Белхалойн корматаллийн сий айъа деза

Иза билгалдаьккхира министра И.Байхановс

     Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствона 2016-чу шарахь хьалха лаьттачу декхарех ду корматаллин юккъерчу дешаран а, белхан говзаллин а тIегIа лакхадаккхар. Цуьнца доьзна Нохчийн Республикин дешаран министр И.Байханов цхьаьнакхийтира колледжийн а, техникумийн а директоршца.

  Цигахь министра  билгалдаьккхира дешархошца бан безаш болу болх жигара баккха безаш хилар. Иштта, цо царна тIедиллира шайн  учрежденешкахь муьлха корматаллин меттигаш ю хаийтар а, хаамийн-кхеторан кепара гIуллакхаш дIаяхьар а.

«Таханлерчу хьоло гойту берриге а дешархой дика доьшуш цахилар а, ЕГЭ дIаяла уьш кийча цахилар а. И санна болу дешархой 8–9-чуй классашкахь болчу хенахь дуьйна кечбан беза колледжана, техникумашна. Коьртаниг – уьш кхето беза, масала, сварщикана, автомеханикана сиха болх карош хиларх а, церан алапа лакхара хиларх а, уьш дешна сиха бовлуш хиларх а», – элира министра.

ТIедогIучу 3–5 шарахь муьлха белхалой оьшур бу тидаме а оьцуш, Нохчийн Республикин къинхьегаман, нах балха нисбаран, социальни кхиоран министерствоца цхьаьна болх дIабахьа безаш хилар а, кхечу регионашкахь йолчу корматаллин юккъерчу а, лаккхарчу а дешаран учрежденийн кхин а филиалаш вайн республикехь схьайоьллург хилар а билгалдаьккхира И.Байхановс.

Иштта, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствехь дийцаре деш ду Курчалойн районехь техникум схьаелларан гIуллакх.

Л.ИБРАГИМОВА

 

№6, еара, кхолламан (январь) беттан 21-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: