Нохчийн Республикехь дIадаьхьира Ерригроссин студентийн кIелхьарабахархойн корпусан региональни отделенин векалш дешаран-тренировочни Iамор. Белхан зеделларг долуш болчу инструкторша студенташца Iамораш дIадаьхьира Шуьйтан районерчу Бандук ломахь.
Iаморашна юкъадоьдуш дара альпинистийн гIирсашца лома тIе довлар а, охьадиссар а, лазийначарна хьалхара гIодар а, уьш лома тIера охьабалийна, кIелхьарабахаран тайп-тайпана кепаш юкъаялор а.
– Iаморан программа нисйира, хьалха зеделларг хьесапе а оьцуш, иза чолхе йира, кхитIе юкъадалийра буьйсанна нах кIелхьарабахар, – хаам бира «Россоюзспасан» нохчийн региональни отделенин кегийрхойн декъан куратора Бугаев Максима.
ХIокху герггарчу мукъачу деношкахь студенташ-кIелхьарабахархой планаца Iамор кхидIа а дIахьур ду Теркан регIа тIехь.
– Чолхечу хьелашкахь нах кIелхьарабаха Iемаш болчу студенташна кечамбаран курсаш чекхъевллачул а, лома тIе бевлачул а тIаьхьа тоьшаллаш а, некха тIе тосу «Россин альпинист» знак а лур ю, – дийцира «Россоюзспасан» нохчийн региональни отделенин председатела Баканаев Рамзана.
Январь бутт болалуш нах кIелхьарабаха Iемаш болу нохчийн студенташ кечам баран курсех чекхбевлира Къилбаседа ХIирийчоьнан Дигорски Iин чохь. Студенташна Iамийра лаьмнашкахь дахаран кепаш а, нах кIелхьарбахаран операцийн башхаллаш а.
Кхузахь «Россоюзспасан» исполкоман председателан Щетинин Сергейн омрица нохчийн къоначу жигархошна делира нах кIелхьарбахаран белхаш дIабахьа оьшуш долу духар а, гIирсаш а.
С.ЛАЛАЕВ
№7, шот, кхолламан (январь) беттан 23-гIа де, 2016 шо