Иэсехь ваха хьакъ ву

ТIеман дакъалацархочух Сагадуев Аьрсмиках дош

     Деа шарахь лаьттира хIетахь Германис вайн махкахь латийна тIеман цIе. Оцу муьрехь къонахаллица, майраллица мостагIчух леттачарна юкъахь дукха бара хIетахьлерчу Нохч-ГIалгIайн Республикин бахархой. Ткъа Гуьмсан кIоштарчу Ишхой-Юьртара бахархойх мел лахара а 90 стага дакъалаьцна 1941–1945-чуй шерашкахь Германица хиллачу тIамехь. Царах, герггарчу хьесапехь, кхоалгIа дакъа тIамера юха ца баьхкина.аа

     1916-чу шарахь Ишхой-Юьртахь вина волу Сагадуев ШуIайпан СоIдин Аьрсмик (кехаташ тIехь Арсен аьлла язвина ву иза) 1939-чу шеран сентябран 10-чу дийнахь Нажи-Юьртан военкомато эскарехь гIуллакх дан хьажийра. Билтойн тайпанах болу кхуьнан дай Нажи-Юьртана юххехь йолчу Булан-ХитIахь баьхна бара. ЧермоевгIаьрца (Орца, Тапа) генадалаза гергарло а дара церан.

Аьрсмик эскарехь волуш 13-чу стрелкови, 8-чуй, цул тIаьхьа – 38-чуй танкови полкашкахь иччархо вара, ткъа тIаьхьо 148-чу ремонтан-меттахIотторан батальонехь а, 543-чу танкашна ремонт яран базехь слесаран декхарш кхочушдеш къахьегна цо. Украински фронтана юкъадогIуш дакъош дара уьш.

Лахара сержант хиллачу вайн махкахочо – Аьрсмика, тIеман низамо ма-бохху, кхочушдечу гIуллакхех кIезиг дозуш дацара толам гергабалор. Иза дерриге а тIечIагIдо нохчичунна дина хиллачу совгIаташа а, уьш дале хьалха командованис кхунна кечдина хиллачу кехаташа а. 1945-чу шарахь подполковника Сановс буха куьг яздинчу СовгIатан кехата (Наградной лист) тIехь ду хIара могIанаш: «1943-чу шеран сентябрера 1945-чу шеран май беттан 9-гIа де кхаччалц болчу муьрехь танкашна ремонт яран 543-чу базехь гIуллакх дина Сагадуевс. Берлин а, Прага а гIаланаш паргIатйохуш тIемаш бара дIабоьлхуш. Кхерамах ца къаьхкаш, Сагадуевс фронтехь хьуьнаре къахьийгира йоьхначу техникина тIаьхьалонан меженаш тIекхоьхьуш а, иза тоеш а. Шен къинхьегамца, беккъа шен ницкъаца тIеман 6 машен тойира цо. ТIеман дакъоша шайна тIедиллинарг кхочушдарехь чIогIа мехала дара цо лаьцна дакъа».

Нохчичун тIеман хьуьнарш билгалдаьхна «За отвагу», «За освобождение Праги», «За взятие Берлина» цIерш йолчу мидалшца. 1945-чу шеран май беттан 9-чу дийнахь арадаьллачу СССР-н Лакхарчу Советан Президиуман Указаца нийса а догIуш, Сагадуевна елла «За победу над Германией в Великой Отечественной войне 1941–1945 гг.» цIе йолу юбилейн мидал.

Сагадуев Аьрсмик тIемалочун декхарех мукъавоккху 1946-чу шарахь. Кхуьнан хиллачу командиро гIо а деш, цхьа а бехк боцуш, харцонца, Юккъерчу Азе кхалхийначу нохчашна тIекхочу хIара. Вежарий Селамсолта а, Ташу а вара бухахь. Цигахь шен доьзал болабо Аьрсмика.

Хийрачу махкара юхабирзича, Аьрсмик а, цуьнан хIусамнана Рахьимат а Хасавюьртан кIоштарчу Таьшкичу (Аксай) юьртахь баха совцу. Маьршачу хенахь трактора тIехь болх бо тIеман ветерана. Оцу шерашкахь цунна совгIат дира  «Даймехкан тIамехь толам баьккхина 20 шо кхачарна» (1965 шо), «СССР-н тIеман ницкъийн 50 шо кхачарна» (1967 шо) юбилейн мидалшца.

Сагадуев Аьрсмикан тIеман муьрца доьзнарг леррина лардечу цуьнан вешин Селамсолтин кIентан кIанта Вабахьаьжас билгалдоккху: «Селамсолтас цIа вогIу чIогIа ларвеш хилла тIамехь волу шен ваша Аьрсмик. Командиро гIо а деш, Казахстане вахана тIеман дакъалацархо. Техникица доьзнарг дика хууш хиллачу Аьрсмика Казахстанехь трактора тIехь болх бина. Селамсолтас олуш хилла, Казахстанехь, – шаьш долчохь, дуьххьара трактора тIе хиънарг шен ваша Аьрсмик вара, олий…»

Тахана а Таьшкичохь ехаш ю Аьрсмиках йисина Рахьимат. Цаьршиннан доьзал – 4 йоIIий, 3 кIанттий – цхьаберш цIахь, вуьйш – аренца бехаш бу. Вайн республикин тIеман дакъалацархойх лаьцна арахецначу жайнаш тIехь ю а Сагадуев Аьрсмикан цIе. Подольскерчу архивехь а цуьнан тIеман гIуллакхийн бух хилар хааделла. Ишхой-Юьртахь тIеман дакъалацархошна-юьртахошна лерина кечдинчу Cийлаллин уьн тIехь а бу цунах болу хаамаш.

Сагадуев Аьрсмикан кхалхар хилла 1972-чу шарахь. Дала гечдойла цунна, Дала йоле дохкийла цунна шен тIеман а, маьршачу къинхьегаман а гIуллакхаш. Цхьа а шеко йоцуш, иза вайн а, тIейогIучу тIаьхьенийн а иэсехь ваха хьакъ ву.

ГАЙТУКАЕВ Асламбек

Суьрта тIехь: Сагадуев Аьрсмик

№6, еара, кхолламан (январь) беттан 21-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: