Коммунальни хьашташ кхочушдарх луш долчу ахчанан барам билгалбаккхар

баттахь хIусаман а, коммунальни а хьаштех ахча дIадала дезаран хьокъехь квитанцеш а кхочуш, хIоразза а царна тIехь тайп-тайпана мехаш а гуш, Iаш болчу дукхахболчу  бахархошна ца хаьа, шайга цхьадолчу мехашна тIеIаткъам балой. Масала, схьаоьцур вай петарийн цIа: иза латтор а, цунна карара ремонт яр а.

Оцу декъехь къахьоьгуш леррина организаци хуьлу. Петарийн дайша шайн цIа латторна а, цунна карара ремонт ярна а бинчу барте хьаьжжина, я урхаллин компани хуьлу иза, я рогIера организаци хуьлу.

Петарийн цIа чохь бахархошна баха атта а, кхерамазалле а хилийтархьама, Россин Федерацин Правительствос 2013-чу шеран 3-чу апрелехь тIеэцна леррина сацам бу. «Петарийн цIийнан юкъара бахам Iалашбаран хьокъехь оьшуш болчу белхийн лаххара барам а, церан къепе а» а цIе йолчу №290 сацамо билгалдаьккхина петарийн дайша лерринчу организацешца барт а бина, шайн цIийнан юкъара бахам Iалашбаран хьокъехь дан а, дайта а мел дезарг. Амма, оцу сацамо бохург бахархошна тIедужуш дац, нагахь санна цара лерринчу организацица барт 2013-чу шеран 3-чу апрелал а хьалха бина белахь. Цуьнца доьзна бахархоша терго ян еза 2003-чу шеран 27 сентябрехь №170 а йолуш, Россин Федерацин Госстройн «ХIусамийн фондан технически эксплуатаци яран бакъенаш а, нормаш а хIиттор» аьлла, арабаьллачу сацаман.

Цо гойту петарийн цIийнан бахархойн лерринчу организацеша шайн цIийнан юкъара бахам Iалашбарехь кхочушдечу хьашташна юкъахь харжам бан йиш хилар.

Лакхахь вай бийцаре бинчу белхийн механ барам хIоттош верг мила ву аьлла, хаттар кхолладала а тарло цхьаболчеран. Шайн цIийнан юкъара бахам Iалашбан оьшуш болу белхаш хоржуш берш а, оцу белхашна мах хIоттош берш а петарийн дай бу. Цул тIаьхьа, оцу хьелашна ша реза елахь, муьлххачу а лерринчу организацин таро ю цаьрца барт бан.

Нагахь санна петарийн дайша ТСЖ ца кхоьллинехь я леррина организаци а ца хаьржинехь, муниципалитет декхарийлахь ю леррина организаци къасторан конкурс дIакхайкхо. Цул сов, бан беза белхаш билгалбаха, церан мах хадон декхарийлахь нисло муниципалитет. Кхузахь ала догIу, бинчу белхан мах бахархоша (петарийн дайша) шаьш хIоттон таро йолчул а лекха хилар. Мах хIотточу хенахь муниципалитето терго йо цIийнан маса гIат ду а, цу чохь лифт а, нехаш дIакхуьссийла а хиларан а, иштта кхечуьнан а.

И.ХАСАХАНОВ

 

№6, еара, кхолламан (январь) беттан 21-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: