Говзанчаша чIагIдарехь, латталелорехь уггаре а чолхечарах ларалуш ду кемсашлелоран дакъа. Цунна оьшу алссам белхан куьйгаш, иштта алссам харжаш а. ХIетте а, даима шена боккха тидам тIебохуьйтуш дакъа а хилла иза. Цунах кхета хала дацара, хIунда аьлча, муьлххачу бахаман, муьлххачу регионан экономикехь коьртачарах меттиг – цунна кхочура. Иза чIагIдора дуьххьалдIа хIокху цхьана бакъдолчо а. ДIадаханчу бIешеран шолгIачу эхехь, масала, вайн республикехь мехкадаьтта дIадаьллачул тIаьхьа шолгIа меттиг дIалоцура цо экономика кхиорехь.
Кемсийн майданаш ма-хуьллу шоръяран Iалашонца хIора шарахь бохург санна керла латтанаш къастадора вайн бахамашкахь. Ур-аттал оцу гIуллакхана бегIийлаш йоцчу районашкахь а тIехь. Цуьнца доьзна дика дагайогIу кхузткъолгIачу шерийн юьххьехь гIаьттина хилла шовкъ. Лакхара охьа динчу омрица бIеннаш гектараш регIаца долу латтанаш къастийра кемсашна хьалха и культура лелийна йоцчу Теркан а, Малгобекан а районашкахь.
Нагахь, хьалхарчохь регIаца йолчу майданашкахь бIеннаш гектараш тIехь лаьтта бухахула хиш дахкаран система йилар (Iаламат яккхий харжаш еш), хи охьадоьдуш лакхенца саьнгар хилар бахьанехь юьххьехь дуьйна жим-жима кемсаш гулъян аьтто баьлла хиллехь (бакъду, тахана-м цигахь а цхьа а гектар йисинчух тера дац), шолгIачохь, цхьа а таьллинг ден ца луш, хи чу кхоьссича санна дайра оцу Iалашонна союзан бюджето къастийна хилла шийтта миллион сом ахча. Дайра, цигахь кемсашлелорна латтанаш мегаш дац, бохуш говзанчаша орца доххушехь. Оцу хенахь дукха ахча дара иза. Амма, шо чекхдаьллачул тIаьхьа, хIетахь иза гуттар а хуьлуш а ма-хиллара, массара а дицдира хилла зен.
ДоггIучуьра, церан могIарехь яра Хьалха-Мартан а, Шелан а, Гуьмсан а районаш. И культура кхиорна латтанаш мегаш цахиларна хьалхарчу шинхьа юьххьехь дуьйна дитира и гIуллакх. Ткъа гуьмсахоша дуккха а шерашкахь гIалара Хасав-Юьрта дIавоьдуш некъан аьрру агIор Iохкуш йолчу яккхийчу майданашкахь лелийра кемсаш, бахамашна алссам пайда а хуьлуш. Уьш кхиош хиллачу латтанаш тIехь ю тахана цIенойн дийнна каппаш лаьтта, цхьайолчу меттигашкахь лаьттара хьалакъийдаш таьллангийн Iаржъелла юьхкаш а йолуш. И дерриге а оцу декъан историн дIакъасто йиш йоцу дакъа хиларх кхета тахана оцу муьран теш хилларг…
И дакъа кхиоран халонех лаьцна дуьйцуш, билгалдаккха деза цунна дуккха а барамехь белхан куьйгаш оьшуш хилар. Цхьана а шарахь бахамаш шайн ницкъашца ца ларабора кемсийн аренашкахь дан дезачу гIуллакхашца. БIаьстенан юьххьехь таьллингаш кхада, шпалери тIехь дIаехка езачу хенахь луларчу, аьлча а, Дагестанера алссам говзанчаш кхайкха дезара. Ткъа кхиънабаьлла стом чуэца беза хан тIекхаьчча, масала, Соьлжа-ГIалара, дешаран ерриге а учрежденешкара дешархой, студенташ бутт баккха безаш хуьлура коьртачу декъана Теркан, Невран районийн кемсийн аренашкахь.
Нагахь хIора гектаро 50–60 центнер маьлхан хорханаш луш хилар хьесапе эцча Iаламат мехала дара оцу кепара деш долу гIо. Цо таро хуьлуьйтура оцу цхьана баттачохь кемсийн майданашкара белхаш дIаберзо, уггаре а коьртаниг – дараш ца хуьлуьйтуш ерриге а аьргалла гIуллакх дайта хIора бахамехь хиллачу заводе дIаяхьийта (кемсаш коьртачу декъана чагIаран аьргалла кечъярна лерина яра). Оцу кеппара дуьххьалдIа бахамийн аренашкахь хIора шарахь 60–65 эзар тонне кхаччалц кемсаш гулъян таро хуьлура дешархойн а, студентийн а гIо бахьанехь.
Оцу декъо луш хиллачу пайданах дерг аьлча, цкъа-делахь, хIора бахаман экономика цхьанаэшшара кхиарна кхачойора. Иттаннаш эзарнаш декалитраш конъякан а, чагIаран а аьргалла ца кхачош меттиг ян а яцара Советски Союзехь. Вайн заводийн продукцин лаккхара мах хадабора Магадане, Курильски гIайреш тIе кхаччалц йолчу меттигашкахь. ШолгIа-делахь, къаьсттина Невран районехь кемсашлелорхоша деш хиллачу гIуллакхийн барамаш гайта дуьххьалдIа хIара цхьа бакъдерг а тоьар ду аьлла хета. Кемсашлелор дIатесна масех шо даьллачул тIаьхьа а, марсабаьлла дIабоьдуш шолгIа тIом а болуш, цIерпоштнекъан яйш чохь вайн дозанел арахьа районера дIаузуш яра заводашкахь лаьтта бухахь Iалашъеш хилла эзарнаш декалитраш кемсийн продукци.
Стенна дуьйцу ас иза? Уггаре хьалха, кемсашлелоран декъо луш хилла пайда кхин цкъа а дагабаийта (ас ца боху иза бахамийн куьйгалхошна, говзанчашна дагара даьлла, дакъа меттахIотторна тIехьажийна цара деш хIума дац, юьйцучу хенахьлера таронаш тахана яцахь а), и зама юхаяре сатуьйсуш. Иза иштта хирг хиларна дегайовхо кхуллу юьртан бахам меттахIотто болийначу хьалхарчу шерашкахь дуьйна кемсашлелоран декъана алсам тидам тIебохуьйтуш, кемсаш кхиор шордарна луш долу ахча тIеттIа алсамдолуш хиларо. Со теша, цхьана хенахь а санна, районехь хьовха, дийнна республикехь а хьалхелелорхойн мукъ, масала, кемсашлелоран «Наурский» бахаман латталелорхоша шайн кара лоцург хиларх.
Уьш даима а хилла шайх масал эца хьакъ болуш. Церан аренашкахь бIеннаш гектараш дIалоцура кемсийн таьллангаша, евзара маьлхан хорханийн хьекъар, церан дикалла лакхаяккхаран къайленаш, бевзара даима а керланиг лохуш хиларца, иза шаьш долчохь юкъадалорца. Кхечу бахамех къаьсташ, цигарчу аренашкахь йоккха хуьлура кемсийн тайпаналла, цуьнга хьаьжжина чаккхенан продукцин дикалла. Цундела, ларамаза дацара бахаман заводехь кечдеш долчу марочни чагIарех цхьадерш берриге а махкахь уггаре а тоьллачарах лоруш хилла хилар.
Дуьйцуш долчу шерашкахь дукхазза а хила дезна сан оцу бахамехь. Лелла кемсийн майдашкахула, дукха хилла адамашца къамелаш. Даима а билгалдолуш дерг цхьаъ дара – адамийн ойла билггалчу Iалашонна тIехьажийна хилар, цуьнга кхачархьама шайн берриге а ницкъаш тIеберзийна къахьегар. ТIаьххьарчу чоьтехь лаьтте болу безам, цуьнан тIалам бар.
Шайн ламасташна тешаме хилла тахана а буьсуш бу цигара латталелорхой: кхиаман коьрта хьоста лору лаьттаца йолу юкъаметтиг, цу тIехь деш долу гIуллакх. Цундела дакъа меттахIоттор Iалашо йолуш хIора шарахь алсамболу дIаюгIуш йолчу таьллангийн барам, царна къастош йолу майданаш. Иштта хилира дIаяханчу гурахь а – масех гектар дIалецира къоначу таьллангаша. Ахчанан таронийн къелле хьаьжна доцуш, уьш тешна бу дукха хан ялале кемсашлелорехь шайн дош ала ницкъ кхочург хиларх. Иштта хеташ ву бахаман куьйгалхо Лорсанов Асламбек а. ХIунда аьлча, хIораннан а ойла цхьана Iалашонна тIехьажийна хиларна.
Пхийтта шо ду Асламбек бахамна коьртехь лаьтташ волу. Оцу муьрехь цигахь дуьйш-лелорна юкъадалийна ши эзар гектар гергга латтанаш. Нагахь бахам гIамаран аренашца доза долуш (ма-дарра аьлча, дикка доккха дакъа кхочу царна) хилар хьесапе эцча, кхеташ хуьлу оцу декъехь бинарг боккха болх хилар. Даима лехамехь ву директор, жигара юкъадаладо керланиг. Цуьнан дIадолорца юкъадалийна бахамехь картолаш, хохаш, кхин хасстоьмаш кхиор.
Республикехь доккхах долу дакъа кхочу, масала, бахамехь кхиош йолчу картолашна. Иза гойту дIаяханчу гурахь хиллачу гайтамаша а: ши эзар тоннал алсам чуэцна уьш. Кхо бIе тонна гулйира цIен буракаш, ткъа жIонкаш – 400 тонна. Иштта лакхара бу кхийолу культураш кхиорехь болу гайтамаш а. Къайле йолуш хIума дац церан хьекъар лакхара хиларехь – шуьйра пайдаоьцу бахамехь техникаца хиш дахкаран системех. Аьхкенан берриге а муьрехь цуьнга тешам боллуш гIуллакх дайтарна кхачойира бахаман коьртачу инженера Хизриев Казбека куьйгалла дечу службо. Районехь а, цуьнан дозанал арахьа а кхиамца дIадоьхкина кхиийна сурсаташ, цхьа дакъа шайна тIаьхьалонна а дуьтуш. Гектарана леринчу хьесапехь районехь уггаре а алсам дара кхиийна гуьйренан буьртиган кенан ялта а, цуьнга хьаьжжина дукхаллин барам а. И дерриге цхьамогIа Iилманан-талламан институташца гергга зIе латторан, церан магораш жигара балхана юкъадалоран тIаьхье лору бахамехь. Церан магорех пайда а оьцуш, яккхийчу майданашкахь дIабийна гуьйренан хохаш а.
Дуккха а дакъош долу бахам кхолларан Iалашонца билгалдеш ду даьхнилелоран дакъа шордар а. Тахана жижигана лерина дустош ду бахамехь бежанаш. Амма герггарчу хенахь шура яккхаран гIуллакх вовшахтоха а таро хирг хиларх тешна ву бахаман куьйгалхо.
Уьш дерриге таханлерчу дийнан декхарш ду, шаьш кхиамца кхочушдарх бахаман хиндерг цкъачунна билгал а доккхуш. Церан ойла ярца, тахана билггал гIуллакхаш дарца цхьаьна латталелорхой теша, хьалха а санна, тIедогIучу герггарчу шерашкахь яккхийчу майданашкахь кхуьуш йолчу маьлхан хорханаша шайн бIаьрг белориг хиларх. Цуьнан дуьхьа беха уьш, цуьнан дуьхьа ду цара тахана деш долу гIуллакхаш.
Л.МАГОМАЕВ.
№6, еара, кхолламан (январь) беттан 21-гIа де, 2016 шо