Тахана Европехь бусалбанийн динца а, бусалба пачхьалкхашкара схьабаьхкинчу мигранташца а боьзна къийсамаш алссамбевллачу деношкахь, дуьнен чохь уггаре а девзачех лоручу Италерчу Dolce & Gabbana дизайнерийн цIийно кхайкхам бина, бусалба зударийн духарш арахоьцур ду ша аьлла.
Иштта, хаам баржийнарг ву Габбана Стефан. Европерчу цхьайолчу изданеша билгалдаккхарехь, цо цу тайпа хаам Нохчийчохь чIогIа гIараяьллачу Instagram чуьра шен агIо тIехь баржийна, шайн керлачу коллекцин юкъара масех сурт а гойтуш. Оцу хаамна леринчу тайп-тайпанчу форумийн агIонашкахь пайдаэцархоша яздо, керла духарш бусалбанашна тайна ца Iаш, муьлххачу а зударшна товр долуш, вуно хаза а, исбаьхьа а ду бохуш. Цул сов, цхьаболчарна хетарехь, дизайнерийн цIийно шайн керлачу коллекцин духарш дезчу тIулгашца хаздан а тарлуш ду.
Бусалбан динехь садолчу хIуманийн суьрташ дахка а, лелон а мегаш дац аьлла, духаршна кIадеш хоржуш, дизайнерша абстрактни мотивех а, Iаламан суьртех а бен пайда ца эцна. Бусалба динехь болчу зударийн духар кхачам боллуш хилийтархьама, С.Габбанас а, Д.Долчес а кучамийн басца цхьаьнадогIуш долу тIоьрмигаш а дина.
Dolce & Gabbana дизайнерийн цIийнан векалша шайн керлачу коллекцех лаьцна Фейсбукерчу агIонна тIехь яздина: «Абайа – иза гIамарийн хIурдалахь сатийсамаш бу, иза Герггарчу Малхбален буьйсанаш ю. Иза Iаьрбийн зударийн беркатах а, хазаллех а долу суьртийн дийцар ду», – аьлла.
Цул тIаьхьа социалан сетех пайдаоьцучара вуно жигара баьккхина лакхахь хьахийна болу хаам талларан болх. Царна юкъахь Евросоюзан мехкашкахь бехаш болу нохчий а бу. Царна хетарехь, дизайнерийн цIийно арахоьцуш йолу керла коллекци «бусалба зударшна» аьлла, дIакхайкхоро хьалхарчу гIулчашкахь дуьйна гайтина дара, бусалба динца а, я бусалба нахаца а цхьа а бала а боцуш, шайн гIуллакхаш кхочушдаран Iалашонца цара яьккхина стратегин гIулч иза хилар. Амма иштта ца хетарш а бац кIезиг.
Цхьаболчарна хетарехь, тахана Герггарчу Малхбалерчу а, Къилбаседа Африкерчу а мехкашкарчу бусалба нахехь долу чолхе хьал а гуш, цара Евросоюзан мехкашкахь орца лоьхий а хууш, церан лерамна яьккхина гIулч а лору иза.
И.ХАСАХАНОВ
№7, шот, кхолламан (январь) беттан 23-гIа де, 2016 шо