ГIенах а ирча бу тIом

Ирсан чам ца бевзаш, Даймахкана херехь я тIеман кIуьрлахь дIаяхна XX-чу бIешеран 80-чу шерийн чаккхенехь, 90-чу шерийн юьххьехь дуьнен чу бевллачу нохчийн бералла. Царах цхьаъ хиларна, со дика кхета цара лайначух а, царна гиначух а…

    ТIемах девдда, Даймахкана генахь декъаза йорт йиттинчарех цхьаъ бу тхан доьзал. Лаьттаца дIашарйинчу дай баьхначу юьртахь Iойла а дацара. Цул сов, хIусамда кхелхина дукха хьалхе йисинчу тхан нанна цхьацца бен доцу шен йоI а, кIант а кIелхьарадаккхарал коьрта хIума хеташ а хилла хир дац.

Нохчийчохь хилла хьалхара тIом суо дукха жима хиларна дага ца богIу. Амма шолгIаниг… Дукха дика дагахь лаьтта дуьххьара Соьлжа-ГIалин тIехула хьийза дуьйладелла тIеман кеманаш а, школехь , тIом болабелча дан дезарш тхайна хьехар а, эххар, бомбанаш чуетта йолийна, школин кораш лелхар а, «сиха юхадогIур ду» аьллачу ойланца тIедуха-когадуха схьа ца оьцуш, гIали чуьра арадовлар а. Амма хенахь юхадерза доьгIна ца хиллера…

Легашка хораман шад хIуттий, бIаьргех лаамаза хи хьоду, и хан дагаеъча. Герзах боьттина салтий, танканаш схьагича хуьлуш долу дог а тоьар дара… ХIинца-м, Делан къинхетамца, хила а ца хилча санна, йицъелла и зама. Дала вайна иза кхин цкъа а юха ма гойтийла.

Цхьа вон гIан гина, хьуо самаваьлча, самавалар доккха ирс хета хьуна. Иштта еара, дукха хан йоццуш, цхьа Iуьйре. Ирчачу гIено дог Iовжийна самаяьлла, чохь дIасахьаьжча, тийналла хилча, массо а дийна-могаш карийча, кхийтира цул доккха ирс ца хиларх. Ткъа гина  гIан иштта дара: сайн нана а, ши доьзалхо а чохь  болуш, дехьа ураме яханера со, цхьа гIуллакх а хилла. Со юха ян йоьлча, урамехула охьайогIуш танкаш а, цу тIехь герзах боьттина салтий а бара. Минот ялале  уьш герз детта буьйлабелира. ЦIа  кхачархьама, деттачу герзашна юккъехула яла езар со, ткъа иза чIогIа кхераме дара. Иштта,  дехьа урамехь гергарнаш болуш, тIамо царах хадийна, сехьа урамехь йисира со… герзаш детташ, тIеман техники тIехь болу салтий тIехбовллалц. Дог карзахдуьйлура гергарчех хIун хир ца хууш… ДоIанаш дар бен дан хIума дацара. Эххар, детташ долу герзаш лахделча, тхайн ураме хьаьдира со. Цу минотехь кхийтира дуьненахь уггаре а дукхадезачу адамех хIун хилла ца хаар мел ирча хIума хилла.  Дуьне а бIарзделлера.

Эххар, тхайн ураме кхаьчча, ненах а, берех а бIаьрг кхийтира. Лулахойн ларми чу лечкъа ларийна хиллера уьш. Гергарнаш могаш-маьрша карийча, хазахетаран доза а дацара. Циггахь самаелира со. ТIаккха кхийтира, гIенах а оццул са бIарздечу тIамал ирча хIума цахиларх. Шен махкахь тIом мел боцу, ирсе ду-кх адам.

 

А.БАТЫЖЕВА

 

№6, еара, кхолламан (январь) беттан 21-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: