрг тIехIоьттира, цIенкъа юккъехь лаьттачу йоIана. Цуьнан хьажар лаьцна, зоьртала стаг а схьавирзира. Цкъа а ца йицло Зараана и минот:
– Суна гуш, юьхьа тIера цIоьлла дIахьадда, шурул кIай велира иза, тIаккха, сихха метта веана, шен гIантара сихха гIаьттина, суна тIехьадира. Циггахь чоьхьаваьлла Тура а «папа» аьлла маьхьарца тIекхийтира тхойшинна. Цхьа дог чIагIделла а, Тура дукха лерина велхарна а цхьана минотана хорам хилла, елха ца елира со. Амма тхойшиъ марахьарчийначу тхайн ден бIаьрхиш сан бесни тIехула хьаьдда балдаш тIекхаьчча, церан дураллин чам бевзича, сан берриге а дегабаам бешна дIабаьлла, сайн да вовзаран ирсах юьзна со, доггаха йилхира…
ШолгIачу дийнахь шайн деца Соьлжа-ГIала охьадаьхкина, Ленинан цIарахчу проспектерчу суьрташ дохучу ателье а дахана, да юккъехь волуш, дехьа-сехьа Турий, Зараъ долуш, дуьххьара деца цхьаьна даьккхинчу суьрте хIинца а безамца кест-кеста хьожу йоI…
Соьлжа-ГIаларчу хьешацIийнахь шайн деца Мохьмадца ши-кхо де доккхуш, шаьш къона долуш берийн ненаца шаьш даьхна цIенош а, гIалин цхьацца билгал меттигаш а гайтира кхарна дас. Масех де даьлча, Ведана юхадеара Турий, Зараъий, ткъа Мохьмад Москва дIавахара, цигарчу литературин курсашка деша ваха лаам болуш вара иза. Доьшуш волуш а, Зараан каникулашкахь а даима а цIа вогIий, и хан йоIаца йоккхуш Iедал дара цуьнан.
– Со улло а йоккхий, шен берриге а гергарчу нахе кхочуш, со царна йовзуьйтура папас, – дагалоьцу Зараа, – тхойшиъ Теркайисте а, Хаьмби-Ирзе а, ТIехьа-Мартана а кхочура. Нохчий цIаберзаза хан яра, цкъа ТIехьа-Марта юккъехула охьадоьдучу хих даьлла, аьрру агIорхьа некъаца охьадахана, цхьана кертара кIай кир тоьхна горга цIенош а, рагIош а цо суна гайтича. Папас дийцарехь, цу кертахь вина, кхиъна вара иза. Кхузахь баьхнера цуьнан дай а.
1957-чу шеран дешаран керла шо дIадолалуш Зараан классе хенал тIаьхьа бисина нохчийн кIентий баьхкира. ДогIмаш даха кхиънехь а, дешарна тIаьхьабисина бара уьш. Иштта дIадоладелира кхунна шен къоман нах бовзар. Дерриге а вуочух, ша нана хиларе терра, хIорш ларбинчу Кийсас, цу хенахь бийца болийра кхаьрца нохчийн мотт. МеттахIиттийра кхеран документаш а, шаьш муьлш, хьенан, мичара ду хиира берашна.
Школа чекхъяьккхина Тура цкъа дуьххьара банкехь бухгалтеран болх беш вара, цул тIаьхьа эскаре гIуллакх дан Туркмене кхечира. Цигахь ракетни эскаршкахь кхо шо даьккхира цо. Кустанайра къона зуда Полина а, йоI Наташа а ялош цIавеана Мурик а Веданахь балха хIоьттина, шен ненаца вара.
Эскарера хан дIаяьлла цIавеана Тура а, школа чекхъяьккхина Зараъ а цхьаьна, литературни курсаш чекхъяьхна цIавирзина шайн да волчохь севцира. 1961-чу шарахь, Нохч-ГIалгIайн хьехархойн институтан историко-филологин факультете деша дахара и шиъ.
– Папин дерриге а хIуманех юьхьанца ца кхетара со, – и бохура Зараа, – садоIуш ван а вацара иза. Балхара чувеача, цхьа хан яллалц, болх беш хуьлура цуьнан зорбатуху машинка. Iуьйранна диъ долуш гIоттий, юха а изза болх бора цо. Зорбатухучу машинкин «эшарца» дIадуьйшура тхо, сама а довлура. «Зараъ, хан йолуш-йоцуш со хаьттина стаг вагIахь, со чохь вац ма алалахь, сох бIобулуш, соьгара цхьа гIо-накъосталла эшнарг бен вогIур вац хьуна», – олура цо. Дукха лаьттачу адамо иза хьийзош, хийла и чохь вац ала дог хуьлура сан, амма цхьа кIезиг долчу хIуманна тIехь а харцо йийцар могуьйтуш вацара да, цуьнан иштта амал схьаэцнера оха а. Iуьйранна иза аравалале цуьнга хIума кхаллийта, чайнан стака малийта лаам хуьлура сан, набахтешкахь текхначу халоно могашалла дIаяьккхинера цуьнан, амма шен ойла ца йора цо цкъа а, даима а цхьацца балха дIанисвеш, деша дIахIоттош, Iедалца долу гIуллакх къастош хуьлура иза. Син билгало ялале, тхан корашна кIел лаьтташ адамаш хуьлура, ша балха дIавахале уьш чу боьхий, церан гIуллакхе хьожура иза. Цкъа чIогIа цецъяьккхира цо со. 1958-гIа шо дара иза. ЧIогIа самукъадаьлла а волуш, жимочу дегIахь волчу цхьана стагаца чувеара папа. «Зараъ, вайн неIаре милла а вагIахь а, со цхьанна а чохь-цIахь вац хьуна», – элира цо. Сан цецъяларна жоп луш: «Теркайистера Iаьрби ву вайгахь», – элира.
Иштта, мосуьйттазза а нисделира. Кабинетан неI дIакъовлий, сахьташкахь нохчийн маттахь къамелаш дора цу шимма, со кхин дIогара ца кхетара цара дуьйцучух, амма Iарби тхан веза хьаша хилла Iаш вацара, иза ваша вара. Тхойшиъ довзуьйтуш, папас иштта элира: «Iарбих Ваша алалахь, хIара сан ваша ву хьуна», – аьлла.
Цкъа Iарби веана волуш, буфетехь хьонка кечбе аьллера ша, иза схьаба воьду ша аьлла папа араваьлча, Iарбис чукхайкхира соьга. Цхьана хIуманан чIогIа ойла еш а, цхьа сапаргIат доцуш а хийтира суна иза. «Зараъ, со а, Мохьмад а гуттаренна вац кху дуьненахь. Тхо дIадевлча, хьоьга хотту дерш карор бу хьуна: вовшийн мила вара Мохьмад, Iарби аьлла. Сан весет ду хьоьга, со Мохьмадан жимахволу ваша вара алалахь», – цхьа чIогIа тIедожош элира цо. Дукха цецъялла ас боху: «Вай, ас муха эр ду иштта ваша, хьан папин фамилеш цхьаъ хиларх, дайн цIерш тайп-тайпана ма ю».
«Цуьнан гIайгIа ма е ахь, замано дIанисдийр ду дерриге а. Суна да а, воккхахволу ваша а хилла ву Мохьмад. Диц ма далийталахь сан весет»…
Дукха хан ялале кхелхира Iарби. Папина чIогIа тохар хилира цунах. Цу дийнахь санна, йиш йоьхна, воьхна, макхвелла кхин цкъа, Ленинан майданахь гIалгIай гулбелча бен, ца гинера суна иза.
«Мохьмадан амал сиха яра». «Шен даша тIера волуш Iедал дацара цуьнан». «Харцо ца лалора цуьнга». «Шен къам дукхадезаш, цунна вецаш вара иза», – иштта а, кхин тайп-тайпана а олу папина. Цуьнан берех сол дукха цуьнца Iийна цхьа а дац, тхойшинна юккъехь лачкъийна хIумма а дацара, суна хаа луучунна дуьззина жоп лора цо, цул сов, со шен доьзалхо хиларе терра, шен къайлах дерг а дуьйцура. Бакъдерг аьлча, аьшпашна, харцонах бакъ дан гIерташ лелочу кийтарлонашна, муьлхха а адам емалдечу меттигашкахь амал сиха яра цуьнан. Иза бехке а дацара, кху дуьненахь яккха кIезиг хан Ша цунна яларе терра, Дала елла амал яра цуьнан.
