Студентийн денца доьзна Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан тоьллачу студентех цхьаъ йолу Имакаева Милана йовзийта лаьа.
Цуьнга уггаре а хьалхара хаттар иштта дара тхан: «Маца кхийтира хьо хьехархойн говзалла хьайн дагна аьхна юйла»?
«Соьца цхьаьна доьшучу сан нийсархошна юкъахь нисло дас-нанас тIеIаткъам а бина, хьехархойн университете деша бахийтинарш. Иза нийса дац. Говзалла цхьана-шина денна олий ца хоржу. Цундела корматалла къасточу хенахь дикка ойла ян еза. Корматалла къастош ву ша (ю ша) бохучарех со-м кхета а ца кхета, хIунда аьлча хIора стеган жимчохь дуьйна марзо хуьлу билгалъяьккхинчу говзаллица», – жоп делира Миланас.
ТIаккха кхеташ ду, хьехархойн говзаллица баккъал а шовкъ йолуш, цо иза хаьржина хилар. Шайн доьзалехь цхьа йоI бен яц Милана. Цундела мелла а коча кхиийна яра иза. Шен вежаршца, ара а йолий, ловзура. Цуьнан шиъ ваша ву. Дас-нанас хийлаза ойла йора: «Цо дахарехь хIун некъ хоржур бу-те?», – олий. Царна дагахь а дацара хьехархойн корматалла цо хоржур ю аьлла. Школехь дика доьшуш яра йоI. Цул сов, цо жигара дакъалоцура школин дахарехь. Цхьа а конкурс, культурин декъехь цхьаьнакхетар ца дуьсура Миланас дакъа ца лоцуш.
Иштта билгалъяьлла яра иза школехь доьшучу хенахь. Цо кхиамца чекхъяьккхира Соьлжа-ГIалин №1 йолу лицей. 2011-чу шарахь Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университете (хIетахь институт) гуманитарни факультете оьрсийн меттан а, литературин а отделене деша яхара. Хьехархойн говзалла а, студентийн дахар а кхин а чIогIа марзделира цунна, деша яханчул тIаьхьа. Керла хIума а ца девзаш чекхдаьлла де а эрна хеташ яра. Дерриге довза а, ша къастийначу корматаллина дика кечам бан а лууш яра иза. Дукха хан ялале, университетан куьйгаллина а билгалъелира иза. Карарчу хенахь 5-чу курсехь доьшуш ю Милана. Университетехь тоьллачех цхьа студент хилар бахьана ду Iилманан-практикин конференцешкахь а, тайп-тайпанчу конкурсашкахь а цо дакъа а лоцуш, толаман меттигаш йохуш хилар а, иза дешарца ларош, студентийн дахарехь жигара дакъалоцуш хилар а. ХIокху масех шарахь цо баьхначу толамех цхьаберш бовзийта лаьа. Милана хьалхарчу курсехь доьшуш йолуш, дуьххьара цо дакъалаьцначу «Халкъан истори а, культура а талларехь меттан маьIна» конференцехь цуьнан доклад тоьллачех цхьаъ лерира. Цунна иза боккха кхиам хетара. «Вай россихой ду», «Сирла хиндерг», шайн университетехь форумашкахь жигара дакъалаьцна цо. Иштта, 2014-чу шарахь дIаяьхьначу Iилманан-практикин конференцехь а Миланин доклад тоьллачех лерира. Санкт-Петербургехь дешархоша ЕГЭ дIалучу хенахь Федеральни юкъараллин терго ян Нохчийчуьра цига вахийтинчу 15 студентана юкъахь Милана а яра. Санкт-Петербургехь шена тIедехкинчу декхаршца дика ларорна делла Баркаллин кехат ду цуьнан. И тайпа гIуллакх университетан куьйгалло шех тешорах йоккхаеш чекхъелира иза.
Университетехь ша доьшу хан сиха йоьдуш санна хета цунна. «ХIара сан дешаран тIаьххьара курс ю. Хьалхарчу курсан студенташка хьоьжуш Iа со: «Ирс яI шун», бохуш, университетах къаста ца луш. Делахь а, со дешна яьлча, школе берашна хьеха гIур ю. Цу ойланах дог-ойла гIотту сан», – бохура цо. Вай тешна ду, цIарна а доцуш, школехь берийн дуьхьа цо даггара къахьоьгург хиларх.
З.ЛОРСАНОВА
Авторан суьрта тIехь: аьрру агIор – Имакаева Милана
№7, шот, кхолламан (январь) беттан 23-гIа де, 2016 шо