Халкъан а, Iедалан а цхьаалла хилар гайтира

Селхана Соьлжа-ГIалин урамашка арабевллачу миллион гергга наха Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан а политикин некъ шаьш къобалбеш хилар хаийтира.IMG_9943

     «Цхьааллехь – вайн ницкъ» аьллачу цIарца дIабаьхьначу гуламехь Нохчийн Республикера бахархой хилла ца Iаш, Россин тайп-тайпанчу регионашкара баьхкина хьеший а бара. Царна юкъахь бара Дагестанера, Къилбаседа ХIирийчуьра, ГIалгIайчуьра, Кхарачойн-Чергазийчуьра, ГIебартойн-Балкхаройчуьра, ГIалмакхойчуьра, иштта, Москвара а, Санкт-Петербургера а, Ставрополан, Краснодаран, Ростован, Волгоградан, Астраханан, Кирован, Костроман, Липецкан, Владимиран, Красноярскан областашкара а векалш. Тайп-тайпанчу къаьмнех а, динех а болу нах вовшахтоьхнера Даймохк боьхкинчарна Россин пачхьалкхан цхьаалла гайта лааро.

И гIуллакх вовшахтохарна жоьпаллехь яра Нохчийн Республикин профсоюзийн кхеташо, ткъа иза дIадахьарна тIехь Iуналла деш – Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерство.

Соьлжа-ГIаларчу «Нохчийчоьнан дог» маьждигна хьалха дIадаьхьира гуламан коьрта дакъа. Цигахь, гулбеллачарна хьалха, вистхилира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат.

«Вайн мехкан а, халкъан а баьччашца – Россин Президентаца В.Путинца а, Нохчийчоьнан Куьйгалхочуьнца Р.Кадыровца  а вай цхьаьна хилар, цара юьхьарлаьцна некъ къобалбеш хилар гойтуш, арадевлла вай тахана. Таханлера де дашо элпашца Россин истори юкъа яздина хир ду. Нохчийчохь тахана дIахьошъерг халкъан цхьааллин а, барт хиларан а революци ю», – элира министра.

КхидIа, гулбеллачарна хьалха цхьамоггIа бистхилира республикин Iедалера нах а, кхийолчу регионашкара баьхкина хьеший а. Царех хIораммо а билгалдоккхура Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна а, вайн мехкан куьйгаллина а дуьхьал лелочу питанашна ша-ша реза цахилар а, Кадыров Рамзана Россин цхьаалла чIагIъярехь доккха дакъа лаьцна хилар а. Ткъа Даймохк боьхкинчарца (системина юкъайог1уш йоцчу оппозицехь берш) шайн йолу юкъаметтиг – шайн карахь хиллачу кехаташна тIехь, уьш сийсазбеш, куьйга яздинчу йозанашца гайтира бахархоша.

А.ХАСБУЛАТОВА

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: