ХIокху тIаьхьарчу муьрехь туькан чу яха озало со-м. Цхьана хIуманна, схьаэца дагахь, хьан куьг тIекхачале, йохкархочо, эрна куьйгаш ца Iиттийта санна, сихха мохь схьатуху:
– Цуьнан мах тIекхеттий хаьий хьуна? – олий
Иштта – сих-сиха хьалхо хиллачу барамца киса эцна чугIахь, юьхьIаьржа хIоттаран сахьт доцуш нисло.
26 туьма доьхуш хилла берашна яош йолу «Нутрилон» 30 туьманна тIе яьлла дукха хан яцара. Цунна а реза йоцуш, дан хIума цахиларна чуяханчу соьга:
– Цунах 34 туьма доьхий хаьий хьуна?– элира йохкархочо.
– Сан цецъялар тосаделла, хьайна кхечанхьа йорах карайойла хьажахьа аьлла тІе а тусуш.
Тидам белаш: туьма а, ши туьма а дац цкъа тIекхеттарг (я тоьхнарг) – 4 туьма ду. Шурий, и хьакхаелла хIумий гуттара «эвхьазаяьлла». Мехашца цхьаьна оцу сурсатийн дикалла тIекхетта бохург дац бакъ. Хьалха санна, я тIо, я етташура яа магийна (ца мегаш тIехъяьлла) хан Iаьржачу йозанца «яхйина» карайо хІинца. И муьлхачеран говзаллица ду – кхеран я церан – ца хаьа, бакъду, хьо цу тIе хьажа воьлча, реза-м хIорш ца хуьлу.
Цигахь я кхузахь язйо, цигахь я кхузахь яхйо-ъ ца хаьа. Иза – ша къамел. Ас хьехориг-м вайн цхьаболчу йохкархойн (Делан къинхетамца, шайна беркат хуьлучу агIор юхкурш дера бу. Дала беркат дойла царна шаьш лелочух! саьхьаралла ю. Цигахь и мах тIе а тохале, тIетоха ойла коьрте а яле, кхузахь ма-торру хьалаойъу, къаьсттина юучун мехаш, и хьалха хиллачу мехах еана елахь а. Цхьаерг мах тIекхетталц латта а йо, са (я къа!) алсамъяккха.
Алапийн, мехийн «къовсамехь» толам муьлхачаьргахь а хаьа-кх вайна.
Мархийн баттахь лелориг массарна а гуш ду. Дала Ялсаманин неIарш дІайоьллу… вовшашца къаьсттина дика, къинхетаме хила, къилахь, хьарам долчух бIаьрг, лерг, мотт, куьг ларде бохучу баттахь…
Цхьанна а тидамза дисина хир дац цу баттахь туьканашкахь, базаршкахь лаьтта йохкархой къилахь долчух «ларбалар», вайх боккха «къинхетам» барца.
Марха досту де герга мел лести, йорт оьцу массо хIуман мехаша къаьсттина кхачанан сурсатийн мехаша. И хьарам рицкъа даккха меттигаш къуьйсуш, вовшашка тамехь йоцу баганаш етташ, Делах къера дуйнаш бууш. ХIумма ала йиш йоцийла хууш. Оьцур юйла хууш, тIаьххьара кепек дIаелла а, юхалург даьккхина а… Цу беттан сийнна… Яхьана а…
Дуьнен чуьра а къайладолу жижиг, ткъа гучудаьлларг можа, къорза, къена озабезамашца, долу а, доцу а гергарлонаш карладохий, хьесталой, хьоьстий, къовсий оьцу…
Мархин тIаьххьарчу дийнахь шаьш озийначу соьмах Iехалой, кIадбалар а кисано дайдой, Iа уьш тIаьххьара эцархо къайлаваллалц. Цу дезачу дийнахь къерачу дуйнашца цу хьарамчу соьмах вовшахбиттина кхача марханаш къобалдан баьхкинчарна хьалха буьллий, церан кийра а бузабо. Цу хьарамчу рицкъанах шайн доьзалш а бузабо. ТIаккха уьш (и шайн доьзалш) ийманехь цанисбаларх цец а буьйлу!..
Цу баттахь лелочу эрчонийн (харцонийн, хьарамлонийн) ачо а юй-те, олий, дагатосу «Шу схьадерзахь – со тIевоьрзу» назми тIера
дешнаш:
Бакъдерг дезаш, лоьхуш велахь, хьайн Iамалаш мага лаахь,
Кху хьехаме ладогIалахь, цунах пайда ца хир-техьа?
Вайна хьалха, гена йоцуш, Iожалла вайга хьоьжуш лаьтта,
Ша тIекхаьчча, сихвеш йолуш, ткъа вай цунна кечлой-техьа?
Вайн дуьне дIакхачаделча, и де догIуш, схьа тIекхаьчча,
Цунна кечам ледар хилча, кхиа хIума хирий-техьа?
ТIаккха гIело вайга кхаьчча, оьшу къинойн бекхам бича,
Цигахь орца вайна дезча, Делан орца хирий-техьа?
Цуьнан кечам бан ца даьшча, Делан агIо жима хетча,
Вай дIадоьлхуш цу тIе кхаьчча, дохко довларх хIун хир-техьа?
Дела реза вай ца вича, И бен гIо дан воцчу меттехь,
Цуьнгара доцург орца доцчохь, Делан орца хирий-техьа?
Вай лахьти чу дIанисдича, лоха уппагI дIахьажийча,
Деза латта цу тIе хьаькхча, довла меттиг хирий-техьа?
Серло чуян кораш доцчу, араэккха неIарш йоцчу,
ДIасавада меттиг йоцчу хIусмехь дисча хIун дер-техьа?
ШайтIан кара догIмаш делла, оцу догIмийн лаам лелош,
Ваьш еш лелла Iеса Iамал цигахь новкъа хирий-техьа?
ЦИГАХЬ хиндолчун ойла КХУЗАХЬ долччуьра вай йича ма са яра-кх вайна
ОВХАДОВА Яхита