Россин Федерацин телехьовсаршхоша дукхаезаш тIеэцна ю «Керла седа» аьлла йолу Ерригроссин вокальни конкурс. Иза хIора шарахь дIахьош ю. Оцу проектан автор России Федерацин оборонин министр Шойгу Сергей ву. России пачхьалкхан исторехь дуьххьара ду «Керла седа» аьллачу музыкальни къийсадаларшкахь России Федерацин ерриге а субъекташкарчу къоначу артисташа дакъалоцуш дIаяхьар. Нохчийн иллиалархо, I.Шахбулатовн цIарахчу Нохчийн пачхьалкхан филармонин солист Байкаев Мурадан рицкъ хилла кхушара «Керла седа – 2016» конкурсехь Нохчийн Республикин цIарах дакъалаца. Конкурс гойтур ю январь баттера май бутт чекхбаллалц «Звезда» каналехь.
Карарчу хенахь дIахьош бу конкурсан шолгIа мур. Иза дIаяхьаран Iалашо ю, дукха къаьмнаш дехачу пачхьалкхан кегирхойн шайн къоман культуре, исторе, безам кхоллар а, шайн къоман кханенах дог лозуш, патриотизман ойланехь кхетош-кхиоран балхана юкъа оцу проектаца цхьа дакъа, цхьа хазна юкъайиллар. Россехь кхион езаш ю вокальни говзалла, тIекхуьу чкъор шайн дайн Iадаташна, гIиллакхашна, ламасташна марз а деш.
Конкурсан лехамашца нийса а догIуш, шайн-шайн регионашкахь конкурсах чекхбевлларш январь бутт чекхболуш юха а цхьаьнакхетар бу Москвахь. ТIаккха хир ю уггаре а жоьпаллин миноташ. Тоьлларш къастор телехьовсархошна а, музыкин декъехула тоьлла болчу говзанчашна а тIедиллина конкурсан жюрис.
Толамхо мичара ву хьаьжжина билгалъер ю регион-толамхо а. Ткъа иза телехьовсархоша, уггаре а дукха, кхаьжнаш дIабелла къастийнарг хир ву.
З.ШАЛИЕВА
Авторан суьрта тIехь: «Керла седа» конкурсан дакъалацархо Байкаев Мурад
№7, шот, кхолламан (январь) беттан 23-гIа де, 2016 шо