Масех де хьалха официальни визитца Росси веара Катар пачхьалкхан эмир (паччахь) Тамим Бен Хьамад Аль Тани. Иза цкъа хьалха Москвахь цхьаьнакхийтира Россин Федерацин Президентаца Путин Владимирца. Оцу цхьаьнакхетарехь шина пачхьалкхан куьйгалхоша дийцаре дира вовшашца йолу политикин, экономикин, культурин зIенаш шоръяран, юкъаметтигаш чIагIъяран хьокъехь долу гIуллакхаш.
Цул тIаьхьа Катаран паччахь Тамим Бен Хьамад Аль Тани цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца. Вовшашка бусалба Iедалехь салам-маршалла хаьттинчул тIаьхьа, Кадыров Рамзана билгалдаьккхира Россин куьйгалло бусалба пачхьалкхашца кхиамца гергарлонаш лелош хилар а, цаьрца йолу юкъаметтигаш чIагIъеш хилар а. Оцу хьолехь Катаран паччахь Росси вар а, цуьнан мехкан Президентаца В.Путинца цхьаьнакхетар а чIогIа мехала хиларна тидам тIебахийтира Р.Кадыровс.
Оцу цхьаьнакхетарехь шайн хиллачу къамелан хьокъехь Нохчийчоьнан Куьйгалхочо социальни сетехь йолчу шен агIонехь яздира: «Оха дийцаре дира шина а агIонна пайдехь долу цхьаьна гIуллакхаш даран хьокъехь долу дуккха а гIуллакхаш. Уггаре а хьалха уьш хьакхалуш дара инвестицийн декъехь цхьаьна болх барх а, культурехь, спортехь, дешарехь цхьаьна гIуллакхаш дарх а. Тхан барт хилира Катарара белхан делегаци Нохчийчу яийта а, Нохчийчуьра белхан делегаци Катаре яхийта а. Цара дийцаре дийр ду лакхахь билгалдаьхна долу а, кхидолу а гIуллакхаш. Уьш хьовсур бу меттигашкахь долчу хьелашка. Цул тIаьхьа шайна хетарг а, шайн кхоллаелла ойла а йовзуьйтур ю».
Цул совнаха, Кадыров Рамзана дийцарехь, Катаран паччахьа Тамим Бен Хьамад Аль Танис шайн мехкан яккхийчу инвестицийн фондашна тIедиллира Нохчийн Республикин Правительствон вице-премьерца Хакимов Хьасанца цхьаьна республикина мехала а, оьшуш а йолчу проекташка хьовсар а, инвестицеш юкъаяхкаран гIуллакх къастор а.
Цхьаьнакхетар дерзош Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шена бегIийла йолчу хенахь Нохчийчу вар дийхира Катаран паччахье. «Тамим Бен Хьамад Аль Танис баркаллица тIеийцира ас ша шена бегIийла йолчу хенахь Нохчийчу кхайкхар», – билгалдаьккхира Р.Кадыровс. Паччахь реза хилира вайн республике ван а, кхузахь долчу хьоле хьажа а. Дала беркате йойла оцу цхьаьнакхетаран тIаьхье нохчийн махкана а, халкъана а.
А.АНАДЕВ
№6, еара, кхолламан (январь) беттан 21-гIа де, 2016 шо