Кхиамийн зовкхене некъ

     «Цхьа  дика  доцуш,  вуо  лур  дац  Ша», – аьлла  боху  хастам  хиларо,  АллахI-Дала. Бакъду,  къизаллица  цIевзина  еанчу  1944-чу  шеран  февраль  беттан  23-чу  шийлачу  Iуьйранна  Сталинан  хьадалчаша   къинхетамза  вайнах  махках  бохуш,  цкъа  а  и  «дика»  цаьрга  кхочур  ду  моьттуш,  стаг  вацара. «Халкъан  мостагIий»,  даьхни  дIасалелочу  вагонаш чу  боьхкина  дIахьовсийра нохчий,  ларамаза  катоьхна,  схьаэцна  баккхал  бен,  карахь  хIума  йоцуш. Шайн  оьзда  дай  баьхначу  махках  хьоьгуш  13 шо  даккха  дийзира  церан  хийрачу  махкахь. Хало,  харцо,  мацалла,  шело, гIело –  и  дерриге  а,  массеран  цхьаьна  лан  дийзира. Амма  къизаллица  токхучу  Iазапехь  цхьа  хIума  билгалделира  царна:  дукхах  болу  баланаш  шаьш  йоза-дешар  хууш цахиларна  тIебазбелла  хилар. Дешаран  серлоне  бен  байлур  болуш,  я  къахкалур  болуш  бацара  ямартчу  харцонан  беза  бала.DSC01968

Цунах дика кхийтира вайнах. Цундела дешийтира шайн берашка. Мел йоккха хало шаьш хьегахь а, деша луург юкъах ца воккхуш доьшуьйтура цкъа мацца а халкъана, махкана оьшур дуйла хууш. Цунна къеггина тоьшалла ду чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 70-чу шерашкахь вайнахана юкъара алсам лоьраш, хьехархой, инженераш, яздархой, Iилманчаш бевлла хилар. Цу хенахь деша лууш массо а вара, доьшург сийлахь а вара. ХIинца санна, хьалхадаьккхина дуьненан бахам лехар дацара. Ша схьаваьллачу къоман зовкх лакхадаккха гечо карор, халкъан а, мехкан а дуьхьа ваца аьтто балар, доккха ирс лоьручарах, дара и чкъор. Оцу чкъурах ву Гапуров ШахIрудди а. Атта ца кхаьчна иза таханлерчу зовкхе. Алссам халонаш Iиттаелла дахаран бехачу новкъахь. Бакъду, уьш лан а, яхь дIа ца луш, халачу зерех доьналлица чекхвала а нуьцкъала амал хилла цуьнан.

Тахана Гапуров ШахIрудди Нохчийн Республикин Iилманийн академин президент ву, историн Iилманийн доктор, профессор ву. Дийца даьккхинчуьра аьлча, атта кхаьчна хьаькамалла дац цуьнгахь.

Бералла, дерриге а шен чкъуран санна, Iаламат, хала хилла цуьнан. Дуьнен чу валар а хийрачу махкахь хилла. ГIиргIизойн махкахь йолчу Джалал-Абадан областан Таш-Кумыр цIе йолчу юьртахь 1951-чу шеран 6-чу январехь. КIентан ши шо кхачале да дIаваьлла. Боккха доьзал кхаба, кIора боккхучу шахте балха яха дезна ненан. БегIийла йолчу метте нохчий балха дIаоьцуш ца хилла цу муьрехь.  Божаршна бан а хала болу болх, зударшна мел хало хилла хир бу аьлла хета шуна!? Делахь а, доьзална напха латтор шена тIехь дисинчу ШахIруддин нанас бан-м бина иза, цхьаннан а неIарна тIехьа сагIа доьхуш ца латта. БIешерийн кIоргенера дуьне цецдохуш схьайогIу нохчийн зударийн синондалла хилла хир ю-кх цунна орцахъяьлларг. Доьзал меца ца бита, яхь дIа цалуш дIагIиртина хир ю-кх, и пекъар, кхин дан амал цахиларна, берашка дешийта лаарна. Цигахь, Таш-Кумырехь  1958-чу шарахь вахара ШахIрудди  хьалхарчу классе деша. Амма оьрсийн мотт хаар ледара долуш, кIант дика ца кхетара хьехархочо дуьйцучух, деша мел боккха лаам белахь а. 1957-чу шарахь вайнахана цIаберза  яьллачу бакъонах пайда эцна, шен кегий доьзалш балош,  церан ворххIе да ваьхначу БулгIат-Ирзе цIайирзира ШахIруддин нана а. 1958-чу шеран ноябрь баттахь дуьйна, БулгIат-Ирзехь доьшуш вара кIант. Нажи-Юьртан кIоштахь  ю и нохчийн шира юрт. Цу заманахь юьхьанцарчу классашкахь дешар нохчийн маттахь дара, иштта гена ламанца йолчу ярташкахь. Ненан маттахь хьеха долийча дешарна тIетаьIира ШахIрудди. Хьалхара класс дерриге а «5» долуш, кхиамца, чекхъяьккхира цо. Тоьлла дешархо хилар тIечIагIдеш хасторан грамота елира цунна. КIантана  иза Iаламат доккха совгIат дара, кхин а дика деша дог доуьйтуш, ойла тIома йоккхуш. Цул тIаьхьа а, иштта, дика доьшуш вара кIант, цуьнан самукъадолура дешарх. Бераллехь дуьйна хьекъалца, собарца, дог цIена хиларца къаьсташ вара иза. Хьехархошна дукхавезара. ПхоьалгIачу классехь доьшуш волуш исбаьхьаллин литература еша чIогIа марзвелира. Цунах доккха беркат делира. Хаддаза йоьшучу книгаша дуьне довза гIо дора, ойла серлайоккхура, мотт шарбора. БулгIат-Ирзехь бархI класс бен яцара. Дешар, чIогIа дукхадезаш волчу кIантана, кхечу юьрта вахана а, юккъера школа чекхъяккха а лаьара. 1966-чу шарахь дIаелира цуьнан нана. Шахтехь бина беза белхаш бахьанехь, хаддаза, сиркхонаш лехьош яра иза. Эххар а Iожаллин меттахь йисинера, Дала яздина, шен де тIекхаччалц. Дуьненан сирла басарш кхолош деара ШахIруддина и  ирча де. Да дIаваларх цунна цкъа а дага ца деанера, ша буо ду аьлла. Мискачу нанас дукха къахьийгира и шийла ойла кIентан дагчу ца яийта. Амма хIинца ша  дIаяхара.  Буьрсачу мохо дитта тIера схьадаьккхина идочу гIа-бецах тера хетара ШахIруддина хIинца ша: тIетовжа да, дог хьаста нана йоцуш висича. Хала лайра кIанта и иэшам. Мел жима велахь а, иза дика кхетара дуьнен чохь уггаре а мерза стом нана хиларх. Хьалхе цунах валаран къахьо шен дерриге а дахарехула чекхйоккхур ю кIанта, синкIоргенехь хьулйина.DSC03282

БулгIат-Ирзехь бархI класс чекхъяьккхина, уьссалгIачу классехь деша, Бена дIаэха дийзира Гапуров ШахIруддин. Иттех чаккхарма некъ бара  хIора дийнахь бан безаш берг. Цхьа  ирс хиллера жимачу стеган. Iаламат кIоргера хаарш долуш, лаккхарчу тIегIанехь хьехархочун корматалла йолуш, стаг вара Бенарчу школин директор Межидов Леид. Цунна сиха билгалвелира баккъал а дешарца бала болуш, хаарийн кIоргене кхийда дешархо. Иза тесна вуьтийла дацара, цIенчу даггара шен болх беза а безаш беш волчу хьехархочун. ШахIруддин терго йина Iаш вацара школин директор. Цо кIантаца гергарло тесира, кест-кеста ша вехачу хIусаме вуьгура, дехха къамелаш дора нохчийн къоман къаьхьачу исторех, культурех, литературех лаьцна. Леидан цIахь яра ши эзар гергга книга  йолу библиотека. Бенахь ша доьшучу шина шарахь, уьш ерриге а бохург санна, ешна велира Ш.Гапуров. Школин директора даима дечу чулацамечу къамелаша къоман историга болу безам чIагIбинера жимачу стеган. Цхьанна а кепара шеконаш йоцуш цунна билгал хууш дара юккъера школа чекхъяьккхина ваьлча кхидIа деша мича гIур ву. Историн Iилмано дIаийзайора цуьнан къона ойла, аьрхачу даго къобалбора и сирла лаам. 1968-чу шарахь дашочу мидалца чекхъяьккхира  ШахIруддис школа. ТIаккха сихха кехаташ чуделира, цу муьрехь Соьлжа-ГIалахь хиллачу хьехархойн институте. Даима санна, йоккха конкурс яра историн факультетехь. Цхьа меттиг къовсуш пхиъ абитуриент вара. Амма дашочу мидалца школа чекхъяьккхинарг, кхиамца цхьа экзамен дIаелча волуш вара. Иштта хьехархойн институтан студент хилира жимачу стагах. Хьехархойн институтах  1972-чу шарахь, Нохч-ГIалгIайн Республикин пачхьалкхан университет хилира. Ростов гIаларчу пачхьалкхан университето шена тIелецира керлачу университетана гIо-накъосталла  дар. Гапуров кхиамца дешна волучу муьрехь, очно деша аьтто беш, аспирантуре ши меттиг яийтира. Царах цхьа меттиг тоьллачу студентана- ШахIруддина елира. Ойланашка вийлар доцуш, катоьхна иза цига деша вахара. Университетехь а, аспирантурехь а ШахIрудди дика доьшуш вара аьлла дитича, хIумма а аьлла ца хуьлу. Баккъал а, историн Iилманийн къайленаш йовза, яста лууш дешарна «чувоьлла» вара иза. Девзинчу керлачух самукъадолуш, хаарийн кIоргене кхийдина Iилманча. Цундела хилла цунах кIорггера хаарш долуш говзанча. Хьаналчу къинхьегамо бен ца кхачаво кхиамийн зовкхе а.DSC07775

Ингалс пачхьалкхан олалла дожийна, маршонан новкъахь кога яха гIертачу Индин керла истории яра, Гапуров ШахIрудис шен диссертацина къастийнарг. Амма хIара доьшуш волчу аспирантурехь Ростоверчу я Къилбаседа Кавказан кхечу университеташкахь и тайпа говзанчаш боцуш бара. Цундела кхуьнан кечамаш беш цхьайолу хан Москвахь, МГУ-хь йолчу Азин, Африкин институтехь яккха дийзира ШахIруддин. ХIара вогIур ву аьлла барт бина, бухахь кхуьнга хьоьжуш стаг вацара. Амма дагахь боцу аьтто хилира. Оцу институтан куьйгаллехь волу Владимир Иванович Павлов Нохчийчуьра дIавахана хиларна. Уллера верас волуш санна, дика тIеийцира цо Гапуров. Iилманан куьйгалхо хилира Григорий Григорьевич Котовский, цкъа мацах цIечу эскарехь, бIобаьчча хиллачу Котовскийн кIант. Дерриге а дIанисделла аьлла хетачу хенахь, цхьа новкъарло гучуелира. Диссертаци тIехь кхуьнан болх бан материалаш дукха хьолахь ингалсан маттахь яра, ткъа Гапуров ШахIруддис школехь, цул тIаьхьа университетехь Iамийнарг немцойн мотт бара. Цундела Индерчу бахархойн Iар-дахар Iамошшехь ингалсан мотт Iамо дийзира. Нийса хир дацара и гIуллакх аттачарех дара аьлча. Дошамаш улло ехкина, хIора дош гочдеш дукха къахьийгира цо. Амма ах шо далале, ша бечу белхан оьшучу барамехь, ингалсан мотт хууш вара историк. 1976-чу шарахь велира Гапуров ШахIрудди аспирантура кхиамца чекхъяьккхина. Къилбаседа Кавказехь дуьххьарлера индовед вара иза. Москвахь, Ленинградехь, Ташкентехь цу муьрехь шортта хилла  хила там бара и тайпа говзанчаш. Амма Кавказехь, цу говзалле массарел хьалха гечо даьккхинарг Гапуров ву. Иза Iаламат мехала ду. Массо а декъехь корматаллин лаккхарчу тIегIанехь вайнехан говзанчаш хилар. 1977-чу шарахь дуьйна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан «Всеобщая история» кафедрехь Азин а, Африкин а истори хьоьхуш болх бина ву Iилманча. Тахана лаккхарчу даржашкахь белхаш беш бу цкъа мацах цо Iамийна студенташ. Цара хIинца ондачу дегаайъамца дуьйцу  Гапуров ШахIруддис, студентийн аудиторешкахь ешначу чулацамечу лекцех. Лерса хьоьсту зевне мукъам хуьлий чекхйовлура цуьнан дукхах йолу лекцеш. Мел дукха цо дийцарх, цкъа а кIорда ца вора иза, даггара, кIорггерчу хааршца дийцарна. Студенташ хазахеташ Iара аудиторешкахь Гапуров ШахIруддис къамел дечу сохьташкахь. Малхбалерчу пачхьалкхашка, церан историга студентийн безам кхолла ницкъ кхочура хьехархочун. Студенташна лекцеш ешарх Iилма дIатаса дагахь вацара къона историк. КхидIа, шена дукхаезачу Индин историн кIайдаргаш йостуш болх бан, цуьнан мелла а хан цига дIавахна яккха езара. Цул сов, шен сица, Iар-вахарца, дуьненахьежамашца,  аганара гIаьттичахьана нохчаллех къилба дина вехачу Iилманчин садууш ша схьаваьллачу къоман истори яра. Цунна хетарехь, Къилбаседа Кавказан истори а шена тIехь алссам къахьега дезаш, къаьсттина вайнехан историца доьзна дерг талла рагI ца кхаьчнера. Гапуров ШахIруддин садууш дара нохчаша шайн къоман маршонехьа латтийначу къийсамах дерг, имам Шемалх дерг, Iаьлбек-Хьаьжех дерг. Иштта хьуламехь лаьтташ дара Таймин Биболтах дерг. Дийца даьккхиначуьра аьлча, цхьа башхалла ю Гапуров ШахIруддин Iилманан белхаш кхечарех къастош. Цо шен массо а Iилманан болх а документашна тIера схьаэцна долчу бакъдолчунна тIетовжий бо, халкъалахь кест-кеста нислуш долу «эларий-бохурий» аьттехьа ца дуьтуш. Цундела ду цуьнан Iилманан белхаш шайца Iаламат йоккха мехалла йолуш, нохчийн къоман мах боцу беркат хилла дIахIиттина.

ХХ-чу бIешеран 80-чу шерашкахь гучуйовлу нохчийн къоман исторех йолу Гапуров ШахIруддин Iилманан статьяш. Еша аттачу маттахь язйина ю уьш. Цундела дешархойн шуьйрачу гонашна евзаш ю. 1987-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн университетан «Iилманан кхеташонан» уггаре а къона декъашхо вара 35 шарера ваьлла ШахIрудди. Цу шарахь Нохч-ГIалгIайн университетан доцент хуьлу цунах. «Всеобщая история» кафедрин куьйгалле а хIоттаво иза. Бакъду, къахьегарх Iебаш-м вацара иза. Муьлххачу дарже хIоттийча  а Iилманан болх дIа ца тасалора цуьнга. ШахIрудди даима вара цхьаъ дан ца ларош, шен бехканна юкъахдисарна кхоьруш. Езаш хаьржинчу говзаллина муьтIахь хиларан билгало хила там бу, баьхначу кхиамех тоам ца беш, хаддаза керлачу анайистошка Iилманча кхийдаш хилар. 1989-чу шарахь зорбане йолу цуьнан «Антифеодальные, антиколониальные движения в странах Востока и Северного Кавказа» (сравнительный анализ) монографи. Цул тIаьхьа мел дукха бара, зорбане буьйлуш Iилманчин мехала белхаш. Цара гIо дора вайн къоман къаьхьа дIадаьлларг довза, герга гIертачу сингаттамех кхета, кханенан ойла ян. Герзаца эвхьазло ца езачарах вара Гапуров. Цунах лаьцна а  яздора цо, шена хетарг, цхьаннах ийза ца луш, майрра дIаолура. Иза кхоьрура хила тарлучух. Шех кхерар дацара иза. Баланаш дукха Iийшинчу нохчийн къомана сагатдар дара, цунна тIегIертачу гIайгIанаша садаар дара. Цунна ца лаьара шен къам питанчаша кхин цкъа а тIеман цIерга кхуссийла, къинхетамза иза Iовжадойла, бохамийн Iинчу халкъ кхочийла. Цунах бара Iилманчас, хаддаза шен студенташна,  беш болу хьехамаш. Амма и тайпа хьехамаш товш бацара цу муьрехь Нохчийчоьнан куьйгаллехь лаьттачарна. Уьш катоха арабевлла бара. Шайна новкъарло йийриг къацахеташ хIаллаквийр волуш а бара. Делахь а, цкъа а дош шалха далийта Iемина воцу Гапуров ШахIрудди шена хетачунна тIера ца волура. «Iедалца» йолу юкъаметтиг телхина гена йолуш лаьттара, цу муьрехь Нохчийн Республикин университетан ректор хилла Дадашев Райком орцах ца ваьллехь. ХIоьттинчу хьолах Iилманча гена ваккха йолчу Iалашонца Москва докторантуре дIахьажийра  университето.

Амма иза данне дац Москвахь Гапуров ШахIрудди садоIуш Iийна бохург. ХIора дийнахь 8–9 сахьт зама йоккхура цо библиотекашкахь, Кавказан истори толлуш. Цунна Iаламат маьIне хетара архивашкара шира кехаташ кегош, нохчех лаьцна муьлхха а дош шена карадеъча. Цо леррина дIаяздора, лардора иза. Дерриге а нохчийн къомана, буьрса даьхкинчу цу шерашкахь гулдинчу документех пайдаоьцуш 2002–2009-чу шерашкахь ворхI монографи язйина Iилманчас. Царна юкъахь ю «Чечня и Россия в первой четверти XIX века», «Политика России на Северном Кавказе в начале ХIХ века», «Северный Кавказ в период «проконсульства А.П. Ермолова», «Чечня и Ермолов», иштта дуккха а кхиерш. Таханлерчу дийне кхочуш, Гапуров ШахIруддин зорбане баьлларг 200 сов Iилманан болх бу. Царах дукхахдерш нохчийн къоман истори йовза луучунна Iаламат мехала тептарш ду. Ша схьаваьллачу халкъах, махках дог лозуш, къоман дIадаьллачо  дог делхош, сирлачу кханенах  дегайовхо кхобуш, Iилманан буха тIехь, хьаналчу къинхьегамца дуьненна йовзийтина йозанан хьаьркаш ю уьш, нохчийн историн мах боцу беркат хилла дIахIиттина. Ира хьекъал, кIорггера хаарш, сирла синкхетам, бусалба дог-ойла йолуш стаг ву Iилманча. Ца хилча цуьнга иштта къахьегалур дацара.

2006-чу шарахь дуьйна Нохчийн Республикин Академин президент ву Гапуров ШахIрудди. Тахана  иза Нохчийн Республикин коьртачу шахьаран дега юккъехь лаьттачу, цхьа шатайпа хазаллица лепачу,  гIишло чохь дIатаръелла. Иза куьйгаллехь волуш чекхдаьллачу хIокху итт шарахь баккхий хийцамаш хилла академехь. ХIинца-м цуьнан тховкIел дукха тамехь кечйина, конференц-зал ю, Академес кест-кеста дIахьош йолу муьлхха Iилманан конференци дIаяхьар юьхькIам болуш. Ткъа и беркате Iилманан туш бахьанехь дан долийна, дина юьстахдаьхна диканаш дагардина вер вац. Масала, чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 1992-чу шарахь дуьйна, совцийна дара вайн махкахь археологин белхаш. Историн Iилманийн кандидат Мамаев Хьамид коьртехь волуш археологин сектор ю, академехь болх беш. Иштта схьайиллина гуманитарни талламийн институт коьртехь историн Iилманийн кандидат Магомадов Супьян волуш. Академикин тидамаза ца йисина къоман этнографи а. Уьш даима лехамашкахь бу нохчийн мотт, литература кхиоран новкъахь. Доцца аьлча, нохчийн халкъан лазамаш, сингаттамаш, гIайгIанаш шайн сица луьттуш, цIийца лозуш болчу къонахийн тоба ю Нохчийн Республикин Iилманийн Академин президента вовшахтоьхнарг. Хазахета уьш   цунна муьтIахь болуш, халкъана, махкана оьшучохь гIо-накъосталла дан ондда гIортор хилла дIахIиттина хилар. Куьйгаллехь волчу стеган доьналла, собар, хьекъал хилча, лаьтта коллективехь иштта мерза барт, геннахь хаало беркатечу зIаьнаршца цунах Iанаоьху маьлхан йовхо а.

 

ГАЗИЕВА Аза

 

№7, шот, кхолламан (январь) беттан 23-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: