Цхьа миллион сов стага дакъалецира Соьлжа-ГIалахь хиллачу гуламехь

Нийсса цхьа шо хьалха, шайна вайн Элча (1.с.в.с.) т1ехдукха везаш хилар гайта араделира нохчийн дерриге а халкъ. Тахана а б1аьргашна хьалха  лаьтта и инзаре сурт.TS2_6591

Iуьйранна ворхI сахьт а далале Нохчийчоьнан коьртачу шахьара Соьлжа-ГIала схьаэха буьйлабелира республикин ерриге а районашкара, ярташкара эзарнаш, эзарнаш бусалбанаш. Иштта, Нохчийчоьнан пачхьенехь боккха гулам хуьлуш бу аьлла хезна, Дагестанера, ГIалгIайчуьра, ГIебартойн-Балкхаройчуьра, кхечанхьара бусалбанаш а схьагIоьртира Соьлжа-ГIала.  Iуьйранна исс сахьт даьлча вайн коьртачу шахьара догIу некъаш дуьзнера машенаша. ГIали йистехь уьш совца а йина, гIалин урамашкахула  Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан А-Хь.Кадыровн цIарах долчу «Нохчийчоьнан дог» маьждиг долчухьа дIадоладелира халкъ. ТIанк-аьлла адамех дIадуьзна дара гIали юккъера дерриге а урамаш. Итт сахьт долучу хенахь лаххара а цхьа миллион бусалбанаш бара коьртачу маьждигана хьалхарчу майданахь, цунна тIедогIучу урамашкахь а вовшахкхеттарш.  Кхин а т1еоьхуш а дара адамаш.

Цара хаддаза АллахI хеставора, Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) салаваташ дохкура, иза хестош назманаш олура.

Майданахь а, урамашкахь а зуькарш деш бара тайп-тайпанчу вирдийн векалш. Гуламе баьхкинчеран карахь эзарнаш плакаташ, кхайкхамаш, лоппагаш дара. Царна тIехь яздина дара шаьш шайн сийлахь Элча Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) цхьаьнгга а сийсазвойтург цахиларан, цуьнан суьрташ дохкуьйтург цахиларан хьокъехь долу йозанаш.

Оццул долчу халкъана хьалха къамел дира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Россин муфтийн Советан куьйгалхочо Гайнутдин Равила, Нохчийчоьнан муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас,  кхечара. Р.Кадыровс гулбеллачарна баркалла элира вовшахкхетарна а, Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) сийсазван гIерташ дехкинчу суьрташна шаьш реза цахилар дIахаийтарна а.

Вай, Дала мукъ лахь, бусалбанаш а ду, Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) умматах а ду. Цуьнан сий, цIе ларъеш вайн дахарш дIадала кийча а ду. Иштта ца хилча оццул дукха адамаш арадевр а дацара вайн пачхьенан урамашка, шайн лаам, дог-ойла д1агайта.

Оццул дукха адамаш  цхьаъ хилла, ойла, лаам цхьаьна йина, Делан Элча (I.с.в.с.) везаро дог, бIаьрг белхош лаьттира цу дийнахь. Иза Iаламат дара. Доккха Iаламат. АллахIан лаамца бен вовшахтохалур дацара оццул дукха адам. Оцу дийнахь санна вовшашца гIиллакхе, оьзда, эхь-бехк лоцуш хила а хиллий-те нохчий, аьлла хеталора. Кхин цхьаъ а дара. Миллион сов адам вовшахкхеттачохь цхьа а некъан хьовзам ца хилира. Урамашка кхоьссина цхьа а кехат, шиша ца хааделира. Низмах, гIиллакхах воьхна стаг ца хаавелира. Иза а дара инзаре   хIума.

 

Д.АНАДЕВ 

№6, еара, кхолламан (январь) беттан 21-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: