Социальни сеташкахь кегийрхой кхетош-кхиорна лерина гIуллакхаш

Нохчийн Республикехь вайн регионерчу кегийрхошна лерина «Признание» интернет-совгIат кхайкхийна. Лаккхарчу технологешкахь, социальни проекташкахь, иштта социальни сеташкахь кегийрхошка лаккхара кхиамаш бахийта лерина ду иза.

  «Признание» интернет-совгIат диллинарг, кхайкхийнарг Нохчийн Республикин кегийрхойн «Ахмат» болам а, «Патриот» боламан вице-президент Денильханов ИсмаьIал а ву.

СовгIатан хаамийн коьрта декъашхо хаамийн «Грозный-информ» агентство ю, хаамийн партнераш бу: хаамийн «Chechnyа today» агентство, республикин «Молодежная смена» газет.

СовгIат диллинчара ма-дийццара, цуьнан коьрта Iалашо ю регионерчу кегийрхошна юкъахь блогаш лелор дIакхайкхор, IT-н (хаамийн технологеш), интернетан декъехь кегийрхойн корматаллин лаккхара кхиамаш хилийтар, регионехь йолчу инвестиционни веб-разработкин хазалла лакхаяккхар, интернет-юкъаралла цхьаьнатохар, чIагIъяр, интернет сетехь юкъара цхьа хаамийн туш кхоллар.

Билгалдаккха догIу, интернет-совгIат уггаре а кхиамечу блог-проекташна луш хилар ЖЖ, VK, Twitter, Youtube, Instagram сеташ чохь а, мобильни приложенешкахь а, интернет-проектин юкъараллехь а. Царна юкъайогIу бахархойн Iер-дахар тодарна лерина, интернет сеташкахь кегийрхой кхетош-кхиорна лерина гIуллакхашна а, дешаран а, кхетам лакхабаккхаран а интернет сеташкахь деш долу гIуллакхашна а, хаамийн технологеш кхиорна лерина проекташ.

СовгIат диллинчара хаийтира, герггарчу хенахь говзанчийн тоба а, интернет-совгIатан сийлаллин жюри а хоржург хилар.

– Интернет-майданахь Нохчийн Республика а ю яккхий гIулчаш йохуш схьайогIуш. Ткъа «Признание» интернет-совгIат вайн регионехь хIинцалера хаамийн а, интернет а технологеш кхиорехь  кегийрхошна гIо-накъосталла дарна лерина ю. Вайна мехала ду Нохчийн Республикерчу кегийрхошна интернет ахча доккху агIор лелор гайтина ца Iаш, кхоллараллин белхаш барехь а, юкъараллин мехала проекташ кхочушъярехь а, стага ша кхиорехь а, бизнес кхиорехь а лелон аьтто хилар гайтар.

Таханлерчу дийнахь интернет сеташ вайн дахаран цхьа дакъа хилла дIахIиттина, со тешна ву, юкъараллин медиан коммуникацеш хьекъалца лелоро вайн регион дуьненаюкъарчу интернет-машанехь лакхарчу тIегIане йоккхург хиларх, – элира И.Денильхановс.

Хь.БАХТАЕВА

 

№6, еара, кхолламан (январь) беттан 21-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: