Шемахь долчу Россин тIеман-космически ницкъийн кеманаша стомара Дейр-эз-Зор провинцехь «Иблисан пачхьалкхан» могIаршкара 60 террорист хIаллаквина, Хомс гIалара церан тIеман лагерь, Хонкара мехкадаьтта хьош йоьдуш хилла 23 машен йохийна.
***
«Иблисан пачхьалкхан» гIеранашна юккъера террористаш тобанашкахь уьдуш бу Шемара. Уьш Хонкарахь а, луларчу кхечу пачхьалкхашкахь а къайлабовлуш бу.
***
Иракера кхоъ ах эзар маьрша стаг амалтана дIалаьцна латтош ву «Иблисан пачхьалкх» террористически организацин зуламхоша.
***
Пакистанехь юха а эккхийтар дина. Оцу бохамехь 11 стаг кхелхина, ткъех стагана чевнаш йина. Зуламах долу жоьпалла тIе ца лаьцна махкарчу террористически цхьана а организацис.
***
Тегеранехь схьалаьцна СаIудийн Аравин посольствона тIелатар вовшахтоьхна хиларна бехкевеш волу зуламхо. ДIахьош ду таллам бар.
***
ООН-н Кхерамазаллин Советан цхьаболу декъашхой новкъарло ян гIерташ бу 25-чу январехь Шемин хьокъехь дийцарш дIадахьарна.
***
Желтойчоьнан Президента Хонкара бехке йина Европе мигранташ сехьабохуш болчарна гIодарна.
***
Голландехь митинг дIаяьхьначу бахархоша Iедале лоьху шайн махка мигранташ цабахкийтар, царна дозанаш дIакъовлар.
***
Россин Президент В.Путин цхьаьнакхийтира жуьгтийн европейски конгрессан дакъалацархошца. Цара къобалдира Россис Шемахь террористашна дуьхьал дIахьош долу гIуллакхаш.
***
Россин Премьер-министра Д.Медведевс правительствон декъашхошца дIаяьхьначу рогIерчу кхеташонехь дийцаре дира мохк социально-экономикин кхиоран гIуллакхаш.
***
Россин а, Пакистанан а барт хилла мехкадаьттан а, газан а декъехь цхьаьна гIуллакхаш дар герггарчу хенахь дIадоло.
***
Россельхознадзоро 19-чу январехь дуьйна Иранна бакъо елла юьртабахаман сурсаташ Россехь дохка. Коьртачу декъана цу юкъахь хир ду шурин сурсаташ.
***
Москвахь доккха ло диллина. Иза дIадаккха урамашка араяьккхина ткъех эзар машен, трактор, кхийолу леррина техника. Ло дIадаккхарехь дакъалоцуш ву 80 эзар сов стаг.
№6, еара, кхолламан (январь) беттан 21-гIа де, 2016 шо