Иштта билгалйоккху шайн белхан коьрта Iалашо Невран районан администрацин физически культурин а, спортан а отделан куьйгалхочо Чимиев Сергейс
Тахана районехь болх беш берийн-кхиазхойн спортан 4 школа ю (ДЮСШ). Царех кхоъ Неврехь ю, цхьаъ – Алпатовехь. Хьалха уьш Дешаран а, Iилманан а министерствона юкъайогIуш хиллехь а, карарчу хенахь Нохчийн Республикин физически культурин а, спортан а министерствон куьйгалли кIел ю. Районехь спорт кхиоран бух хилла лаьтта и школаш.
С.Чимиевс дийцарехь, цигахь доьшуш 2100 сов къона спортсмен ву. Вуон бац церан кхиамаш. ДIадаханчу шарахь районехь кхиийна 1 спортан мастер, 22 кандидат, 300 сов ву спортан разряд яьккхинарг. Оцу школийн дешархоша кхиамца дакъолоцу республикехь а, цул арахьа а дIахьочу тайп-тайпанчу къийсадаларшкахь. Къаьсттина бIаьрла бу греко-римски кепара охьатохархлатарехула йолчу лерринчу ДЮСШ-н дешархойн кхиамаш. Иза ларамаза дац, шен геннара ламасташ, спортсменаш кхиоран доккха зеделларг долуш ю и школа. Кхузахь кхиъна ву греко-римски кепара охьатохархлатарехула дуьненан доьазза чемпион, Олимпийски ловзарийн даточу совгIатан лауреат Дугучиев Ислам а, иштта Россин а, дуьненаюкъарчу а къийсадаларийн дуккха а толамхой а.
Невран дика кхиамаш бу яйчу атлетикехь а. Республикин наггахь йолу турнир а ца хуьлу кхара толаман меттиг ца йоккхуш. Умаров Пайзуллин (греко-римски кепара охьатохархлатар), Лабазанов Джабраилан (яйн атлетика), Махмаев Мамин (футбол), Абдулаев Султанан (дзюдо), иштта кхечу тренерийн хьуьнар ду иза.
– Нийса хир дацара районан спортан дерриге а дахар оцу еа школана гуонаха хьийзаш ду аьлча, – дуьйцу Чимиев Сергейс. – Спорт, къона тIаьхье кхетош-кхиоран мехала дакъа дуй а хууш, ма-хуьллу алсам кегийрхой цу юкъа озо гIерта тхо. И ду республикин а, районан а куьйгалло тхоьгара лоьхург а. Ша аьлларг тIечIагIдеш, дуккха а терахьаш а, бакъдерш а далийра цо. Районан кегийрхошлахь къаьсттина яьржина ю спортан хIара кепаш: охьатохархлатар, дзюдо, бокс, футбол, волейбол, баскетбол, яйн атлетика, шахматаш, теннис, иштта кхин а. Футболехула республикин чемпионатехь дакъалоцуш ю районера ши команда: «Спартак» (Наур), «Лам». Ламасте дирзина футболехула а, волейболехула а районан къийсадаларш дIадахьар. ХIора юьртан администрацис цхьацца команда хIоттайо оцу къийсадаларшка ( юьртан 14 администраци ю районехь). Цхьа а дезде я бIаьрла хилам дIа ца боьду спортан муьлххачу цхьана кепехула районан тIегIанехь къийсадаларш вовшах ца тухуш. ХIора юьртахь а 150–200 гергга стаг хуьлу спортехь жигара дакъалоцуш. Спортсменийн хьашташ кхочушдарна лерина 10 сов спортан зал ю районехь (Ищерскехь, Рубежнехь, Алпатовехь, Чернокозовехь, Неврехь) Республикехь дикачех цхьаъ ю Неврера 2 эзар меттигна лерина футболан стадион.
Тхан къамелахочо хазахетарца хаийтира, 2012-чу шарахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана техника эца оьшу харжаш а къастийна, кхузара «Даймохк» мотобольни команда меттахIоттийна хилар а. Карарчу шарахь спортан мастеран Хабизаев ИсмаьIалан куьйгаллица Россин чемпионатехь дакъалаца кечлуш ю иза. Шен хенахь СССР-н чемпион хилла ерриге а, Союзехь гIараяьллачу «Виноградарь» командин буха тIехь вовшахтоьхна ю «Даймохк». Ала деза спортан мастер волу Чимиев Сергей ша а 13 шарахь «Виноградарь» командин капитан лаьттина а, СССР-н чемпион хилла а хилар (цуьнан дахарера и бакъдерг къамел чекхдолуш бен тхуна хаа-м ца хиира).
Районан ярташкахь спорт кхиоран уггаре а хала а, жоьпалле а дукъ яртийн администрацийн куьйгалхошна тIедужуш ду. С.Чимиевс баркаллица билгалдаьккхира, шайн йоцчу таронашка хьаьжна ца Iаш, кегийрхой спорта юкъаозоран Iалашонца юьртдайша шайн ницкъ кхочург дерриге а деш хилар.
«Чемпионаш дукха хуьлуш бац, амма спорто кегийрхошна гIо до могаш кхиа, спортаца гергарло дерг молуш-узуш ца хуьлу, доьналле хуьлу, цуьнан хан ца хуьлу харц новкъа вала. Оцу бакъдолчух кхеташ, тхайн ницкъ ма-кхоччу, районехь спорт кхио гIерташ, къа-м хьоьгу оха, дерриге ма-бохху ца хилахь а», – дерзийра шен къамел С.Чимиевс.
Хь.АБОЛХАНОВ