Цуьнан дахарехь коьртаниг бакъдерг дийцар, цуьнгахьа къийсар, цунна шен са дIадала кийча хилар дара. Ша набахтешкахь, текхна зама йийца лууш ца хуьлура иза. Цкъа цхьана хIуманна тIехь цо хьахийна дагадогIу суна, СССР-н прокуроре Руденкога а, Правительствога а ша кехаташ яздора аьлла. Царна тIехь, вайнахана тIехь кхоьллинчу харцонах а, пачхьалкхан бакъ патриоташ хIаллакбарх а лаьцна дийцинера цо.
И кехат карадаханчу талламхочо «хьехар» динера: «Хьан къам а, хьо а цкъа а бехказа доккхур дац. Ца хиндолчуьнга сатуьйсуш, эрна кехаташ ма язде». Чохь воллушехь, иза вораха ца витинера папас. Ша вуьйр велахь а бакъдолчунна тIера вер волуш вацара иза. Оха, бераша а, масал оьцура цунах. Цунна дуьхьал дош-м муххале а ца деана, цкъа а цо аьлла дош а ца дохийна оха.
Турий, сой цхьана доьшуш долуш, занятеш дIаевлча, соьца цIа ца вогIуш, жима стаг хиларе терра, Турин гIуллакхаш дукха хуьлура. И тосаделлачу папас элира: «Тура, 9 сахьт даьлла институтан библиотека дIакъевлинчул тIаьхьа, хьо мел меллаша веача а, эха сохьтехь схьакхочур ву. УьтталгIачух ах даьлча чохь хилалахь». И хан Турас тIехтилийтина цкъа а дага ца догIу суна. Цу хенахь а, цул тIаьхьа а, хIинца а, даима а тхан да сийсаз хир волу хIума лардина оха. Цунах тера ду аьлча а дог токх долуш, даккхий дийна… Цкъа новкъа даьлла автобуса тIехь ТIехьа-Мартана доьдуш дара тхойшиъ. Автобус дIайолаялале чу велира Саидов Билал. Со хьалагIаьттира, иза охьахаийта, амма «Башламехь» ша охьавоссалц, охьа ца лахвелира иза. Соьга мосуьйттаза элира, охьахаа. Со а ца хиира. Ша охьавуссуш: «Мохьмад, хьоьца ца кхиънехь а, хьан амал-м ю хьуна Зараан, цкъа «хIан-хIа» аьлча, «хIаъ» ца олу кхуо», – элира цо. Со дуьххьара гуш санна, дикка хьаьжира соьга папа, цуьнан бIаьргаш чуьра кIедачу аьхналлин зIаьнарш Iенара. ХIинца кхета со, Билал охьа цахаарх а. Мохьмадца цхьана гIента хаа ша хьакъ ца хетара цунна. Иштта лерам бара цуьнга яздархойн а, нехан а.
Масех шо дара Мохьмад цIа вирзина а, цуьнан хIусамнана йоцу а, берийн къайлаха ойла яра, да-нана цхьаьнакхетта, шаьш ирсе доьзал хир ду аьлла. Мацах цкъа вовшашца ирсе хилла кхеран да-нана вовшийн пебетташ хIунда ду ца хаьара кхарна. Мохьмад кIадвелча а Кийса тIе ца йирзира. Ша могаш а яц, жимачохь санна чIархъаьлла Мохьмадан гIуллакхна лара а йийр яц, цуьнан хIусамехь даима а хьаша-да лаьттара тоххара, хIинца, муххале а, уьш алссам хир бу. Ша яьхначу шерашкахь товхана гонаха дукха латтарна, цIийнаноналла къахьделла шена аьлла, дуьхьал елира иза.
Дуьххьара санна, оцу гIуллакхна орцахваьллачу Вахаев Хасис элира: «Кийса саннарг карон атта-м хир дац, амма кевнна метта зIар хIоттийна а, цхьаъ ца дича-м ца довлу».
1963-чу шарахь Мохьмада Олхазар-КIотарара Дубаева Малика ялийра.
– Тхан даима а лерам бара Манига (иштта олура бераша ден зудчух). Тхан ден гIуллакх деш, цунна гIаролехь лаьттина иза итт шарахь. Соьлжа-ГIалин Терешкован цIарахчу урамера цIеношкара петарехь Iаш дара тхо цу хенахь. Делахь а лаьтта тIехь, кертахь цIенош дан ойла яра папин. Бераш а, алссам берийн бераш а гулделча, яккхий чоьнаш хила езар ю, олура цо. Сайх нана хилча, папех мелла а ийзалуш, эхь хеташ, сайн кегий бераш цига ца дуьгура ас. И тосаделлачу папас, йоI хIунда ца ялайо ахь, суна ган лаьа сан йоьIан йоI, аьлла, барт туьйхира. Цкъа и эцна яхана со, чоьхьа йоллушехь, сан карара охьайоьссина иза, папина тIеяхна, цуьнан карара охьа а ца йоьссира. И шиъ цхьана а дитина, гIалахь цхьацца сайн гIуллакхаш чекхдаьхна со юхаеача, папин кабинет чохь «гIуллакхаш» деш карийра суна – терхи тIера книгаш охьа хьаькхна, папин кисанара схьадаьккхина бетах хьокху йовлакх а хьокхуш, книгаш «дIанисъеш» йоллура йоI. Папа книгашца долчунна чIогIа экаме вуйла хуу со, йоI схьаяккха гIоьртира. «Йитал иза, цIийнаноналла деш йоллу иза», – элира папас, доьлучу бIаьргашца цуьнга а хьоьжуш…
Маржа яI, кIезиг безам-марзо ийцира-кх цо тхох а, оха цунах а. Дала ма-нисдарра хилир-кх…
Цкъа со еана йолуш, папас цхьа документаш а, шен куьйгайозанаш а гайтира. «Зараъ, Зеламхин доьзалех лаьцна чекхъяьлла книга ю хьуна сан кху чохь, шайн зама кхочур йолуш куьйгайозанаш а ду хьуна», – элира цо.
Ала деза, де-буьйса ца лоьруш, дукха болх бора цо. Ша ца ларош, иштта висарна кхоьруш, хилла хир ву иза. Дуккха а книгаш арахецнера цо, кхечу къаьмнийн меттанашка яьхнарш а яцара кIезиг, амма цуьнан библиотеки чуьрчу шкафаш чохь тIехула цхьацца билгалонаш язйина, терахьаш хIиттийна куьйгайозанаш а дара. Иза дIаваьллачул тIаьхьа чIогIа сатесна яра со, шена винарг, я шена виначунна винарг ваьлла, папин куьйгайозанашна дуьне гур ду аьлла. Дала мукъ лахь, тахана а цунах дог диллаза ю со…
– СадаIар кIезиг долуш, болх, некъ, яздар, адамашца, кегийрхошца, къоначу яздархошца цхьаьнакхетарш дукха долуш, шен тIаьххьарчу дийне кхаччалц, нохчийн къомана вацар лаккхара дарж хеташ вара Мохьмад, – иштта тоьшалла до нохчийн халкъан яздархочунна Мамакаев Мохьмадна иза вевзаш хиллачара.
Муьлххачу а юкъараллехь ма-хиллара, иза хьакъ доцучу лакхене кхаьчна аьлла хеташ, цуьнца хьагIъерш а, Мамакаевн «седа» чубуьзна, цуьнан зама («эпоха») дIаяьлла аьлла хеттарш а хир бу, 1973-чу шеран 17-чу августехь иза цIеххьана кхелхича. Амма хIокху 43-чу шарахь, цхьа де а ца деана хьанна а веана а иза дага ца вогIуш, цуьнан байташ ца йоьшуш, я царах кхолладелла иллеш ца хезаш, ткъа кху тIаьхьарчу шерашкахь юха зорбане евлла цуьнан дукхах йолу говзарш. Цхьа а шеко яц, нохчийн къам мел деха ехар ю нохчийн литература а, лепар бу Мамакаевн седа а, ехар ю Мамакаевн цIе а.
САРАЛИЕВА Табарак
Суьрта тIехь — М.Мамакаевн гергарнаш
№6, еара, кхолламан (январь) беттан 21-гIа де, 2016 шо