Кадыров Рамзан: «Тхо Россин дуьхьа эга а эгна, иза ларъярхьама дерриге а дан кийча а ду»

Социальни зIенехь йолчу шен агIонехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана яздина, оццул айъина дуьйцуш долу шен дешнаш, Россехь законехь йолчу оппозицина дуьхьал аьлла ца хиларх лаьцна. «Ас ондда дIахьедар дина Россера дIа а бахана, цигара схьа вайн махках лаьцна харцдерг дуьйцучеран, вайн мохк бехбан гIерташ, цунна тIе нехаш хьоькхучеран хьокъехь. Уьш Россина кхерамаш туьйсуш бу. США а, Европин мехкийн пачхьенашка а дIа а оьхуш, царна хьоьхуш бу Россин экономика, кхерамазалла, синтем бохорхьама муьлха санкцеш юкъаяло еза. Иштта кхерамаш туьйсу 30 секонд ялале ГIирма юхаерзо. Кхеташ дац стенга юхаерзош ю иза! Уьш а, вайн махкахь болу церан хьадалчаш а бара ас буьйцурш, системни йоцу оппозици жоьпе озо езаш хиларан хьокъехь айса къамел дечу хенахь. Социальни, экономикин проблемаш уьйъуш, ЖКХ-н, кхин гIуллакхаш юкъадохуш йолчу законни оппозицин хьокъехь дацара сан къамел! Ткъа Россин бакъболу мостагIий, ткъа иштта даррехь я къайлах церан гIолоцуш берш цу сохьта гучубевлира», – билгалдоккху Кадыров Рамзана.

Республикин Куьйгалхочо ша аьллачунна тIетухуш билгалдаьккхира адамийн бакъонаш ларъяран Векала Памфилова Эллас иштта ира дIахьедарш дина хиларх ша кхеташ цахилар, «хьалха махкахь хIуъа хуьлуш хилча а, оцу кепара къамел деш ма яцара иза». «Элла Александровна дукха сихъелла аьлла хеташ ву со», – яздо цо текстехь.

Кадыров Рамзана билгалдаьккхира «Даима а Малхбузе агIор дIагIерташ долу адамаш» ша Россин юкъараллин дакъа лоруш цахилар. «Цига дIа ма кхеччи уьш мохь хьекха буьйлало шайна кхерамаш туьйсу, кхидерг леладо бохуш. Ас даррехь эр ду, ас кхерамаш ца тийсина» Нагахь санна суна хеташ дерг цара кхерам леринехь, хIета уьш кхеташ бу тхо Россигахьа хиларх, вайн Даймехкан дуьхьа эгна тхан дай, тхо а кийча ду вайн Росси ларъяран дуьхьа дерриге а дан. Россин бIе шовзткъе ялх миллион вахархочух лаьтташ йолчу могашчу юкъаралло ша эладитанашна, питанашна, харцонна юкъаозаяйта ца еза. Ас буьйцуш болу нах харцдерг дуьйцуш бу, Малхбузено и дарна царна хуьскаш кхийдайо. Оцу хуьскийн дуьхьа хIуъа а дан кийча бу уьш. ЛартIехь ца хила герга а ду и нах», – боху Кадыров Рамзана.

Цо дийцира ша Гуьмсан а, ТIехьа-Мартан а районашкарчу администрацийн куьйгалхошка меттигерчу психиатрин больницашкахь VIP меттигаш кечъе аьлла хиларх лаьцна. «Нагахь санна психиатрашкара гIо оьшуш хьал хилахь, тхо кийча ду Россина зуламе бовла гIертачарна хьакъ йоллу палаташ а, зеделларг долу лоьраш а хилийта. Ткъа говзанчаша чIагIдо, адамийн и жIуга сихха дарба лело дезаш хилар суьрташка хьаьжча а гуш хилар. Ас кхин цкъа а боху Россина а, суна а цаьрга хIумма а далур дац. Олуш ма-хиллара: жIаьла лета – къепал дIайоьду», – боху текстехь.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: