Доруш-тоьгуш марчо доцуш,
Доккхуш-доькъуш
саг1а доцуш,
Охкуш-кечдеш
лахьта доцуш,
Синош догуш дайрий
шуна?
А.Бексултанов
Нохчийн халкъан исторехь кIезиг дац Iовжаме хилла дисина денош. Кхин ца хилча а, тоьар ду вай лайна долу тIаьхьарчу шерийн Іазапаш. Полонез лакха йиш ю вайн, уггаре а лазаман нота карзахйоккхуш. Лазам… Вайнаха дуьйцуш, цхьа дийцар хезна суна. Ламчохь буьрса догIа доладелча, шен жа хьеха лаьллина жаIуьно. Амма кхин цу чуьра аравала доьгIна ца хилла цунна. И чувахана хьех дIаюькъна, текхна, тIебеанчу ломо… Иштта 1944-чу шеран 23-чу февралехь, сатоссучу хенахь, вайн ерриге а Нохчийчоьнна тIебуьйжира дуьненнал боккха баланийн, къизаллин лам. ТIебуьйжира, аьлча а, Сталина тIебожийра вайн халкъ харцонан берда бухахь дисийта. И де Iовжаме хилла, гуттаренна дагахь дисина вайн къомана. Ирчачу цу бакъдолчух лаьцна дукха яздина вайн заманхоша. Хууш ма-хиллара, 1985-гІа шо кхаччалц дихкина дара оцу хиламах лаьцна яздар. И бакъдерг хьахадар а кхераме лоруш дара. Амма цензурни бехкамаш хеда а беш, халкъан бохамах лаьцна дийца некъаш лоьхура вайн заманхоша. 1985-чу шаран дуьйна араевлира иттаннаш говзарш, къаьсттина поэтически жанрехь язйинарш. Халкъо олу; «Хи дIадоьду, тIулгаш дуьсу». Иза бакъ ду. Хи санна, дIайоьду зама, иштта дIабоьлху и бала шайна гинарш а. 70 шо кхочуш ду вай цIерадаьхна, амма махках, цIийнах, цIарах даьхна и Iаьржа де, тIулг хилла, дисина халкъан иэсехь. Диц лур дац мацалло, шелоно, цамгарша гIелдинчу къомана тIехула Iаьржачу хьаргIанах Iожалла хьийзар. Дицлур дац харцоно хІаллакдина дахарш, вайн къомо лайна Сталинан таIзар. ХIора шарахь 23-гІа февраль тIекхочуш, карладолу и де, 70 шо хьалха вайнахана тIехь хIоьттинчу къематдийне вай юхадуьгуш.
Хьайбах, Моцкъара, Нашха…Багийна, белла нах дIабохка каш даккха стаг воцуш бисина. Барз боцуш, чурт доцуш дисина декъий. Доккха къематде хилла махкана тIехIоьттинарг. Хийла йиша-ваша, гергарнаш вовшех къестош, даржийна, дохийна, хийрачу махка кхоьссира вайн къам.Цхьа а доьзал, цхьа а стаг ца висина и бохам, керта ца богIуш. Къиза хьийзийра вайн къам Сталинан хьадалчаша. Вай дохош (гергарчара а, юьртахоша а дуьйцуш хезна суна) лаьмнашкарчу наха инзаре халонаш хьегна. ХIетахь дукха адам ма хилла вайн лаьмнашкахь дехаш. Кхузткъаннал сов нохчийн тайпанийн кхерчаш лаьттина меттиг ю иза. Лекхачу лаьмнашна юккъехь хилла вайн дуккха а ярташ, кIотарш. Амма тахана царах дукхахъерш адам ца дехаш, Iуналла деш йоцуш, йоьхна, лаьтта. Цигахь а, Хьайбахахь а санна, цомгаш хилла адамаш дийна доллушехь дагош, дойъуш меттигаш нисъелла. Уьш, и зуламаш, мичахь дина, нийса дийца хуучу нахах цхьаъ вара тхан районан больницехь Iиллина волу цхьа лазархо. Цуьнан цIе Майрбек яра. Казахстанехь шахтехь болх бина вара иза. Вай дохочу хенахь зуда ялоза жиматстаг хилла Майрбек. Вай дохорх лаьцна со цхьацца дагалецамаш гулбеш вуй хиъча, цо дийцира суна, шаьш хIетахь Iийначу ЧІебарлойн кIоштара дохор.
– Лаьмнийн раьгIнаш юккъехь Iуьллуш яра тхан шира Саьрбала юрт,– дуьйцура Майрбека,– Юьртахой оьзда, гIиллакхе, йолуш вовшашца уьйр-марзонаш йолуш бара. Цхьаъ санна собаре бара, сихалла йоцуш. Тхан цIенош аьхка йистехь лаьтташ дара, хено ах йохийначу бIаьвнах дIа а летта. И бIов тхан дайн хилла яра. Тхан дас дозалла дора цунах. Ша хьалха ма-хиллара и дахIотто боккха лаам бара цуьнан. Вай дохоле цхьа бутт хьалха, тхан юьрта баьхкира салтий. ХIора хIусамна шишша-кхоккха кхечира уьш. Тхоьгахь ши оьрси, цхьа гуьржи вара. Тхан да юьртахь лоруш, аьчкан пхьола деш, дика ларош, зоьртала, дегIехь ницкъ болуш стаг вара. Хьаша-да везаш тIеоьцура цо. Иштта лерина лелавора кхо салти а. «Шайн цIахь санна хила шу, хаза, ийза а ца луш, яал аш. Чомехь ца хета шуна?». Цуьнан кхетамехь хьомечу цIечу эскаран векалш ма бара уьш. Немцошца боьдуш тIом боллушехь, хаьттича, эскаран Iамораш дIадахьа дахкийтина шаьш, олура цара. Вай махках доху де герга кхочучу хенахь баккъал а шайн Iамораш марсадехира цара: дийнахь а, буса а шайгахь долу герз а, серло йоккху ракеташ а кхуьйсура. Лаьмнаш декадора. Нах кхеро лелош хиллера иза. Вай цIерадаха цхьа-ши кIира хьалха тхан дас эцна луларчу юьртара лело тоьлла иттех уьстагI балийнера. Уьш бIаьвна чохь гича:
– Зря ты это, батя, – забар ечуха элира Иван цIе йолчу хьаьрсачу оьрсичо. Цу дийнахь, вина де даздеш, тоъал кеп йолуш мелла вара иза.
– Это почему ты так говоришь? – леррина цуьнга хьаьжна, хаьттира тхан дас. Цуьнца бийццал оьрсийн мотт хаьара цунна.
– Послушай, батя, – велакъежира, – у вас скоро, ну очень даже скоро могут быть большие неприятности. Жалко вас… судьба…
– Какой, Иван, неприятности? Ты о чем?- тIевирзира иза.
– Ну… понимаете… я кое-что слышал…Поэтому советую вам всех их разом перерезать и мясо засолить…, – цхьацца дош кхуссуш, кеп йолчуьра дийца гIертара Иван, амма дийца ца ваьхьара. Кхин сов дош цуьнгара даккха ца делча, тхан дас вела а къежна, элира:
– Тебе, Иван, любой зарежу. Ты мой гость. А гостя уважать надо.
ХIетахь махкахвакхар-м дагахь а дацара дена а, я суна а. Со кест-кеста говр-ворданахь, дечиг дан хьуьнах оьхура. Юьртахь хуьлуш болчу синкъерамашкахь а нислора. Наггахъ тхайн хьешашца кехатех а ловзура. Ткъа тхайн да де-дийне мел долу сингатаме гора суна. Цхьа шеко, цхьа синггаттам боссийнера оцу хьаьрсачу салтичо тхан ден даг чу. Цхьана Iуьйранна, гуьржи юьстах а ваьккхина, шеконехь дерг хаьттира дас.
– Да ты не беспокойся, Хазбулат, – ден шеко йойуш, куьг ластийра цо,–Иван в тот день переборщил и поэтому болтал тебе всякую чушь. Мы же тут на ученьях, Скоро нас отправят воевать с фашистами.
– Мелча, шаьш хIун юьйцу а ца хаьа-кх кхарна, – аьлла чувахара тхан да. Цу дийнахь делкъал тIаьхьо тIаьхьа а баьхкина, дIавигира Иван.
– Хазбулат, помяни моё слово,– ала бен ца кхиира иза тхан дега. Цул тIаьхьа тхуна кхин бIаьрга а ца гира иза. ЦIерадаха цхьа-ши де хьалха гIан гина хиллера тхан дена. Тамашийна гIан. Ойланийн чалх кегош, дас и гIан тидар лоьххушехь, тIекхечира 23-чу февралан ирча Iуьйре. Кхана дохадо аьлча, сарахь ерриге а божарий гулбира меттигерчу клубе. Цигахь элира: «Кхана Iуьйранна шу Юккъерчу Азе дIадуьгуш ду. Кечам бе, варий, цхьаъ меттах ма валалаш, валахь, вуьйр ву оха. Цхьаболу божарий (кегий нах) список а хIоттийна, дIа ца бохуьйтуш, цигахь совцийра, гуонах гIарол а хIоттийна. Цаьрца висира сан жимах волу ши ваша а. Со сайн деца цIа ваийтира, дукха хан йоцуш ког лазийна, Iасанца хиларна. Арадевлча, юьртана гуо бина, дIахIиттина салтий бара. Тешнабехк бара иза къиза, ямартлонца, харцонца бина. ДIалаьцначу шина кIантана сагатдеш, тхайн хIуманаш тIе-кIел яхка ца ларийра тхо. Сатоссуш, сихъелла, тIорказ чуьра пайде хIума схьаоьцуш тхан нана йоллуш, автоматаца чуиккхира гуьржи, цунна тIаьхьа – кхин цхьаъ. КхозлагIниг, автомат корах чу а ерзийна лаьттара. Тхо могIа бина дIахIиттийна, цIийнах хьовса буьйлабелира уьш. Тхан ден пенах кхозу топ, ши шаьлта схьаийцира. Сан кисанара урс а дIадаьккхира. Сихо е бохуш, чехадора тхо гуьржичо. Цуьнан аз, хьалха санна, кIеда доцуш, шога дара. Хьалха а ваьккхина, букъа тIехьа нана елхош, схьавелира сан ши ваша. Цу шинга цхьаъ хатта тIевоьдуш волу тхан да, бІостанехьа автомат тоьхна, вожийра. Эццахь собар кхачийна, сан вашас Хизира, бат харцахьаоьккхуьйтуш буй тоьхна, парт- аьлла тIекIелъэккхийтира и динарг. Цо герз тохале, цуьнгара автомат схьаяккха тIехьаьдда волу сан уггаре а жимахволу ваша Таташ, герз тоьхна, вожийра гуьржичо. Цуьнан аьтту варех чекхъяьллера дІаьндарг. Герз долуш хезна, тIаьхьий-хьалхий схьахьаьвдира салтий. Со цу хенахь, гуьржи вожийна, цуьнгара герз схьадаккха гIерташ воллура. Эпсаро мохь хьоькхуш, тIебеттабеллачу салташа тоьттуш-Iуьттуш хьалха а ваьккхина, колхозан хьаьтта схьавалийра сой, сан ваша Хизаррий. ЦIерабаха цигахь гулбеш бара нах. Цхьа хан яьлча, Таташ салаза тIе а виллина, схьакхечира тхан цIеранаш а. Новкъа даха кечдеш, тхо хьаьттахь латтош, дукха цIий дIаихна волу Таташ кIелвисира. « Ва Дела, орцахвалахь! Ас хьан кара вели-кх хIара», – бохуш, шийла мохь оьхура тхан нене. «ЭхI-хIай, цIе йожа хьо белхан делаI»,– бохуш, дог доьхна цуьнга хьоьжура сан да а. ДогIанах йоьлхура сан цхьаъ бен йоцу йиша а. Хьаьттахь тхо лаьтташ, даккхийчу чимашца ло доладелира, амма тхо хьокхий кхийсахь а, новкъадовла дезаш дара. ТIанк-аьлла хьаьтта юьзна дара адам. Цу хьолехь а цхьаболчара шайн забарш ца юьтура.Тхуна юккъехь вара хIинццалц тхан колхозан председатель лаьттина волу ГIишлакъа».
ГІишлакъа, – элира цхаммо,– тахана-м ца деза вайн балха арадовла? Юххехь лаьттарш бийлабелира. «Вай балхахь ца хета хьуна, ва хьенех? Кхул боккха болх, кхул боккха бохам гина вац со», – забар йоцуш дуьхьал вистхилира ГIишлакъа. «Йо Везан Дела,– ойла йора ас хIун гIуда хьаьрчина хилла те тхох хIара инзаре къиза де тIехIоттал.?».
Салазашца, ворданашца, гIаш, чаккхе а йоцуш, дукха бара ломара охьабогIу нах. Новкъахь Таташ кхелхича, стерчийн ворданара охьа а ваьккхина, эпсаро мохь хьоьккхушшехь, лаьттах дIатаIийра оха. Иза лан а ца делла, цIеххьана бIагор беана бердах яхана, елира тхан нана а. Ша дика лелорна гуьржичо иштта «озабезам» бира тхох. Некъаш гаттий, шера, хала, кхераме дара. Дуккха а нах шайн хIуманаш дIа ца яхьалуш бисира, цара уьш новкъа охьакхуьйсура.
Новкъахь масех ворда а, салаз а Шарой-Органе охьакхачале, бердах яхара, тIехь бераш а, лазархой а болуш. Цу тIера нах дийна ца бисийта царна тIе герз деттара салташа. «Вай, сан Дела!» – бохуш, зударийн маьхьарий, белхарш… Гуонаха бIаьрг тоьхча, гора кегий, 10-15 стаг веха кIотарш. Даьхни лелорна паргIато езарна, иштта охьаховшура нах. ГIашлойн некъаш бен дацара царна тIедоьлхуш. Цигара охьабаха ца белла цхьаболу бахархой, байиъний, багиний бохуш, дуьйцура. Тамашийна, со цецвоккхуш болу кхоллам хилира Сандакха олучу меттехь Iийначу цхьана къоначу зудчун (цуьнан цIе дага ца йогIу суна). Шен майрий, ши беррий салташа дийча, шаьлта Iоьттина, эпсар а вийна, шен кара герз эцна, обарг яьллера иза.
Шуьйта охьакхачале новкъахь буьйса яккха дийзира тхан. Хьоькхучу дарцо, вовшашка кхойкхуш, детта маьхьарий ца хозуьйтура. Шуьйтара «студебеккарш» машенашна тIехь Алда цIерпоштнекъан станце охьабалийра бохийна балош болу нах. Тхуна юккъехь кIезиг дацара цкъа а цIерпоштнекъа тIехула дIасалелла доцу адамаш. Бежанаш санна, киралелочу вагонаш чу доьттина, новкъадехира тхо. ЦIерпошто шина кIиранах сов дIадигира тхо. Тхуна тхаьш мича дуьгу а, маца дIакхочур ду а ца хаьара. Новкъахь цхьаболчара ца баллал бен хIума ца юура, цIанонан гIуллакх хиларна кхоьруш. Адамаш новкъахь гIелдала дуьйлира. Баларш дуьйладелира. ДIакхаьч-кхаьчначу станцехь, охьадохкура беллачийн декъий. Леш берш дукха хьолахь баккхий нах, бераш дара. Леш болчийн узарш лан инзаре хала дара. Тиф олу уьнан лазар кхийтира тхан дена, цул тIаьхьа йишина а. ЦIерадохучу дийнахь катоьхна схаэцна хилла юург чекхъяьллера. Цу шинна оьшург эца, лардеш волчу салтичуьнгара пурба доцуш, вагон тIера охьавосса йиш яцара. Ткъа цо шега хаьттича: «Не положено», – олура. Iаьвдина йоьхь санна хилла, чIениг етташ, хорша оьхуш вара со суо а. Къилба Казахстане, Ленгар олучу меттехь, тхо охьадохучу хенахь вагона тIера кIелависина волу тхайн да охьаваккха гIора дацара соьгахь. Тхо дIадига тIаьхьа баьхкинчара шахтерийн цхьана тишачу барака чу дIанисдира тхо. ДIанисделла дукха хан ялале тхан да, кхин метта ца вогIуш, бакъ дуьнен чу вахара. Ткъа йиша больницера, гIоле а хилла цIа еара. ДIайолаелира кхойтта шарахь лан езаш йолу къиза хан. Сох, шахте балха а вахана, шахтер хилира. Цигахь кхийтира суна силикоз олуш долу лазар. Меца, карахь цхьа буьртиг ялта, даа рицкъа доцуш, хийцина юха бедар йоцуш, яьккхира цхьа хан. Амма, Далла гуш ду-кх , нехан хIуманна тIе ца кхевдира я сагIа а ца дийхира. Бакъо аьлча, бакъо янне а яцара, комендантана ца хууш юьртара юьрта ваха а, ненан мотт бийца а бакъо яцара. Ларамаза аьлла дош бахьанехь а хан тухура. Юьхьанца меттигера нах цабезамца хьоьжура тхоьга, хIунда аьлча цаьрга дийцинера, тIебогIуш берш мехкан ямартхой бу бохуш. Бакъду, цхьа хан ялча, дика юкъаметтигаш хила юьйлаелира тхан. Цул сов, цигахь вайнехан цхьабарт бара, вовшашка хьожуш, гергарлонаш леладора, дика-вуон цхьаьна доькъура. Альхьамду ЛиллахI! Боккха бу-кх Делан къинхетам.! Дала мехкан Iедалан коьрте Н.С.Хрущев хIоттор бахьана долуш, юха гира суна кхойтта шарахь сатийсина Даймохк. Бакъо яьлча, уггаре хьалха цIа йогIучу тобанца цIа веара со. МеттахIоттийра Нохч- ГIалгIайн республика. Амма суна санна хIара латта, лаьмнаш дезаш, Даймахках хьоьгуш дукха нах дIабевлла вайн цигахь. Церан синош хета суна екхначу буьйсанна стиглахь серладуьйлу седарчий, вайга цхьабарт хилий, вайн Нохчийчоь ларъе, Iалашъе бохуш. Дала декъала хиллачу тобанах тоьхна, Ялсаманин хьаша войла цу кхойтта шарахь вайх дIа мел къаьстинарг, – цу дешнашца шен къамел дерзийра Майрбека.
Доьналла… Ширачу хабаро дийцарехь, хьехахь висинчу жаIуьно оццул болчу бохамна кIел ца сецаш, шен илли аьлла. Иштта вайн къам а дара цу халчу ханна къар ца луш, харцонан берда бухахь ца дуьссуш, цIа дерза некъ лоьхуш. Дала хаза кхаъ кховдабойла вайга – маьршачуй, ирсечуй дахарца. Дохийначу шерашкахь лайна Iазап Дала меле лорийла вайн къомана. И санна дерг кхин цкъа а ма гойла вайна.
Ш.МАКАЛОВ