Дуьненахь а, махкахь а экономикин (кризис) чолхе хьал хиларе хьаьжна ца Iаш Нохчийчоь де-дийне тIеттIа хазлуш а, кхуьуш а ю. Цунна бIаьрла масал ду стомара, 19-чу январехь Соьлжа-ГIалахь «София» цIе йолу даздарийн цIа схьаделлар. Шен архитектурин исбаьхьаллица шена бIаьрг тIеозош долу башха цIа схьаделларехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Нохчийчоьнан Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Кадыров Ислам, Правительствон вице-премьер Дулаева Хадижат, правительствон декъашхой, ткъа иштта вайн махкахь дика вевзаш волу бизнесмен Байсаров Руслан.
Гулбеллачарна хьалха вистхуьлуш Кадыров Рамзана билгалдаьккхира хIара санна хаза, исбаьхьа «Даздарийн цIа» Россехь а ши-кхоъ бен цахилар. Ткъа Къилбаседа Кавказан регионехь хIара тайпа цIа дан а дац. Шен хазаллица вайн Соьлжа-ГIала кхин а къагийна цо. Иза вайн дерриге а къомана юьхькIам бу.
«София» даздарийн цIа инвестицийн чоьтах дина ду. Цунна харжаш йинарг ву бизнесмен Байсаров Руслан. Билгалдаккха деза оцу бизнесмена вайн республика кхиорехь жигара дакъалоцуш хилар, оцу тIехь шегара йоккха комаьршалла гойтуш хилар. Шен бахамна юкъарчу миллиардаш соьмашна харжаш еш ву Р.Байсаров «Ведучи» курорт ярехь а, кхийолу объекташ ярехь а. Даздарийн цIа дарна а йина цо масех миллиард соьмана харжаш. Цунах лаьцна а элира Кадыров Рамзана шен къамелехь.
Цундела ламасталлин цIен аса хадон бакъо еллачарна юкъахь Байсаров Руслан хилар ларамаза дацара. Иза хадийначул тIаьхьа, хIара гIишло беркате хилийтар доьхуш Шахидов Адаме доIа дайтина, даздарийн цIа чу бахара кхуза баьхкинарш. Уьш инзарбевлла бара цуьнан исбаьхьаллех, куьцах. Цу чохь хаза ловзар хIоттийра.
«София» даздарийн цIа чохь аьтто хир бу ловзарш, синкъерамаш вовшахтоха. Вайн хIинццалц дацара керла доьзал кхуллучарна ловзарш дан аьтто болуш доккха цIа. Ткъа кху чохь, 500–700 стаг вовшах а кхетта, ловзар дан аьтто бу. Тоьллачех ресторан ю. Ши-кхо бIе машен дIахIотто меттиг ю. УьйтIахь хаза садаIаран парк ю, чухчареш а йолуш. Кхузара массо а хIума бIаьрг хьоьстуш ду. КIезиг маьIна долуш хIума дац даздарийн цIийнехь бIе сов стагана болх бан меттиг хилар а.
С.ХУСЕЙНОВ
№6, еара, кхолламан (январь) беттан 21-гIа де, 2016 шо